Керла спектакль гойтур ю

Вайна ма-хаъара, Нохчийн пачхьалкхан Къоначу хьажархочун театр кест-кеста керла постановкаш хIиттош а, республикин кIошташка гастролаш еш а къахьоьгуш ю.

Шаьш дийриг дерриге а шайн кегийчу хьовсархошна лерина хуьлу церан. Царна коьрта а, мехала а хета шайга хьовсучу берашна шайн спектаклан хьокъехь хетарг.

Иштта, хIокху деношкахь Къоначу хьажархочун театрехь В.Масловн пьеси тIехь хIоттийна «Иван Царевич и серый волк» спектакль, репетицеш чекх а евлла, хьовсархойн кхиэле йилла кечйина. Спектаклан режиссер-постановщик Россин хьакъволу артист Домбровский Вадим ву. Спектаклехь ролаш ловзор ю Тайнигийн театран оьрсийн труппин актераша.

Тайнигийн театран коьртачу режиссера Шахгиреев Рустама дийцарехь, Домбровский Вадим леррина кхайкхина валийна вара Нохчийчу. Берийн самукъадаккхархьама, дукха чIогIа къахьийгира цо. Актерашна ролаш йоькъучу хенахь таро елира хIоранна шен амалца догIуш долу васт харжа а, царах хIоранна а тIехь болх бан а.

Спектаклехь кегийчу хьовсархойн таро хир ю 22 тайниган ловзаре хьажа. Берийн бIаьргашна аьхна а, хазахетар йолчу кепара а сирла а, бес-бесара а духарш долуш, кечйина ю тайнигаш. Репетицеш дIайирзинехь а, спектаклан премьера хинйолу де хIинца а билгалдаьккхина дац.

«Иван Царевич и серый волк» спектаклан режиссер-постановщик а, оцу спектаклехь ролаш ловзон лерина болу актераш а тешна бу,шайн къинхьегам эрна хирг цахиларх, хьовсархошна шаьш хIоттийна спектакль дика хетарг хиларх.

З.ХАСИЕВА

№64, пIераска, хьаьттан (август) беттан 18-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: