Саламов Iабдулхьаьлам

I.Саламов XIX-чу бIешеран хьалхарчу эхехь Нохчийчохь кхоллаеллачу, олуш ма-хиллара, дашочу интеллигенцин векал вара. Нохчийн мехкан патриот, хьанал стаг вара. Цо йоккха хазна юкъайиллира республикехь Iилма, къоман Iилманан кадраш кхиорна. Цунна хаьара тIейогIучу хенахь хиндолчун хьакъ боллу мах хадо а, нийса сацам тIеэца а. Башха хаарш долуш, дика кхетам болуш стаг вара иза.

Саламов Iабдулхьаьлам вина 1899-чу шарахь Шелахь. Дийшира юьртарчу хьуьжарехь а, школехь а. Шиннахьа а дешарехь дика ларавора кIант. Шелахь школин кхо класс бен цахиларна дешар кхидIа Соьлжа-ГIалахь дIадахьа дийзира. Иза цигахь деша дIанисвеш, доккха гIо дира Шеларчу школехь немцойн мотт хьоьхуш хиллачу оьрсийн зудчо. Ерриге а предметашкахула, цхьа а кхин лахара мах хадор доцуш, пхеаннаш долуш, чекхъяьккхира кIанта школа.

Махкахь февралехьлера революци а, цул тIаьхьа Октябрехьлера социалистически революци а хилар бахьана долуш дешар юкъахдаккха дийзира. Нохчийн халкъан дахар тодарна Советийн Iедал гIолехь лерина, иза лардан хIоьттира Iабдулхьаьлам.

1918-чу шеран хьаьттан (август) баттахь Соьлжа-ГIалахь, Гикало коьртехь а волуш, больщевикаша кIайчу гIалагIазкхашна дуьхьал тIом болийча, цо дакъалецира Чурт-ТогIе станицехь царна дуьхьал нохчийн тобано бинчу тIамехь.

1919-гIа шо долалуш Устрада-ГIала, Мескар-Эвла ларъеш, Деникинан ардангашна дуьхьал хиллачу тIемашкахь яккхийчу тоьпийн батарейн командир вара Iабдулхьаьлам.

1920-чу шарахь Къилбаседа Кавказехь Советийн Iедал дIахIоттийначул тIаьхьа I.Саламов Нохчийн ревкоман вовшахтохараллин отделан куьйгалхо хIоттийра.

1923-чу шарахь Москва Малхбален къинхьегамхойн коммунистийн университете деша вахийтира иза. Цигахь дешна ваьллачул тIаьхьа «Серло» газетан редактор хIоттийра.

«Серло» газет нохчийн маттахь арахеца долийна дуьххьарлерниг дара. Цуьнан хьалхара номер арахийцира 1925-чу шеран бекарг (март) беттан 18-чу дийнахь. Шо чекхдолуш газет латинин графики тIера кириллицина тIедаьккхира. Иштта хийцира республикин школашкахь дешар Iаморан йоза а. Оцо сихдира Нохчийчохь йоза-дешар цахаар дIадаккхар.

Ала деза бахархошна керла элпаш, йоза довзийтарехь а, Iаморехь а оцу хенахь, «Серло» газето мехала маьIна лелийна хилар. Оцу гIуллакхехь доккха дакъа дара газетан редакторан Саламов Iабдулхьаьламан а.

1926–1927-чуй шерашкахь I.Саламов Нохчийн облисполкоман оргбюрон заведующи вара. 1929-чу шарахь ВКП (б)-н Къилбаседа Кавказан крайкоман секретариатан сацамца Москва ЦIечу профессурин институте деша вахийтира иза. Цуьнца цхьаьна доьшуш вара Авторханов Iабдурахьман а, тIаьхьа КПСС-н ЦК-н секретарь хилла волу Суслов Михаил а.

«Уьш кхоьа а тIехдика доьшуш вара», яздо «Iилманчийн кхолламаш» цIе йолчу шен книги тIехь Берсанова Залпаа. Уьш институтан хьехархоша а, студенташа а лоруш а, сий деш а бара. Цаьрга ладугIура».

Институтехь дешаран йиъ курс чекхъяьллачул тIаьхьа I.Саламов КПСС-н Нохч-ГIалгIайн обкомо кхайкхина, цIавалийра.

1933-чу шарахь Дагестанан Хасавюьртан МТС-н политотделан хьаькам вахийтира иза. Цул тIаьхьа цхьа шо даьлча Нохчийн 1-чу МТС-н полиотделан хьаькам хIоттийра. Цигахь цо болх бира 1935-чу шеран чиллин (февраль) бутт тIекхаччалц. Ткъа МТС-н полиотделаш партин райкомашца цхьаьнатоьхча, ВКП(б)-н Соьлжа-ГIалин райкоман хьалхара секретарь хIоттийра иза. Цул тIаьхьа I.Саламовс республикин латталелоран нарком (юьртан бахаман министр), тIаккха правительствон Председателан заместитель хилла, белхаш бира.

I.Саламов, Нохчийчохь хилла ца Iаш, ерриге а Къилбаседа Кавказехь а дика вевзаш а, лаккхара сий-ларам болуш а вара. Цунах дозалла дора.

1934-чу шарахь Ленинан орден елира цунна. I.Саламовн цIе тиллира Шелан кIоштарчу цхьана колхозана.

«1935-чу шарахь КПСС-н обкомана «М-1» йолу кхо машен елира, – яздо «Iилманчийн кхолламаш» шен книги тIехь З.Берсановас.

– Царах цхьаъ Саламовна къастийра. Баккхийчара дийцарехь, машен тIехь дуьххьара Шела веанарг I.Саламов вара. Цул хьалха, 1934-чу шарахь, Москвахь Правительствон банкетехь I.Саламовна схьаделира лаккхара совгIат – Ленинан орден. Иштта, М.И. Калинина а шегара совгIат дира цунна – дашо сахьт делира, ткъа К.Е.Ворошиловс – маузер тапча елира цунна. Банкетехь И.В. Сталинца цхьаьнакхетар а хилира. Мехкан куьйгалхочун къамел хилира I.Саламовца а, цуьнан хIусамненаца ПетIаматца а. Сталинца иштта цхьаьнакхетар хьалха а хиллера I.Саламовн.

Амма оцу дерриге а совгIаташа а, сий-ларамо а кIелхьара ца ваьккхира I.Саламов дIадаханчу бIешеран 30-40-чуй шерашкахь махкахь хьаьвзинчу таIзарийн хьерех.

«1936-чу, я 1937-гIа шо долалуш, – дагалоьцу I.Саламовн йоIа Раисас (Iабдулхьаьламан кхо йоI яра), – КПСС н обкоман хьалхарчу секретара Эшбас сан дега элира: «Нохчийчу боккха бохам богIуш бу. Бохаман мархаш дIасайовллалц хьайн доьзалца цхьаьна лаьмнашка дIавахана, 1937-гIа шо чекхдаллалц цигахь Iан веза хьо». Эшба чIогIа тешаш вара сан дех, иза лорура цо, цунах «хьекъалан а, кхетаман а, культурин а хазна», – олура.

Дас цунна жоп делира, пачхьалкхана а, къаьсттина сайн халкъана а хьалха ша цIена а, хьанал а хиларна ша цхьанхьа а дIагIур вац, шена Нохчийчоь а, нохчийн халкъ а даггара деза, Дала яздинарг дерриге а шен халкъаца цхьаьна ша ловр ду, аьлла.

Дас кхочушдира шен дош – иза цхьанхьа а дIа ца вахара, цо дуьззина лайра Сталинан къиза таIзарш».

1937-чу шеран эсаран (октябрь) баттахь лецира I.Саламов а, нохчийн а, гIалгIайн кхиболу куьйгалхой а. Партин обкоман шолгIачу секретарана Х.Вахаевна а, республикин Правительствон председателан заместительна А.Горчхановна а, I.Саламовна а тоьпаш тоха кхиэл кхайкхийра. Царна и таIзар даран хьокъехь долчу омри тIе куьйгаш яздира И.Сталина а, Г.Жуковс а, А.Ждановс а.

Лецначарна набахтешкахь чIогIа ницкъ бира, амма дийна бисира. I.Саламовна тоьпаш цатохар доьхуш, араяьлла, йоккхах йолу йоI Роза а эцна, Москва яхара Iабдулхьаьламан хIусамнана ПетIамат. Мехах адвокат а лаьцна, Сталине, Калинине, Ворошиловга кехаташ яздира, I.Саламовн цаьрца цхьаьна даьхна суьрташ гайтира, цуьнан шен кабинетехь Ежов волчохь а хилира. Оцу дерриге а гIуллакхаша тоьпаш тохарх кIелхьараваьккхира I.Саламов. Тоьпаш тоха йина кхиэл 10 шо хан тохарца хийцира.

1947-гIа шо чекхдолуш I.Саламов, набахтешкахь 10 шо а даьккхина, паргIатваьлла, цIавеара, аьлча а нохчий махках баьхна, дIабахийтинчохь I.Саламовн доьзал нисбеллачу Чирчик гIалина гена йоццуш йолчу Лакхара Комсомольск поселке кхечира. Цигахь балха а вахара. Чирчик гIалахь ГорОНО-н коьрта бухгалтер, счетовод, учетчик, Гидроэнергетикин техникумехь коьрта бухгалтер Iийра.

1951-чу шарахь, юха а лаьцна, чувоьллира. ХIинца цунна валлалц чохь яккха хан туьйхира.

1953-чу шарахь, Сталин веллачул тIаьхьа, цIавеара Iабдулхьаьлам а, цунна тIаьхьаяхана хилла йолу цуьнан зуда ПетIамат а.

Цул тIаьхьа СаламовгIар Алма-Ата дIабахара. Цигахь Iабдулхьаьламан таро хилира шен дуккха а гергарчу нахаца, доттагIашца цхьаьнакхета а, хIетахь цигахь нохчийн маттахь арахеца долийначу «Къинхьегаман байракх» газетан редакцин коллективах марзо эца а. ХIетахь цигахь белхаш беш бара цIера дахале цуьнан хилла болу доттагIий Музаев Нурди, Хамидов Iабдулла. Цига кест-кеста вогIура яздархо Арсанов СаьIид-Бей.

Республика меттахIоттийначул тIаьхьа хьалха цIабогIучаьрца шен доьзалца цхьаьна Даймахка юхавеара I.Саламов.

1958-гIа шо долалуш Нохч-ГIалгIайн историн, меттан, литературин Iилманан-талламан институтан директор хIоттийра иза.

Цу хенахь хала декхар дара иза. Яц ала мегар долуш яра къоман кадраш, цIерадаьхначохь наггахь болчеран бен таро ца хилира деша а, дешар чекхдаьллачул тIаьхьа иза кIаргдан а. Ледара бара учрежденин материальни бух, дукхах болу белхахой чубаха хIусам а йоцуш бара.

I.Саламовс шен берриге а ницкъаш тIебахийтира институтан болх тобарна, Iилманчаш кечбар лаккхарчу тIегIан тIе даккхарна. Институтан чоьтах еш а, Iедалан меттигерчу органаша къастош а, дуккха а белхахошна хIусамашца кхачо йира йоццачу хенахь.

I.Саламов директор хIоттийначул тIаьхьа, кхо шо даьлча, институто кечйина арахийцира «Нохчийн литературин историн очеркаш», «Нохч-ГIалгIайн литературин историн очерк», оьрсийн маттахь «Нохч-ГIалгIайн литературин историн очерк».

Саламовс кхойтта шарахь куьйгалла дира институтана. Оцу хенахь дикка кхиира нохчийн Iилма, иттаннаш Iилманийн кандидаташ а, докторш а кечбира, арахийцира Iилманийн иттаннаш белхаш. Царах цхьаболчеран автор вара I.Саламов ша а.

Iабдулхьаьлам юкъараллин Iилманаш девзаш хилла ца Iара, бусалба динан Iилма а дика девзара цунна. Оцу декъехь муьлхха а кхетам бала а, хьехам бан а таро йолуш вара иза. Iабдулхьаьлам хьекъале, цIена, хьанал, нийсонна тIехь лаьтташ стаг вара. Оьзда а, доттагIашна а, гергарчарна а, иза вевзачарна а юккъехь лаккхара сий-ларам болуш вара, цIена нохчи вара.

«Саламов Iабдулхьаьлам – цунах лаьцна профессоран Хь.Туркаевн дешнаш даладо «Iилманчийн кхолламаш» балха тIехь цуьнан автора З.Берсановас, – Нохчийн халкъан гоьваьлла волу кIант ву. Цо къонахаллица, шена гIоле ца лоьхуш, тешаме гIуллакх дира шен халкъана. Цуьнан дуьхьа лайра цо ерриге а халонаш, таIзарш, набахтешкахь яккха хан тохар махках ваккхар. Шена са ца лийхира цо, цхьа а хIума а ца гулдира…

Цо шен дегIаца ларйира халкъан дика цIе, оцу гIуллакхна партин гуонашкахь хиллачу шен боккхачу сий-ларамах пайда а оьцуш, кхетош-кхиа а бира, гIо а дира къоначу Iилманчашна».

Саламов Iабдулхьаьлам кхелхина 1978-чу шеран оханан (апрель) беттан 18-чу дийнахь.

С.МАГОМАЕВ

№64, пIераска, хьаьттан (август) беттан 18-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: