Тепсаевн йоьза мидал
Дукха хан йоццуш Швецин пачхьехь Стокгольмехь чекхъелира. «Спорвегспелан» ц1е йолу греко-римски охьатохархлатарехула йолу чемпионат. Цигахь дакъалоцуш 162 спортсмен вара. Царна юккъехь нохчий а бара.
Дег1ан йозалла 47 кийла йолчу категорехь леташ волу Тепсаев Таймаран турнирехь толамхо хила ялх цхьаьнакхетар д1адахьа дезаш вара. Нохчичо шен хьалхарчу латарехь «туше» ярца атта толам баьккхира. Цул т1аьхьа Таймаран лата дийзира Сертканли Хамзеца. Цуьнца дика-м летара вайн спортсмен, амма шен 1алашоне ца кхачавелира. (Билгалдаккха деза Хамзес оцу чемпионатехь толам баьккхина хилар). И эшам бахьана долуш кхоалг1а меттиг къовсучу тобана юккъехь летира нохчи. Иштта Венгланд Адам эшорца чемпионатехь йоьза мидал яьккхира Тепсаев Таймара.
А.Семенов Россин командина юккъехь
Соьлжа-Г1аларчу «Терекан» защитник Семенов Андрей 2016-чу шарахь хинйолчу Европин чемпионатехь дакъалацарна бакъо йоккхуш хуьлучу квалификацехь ловзур волчу 25 футболистана юкъа вахана.
3-чу сентябрехь Россин вовшахтоьхна команда доттаг1аллин матчехь цхьаьнакхийтира Азербайджанерчу футболисташца. Жам 4:0 долуш толам баьккхира мехкан командо. Цул т1аьхьа. 8-чу сентябрехь отборочни ловзарехь Капелло Фабиос 1уналла деш болу футболисташ шайн ц1ахь цхьаьнакхийтира Лихтенштейнан вовшахтоьхначу командица. Оцу матчехь а вайн футболисташа жам1 4:0 долуш атта толам баьккхира.
Билгаладаккха деза «Терекан» защитник цкъачунна левзина цахилар.
А.АБДУЛАЕВ