А.-Хь.Кадыровн музей-чоь схьайиллина

Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин 66 шо кхачарна лерина дуккха а гIуллакхаш дIадаьхьна хIокху деношкахь вайн республикин Яздархойн союзо.

Церан могIарехь къаьсттина меттиг дIалоцуш дара Теркан кIоштарчу Лаха-Неврехь йолчу яздархочун Мамакаев Iаьрбин музейхь халкъан баьччина А.-Хь.Кадыровн музей-чоь схьаеллар.

Баккъал а деза де хилла дIахIоьттира иза.

Цигахь дакъалаца баьхкира Нохчийчохь дика бевзаш болу политикин, юкъараллин гIуллакххой, яздархой, кхоллараллин интеллигенцин векалш. Царна юкъахь бара ГIалгIайчуьра баьхкина хьеший.

Кхузахь вовшахкхеттачаьрга салам-маршалла а хоттуш, вистхиллачу республикин Яздархойн союзан председателан заместитела, музейн директора Мамакаев Эдуарда билгалдаьккхира Кадыров Ахьмад-Хьаьжа хIокху музейца гергарло лелош хилла хилар а, культура, литература кхиорна цо боккха тидам тIебохуьйтуш хилла хилар а.

Цо елла дуккха а экспонаташ ю музейхь. Уьш а, кхиерш а цхьана чу а гулйина, Ахьмад-Хьаьжин музей-чоь схьаелла дагадеанчу музейн директора и гIуллакх йоццачу хенахь дика чекх а даьккхира.

– Тахана вай кхузахь вовшахкхетта нохчийн халкъан баьччин Кадыров Ахьмад-Хьаьжин музей-чоь схьаелла, – хаийтира Э.Мамакаевс.

Цул тIаьхьа, берриге а хьеший чу а бигна, Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хестош, мовлад а дешна, комаьрша сагIа а даьккхина, музей-чоь схьайоьллуш, цIен аса хадийра. А.-Хь.Кадыровн хьокъехь болу шайн дагалецамаш бовзуьйтуш, къамелаш дира цуьнца цхьаьна болх бинчу Дениев Хасмохьмада, Яхъяев Лечас, цхьамогIа кхечара.

Iеламнаха доIанаш дира Нохчийчохь барт, машар хилийтар, беркат дебор, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин гIазот къобалдар доьхуш.

Юха, цу чохь йолчу экспонаташка хьаьвсира хьеший.

Уьш бIе сов яра. Экспонаташ тIеюьзира ГIалгIайчуьра баьхкинчу хьешаша а, Дениев Хасмохьмада а, кхечара а.

Музейн директорна Э.Мамакаевна даггара баркалла элира кхузахь вовшахкхеттачара Кадыров Ахьмад-Хьаьжин сий деш музей-чоь схьаелларна а, иза тIехдика кечъярна а.

Цхьана тхов кIелахь хаза дIатаръелла музей. Шен заманчохь Мамакаев Iаьрби чохь Iийна цIенош ду уьш. Тахана дерриге а халкъан хазна хилла дIахIиттина и цIенош яздархочун кIант Мамакаев Эдуард бахьана долуш.

С.ХАСАНОВ

№65, шинара, хьаьттан (август) беттан 22-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: