Тайп-тайпанчу меттигашкахь белхаш беш бу вайн зударий. Харц хир доцуш, уьш цхьана дийнахь барт бина цIахь севцича, вайн республикера дуккха а белхан меттигаш дIакъовла езар яра. Цхьацца ерш-м дIакъевлича а лазаме ца хила а там бара, амма Музурова Жанета болх беш йолу Соьлжа-ГIалин №24 йолу «почта» Россин дIакъевлича, дуккха а бахархой дан амал доцуш буьсур бара.
Чернобылан а, ОвгIанан а ветеранашца а, Iедало социальни тергамехь латточу бахархошца а болх беш ю Жанета. Хууш ма-хиллара, дахарехь цхьацца халонаш, эшамаш хилла я кхоллам ирсе ца нисбелла адамаш, мелла а хала амал йолуш хуьлу. Цаьрца кIеда-мерза мотт бийцарехь къаьста иза.
– Ас дукхазза а тергам бина Жанетас нахаца бечу белхан, – дийцира Соьлжа-ГIалин яхархочо Бергоева Азас, – эсала, хьастаелла, адамийн ца нисделлачунна ша бехке йолуш санна, бехкала яхана къамел деш хуьлу иза. Суна доллучул а цуьнгахь товш дерг, цIенна нохчийн мотт цо бийцар ду почте баьхкинчу нахаца. Мел чIогIа очваьлла тIевеанарг а Жанетас бохучуьнга дика ладугIий, шен сатедой, дIавоьдуш гина суна. Хийлазза а дагадеана суна: «Ма ирсе доьзал бу хьо чуйоьдург», – аьлла.
1991-чу шарахь Ставропольски крайра Левокумски районехь юккъера школа чекхъяьккхина, Соьлжа-ГIалин хьехархойн училище деша яхара Жанета. ТIеман юьххьехь училище чекхъяьккхина яьллехь а, бераш Iамадар ца нисделира.
– Бераллехь дуьйна а суна-м лор, хирург хила лаьара, – дуьйцу цо, – хIинца и ойла ерриге а дIа ца къаьстина сох. Делан цхьа рицкъ бахьана долуш, хьехархо хила кечам бира ас, амма оцу некъахь а рицкъ ца гира сайн. ХIара пхи шо ду со почтехь болх беш йолу. Схьахетарехь, кхузахь суо карийна суна. Дика масал хилла лаьтта суна тхан куьйгалхо Хасуева Роза. Цхьа чIогIа адамалла шеца йолуш, кIеда-мерза, гIиллакхе, оьзда стаг ю иза. «Клиент даима а бакъ ву», – олу цо. И дешнаш сан белхан некъ гойтуш лаьтта суна.
Балхахь дукха нисло, почтин белхахойх доьзна доцуш, «клиент» цакхетарна, белхахой бехке беш гIуллакх. Кхеран декхар ду тIевеанарг кхето а, цуьнан гIуллакх хила ма-деззара чекхдаккха а. Иза собар а, кхетам а, белхан зеделларг а оьшуш хIума ду. И амалш Жанетехь хиларна кхиамаш бу кхуьнан балха тIехь.
Жанета башхачу доьзалан нана а ю. Кхуьнан йоккхах йолу йоI Марха 9-чу классехь доьшуш ю. Иза тешна ю шех лор хирг хиларх. ШолгIаниг, Милана, нохчийн мотт дукхабезаш а, журналист хила лууш а ю. Ткъа к1ант ИбрахIим, 5-чу классехь бен вацахь а, шен Даймехкан дозалардархо хила лууш а, «суворовец» хила кечлуш а ву.
Дукхахьолахь, муьлхха а болх беш хиларх, вайн къоман зударийн башхачу амалх ду шайн балхана чу садиллина, г1иллакхе, оьзда, к1еда-мерза хилар. Ишттачарех цхьаъ ю Жанета а. Дала могашалла а, ирс-аьтто а ма хадабойла цуьнан дахарехь.
Т.САРАЛИЕВА
Cуьрта т1ехь: Музурова Жанета