Тхан гIуллакхаш дукха ма хуьлу

Пхьеро йиллинчу хенал кхо де а тIех долу, цо ша дийр ду аьлла пластикин кораш ца деш. Юха шена и дагадаийтича, ша тIаьхьависарна цхьацца бахьанаш а даладой, кхин а цхьа кIира доьху. Амма кораш тIаккха а дина ца довлу.

Эххар а уьш дохьуш веанчу цуьнга ахь бехк баьккхича, цо олу: «Тхан гIуллакхаш, белхаш дукха ма хуьлу, хIоранна делла дош лардан волахь, тхайчух болх хир бац». Эхь хетар и дара.

Нохчийн гIиллакхца данне а догIуш дац иза. Ша делла дош лардеш воцу стаг нахана кIезиг хета. Цундела, ша вогIур ву аьллехь, шен хеннахь ван веза, ша дийр ду аьлла тIелаьцнарг, йиллинчу хенахь кхочушдан деза, дуьтур ду аьлларг дитина хила деза.

Дош лардарх нохчийн поэта М.Кибиевс хаза аьлла:

Дашо – хазво.

Дашо – вазво.

Сий цо ойъу,

Сий цо дойъу.

Шен дош шен сий дойъуш хуьлийла ца лаахь, ша дош далале, дашца цхьа хIума тIелацале, ойла еш хила веза.

№64, пIераска, хьаьттан (август) беттан 18-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: