Хьаьттан (август) беттан 19-чу дийнахь Нохчийн Республикин Профсоюзийн цIийнехь Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин сийна лерина хIорашеран шахматийн «Профсоюзийн Кубок» аьлла йолу XII-гIа турнир дIаяьхьира.
Иза вовшахтоьхнера Нохчийн Республикин Профсоюзийн Федерацис.
Профсоюзийн Федерацин председатела Солтагереев Хьусайна дийцарехь, турнир дIаяхьаран коьрта Iалашо ю Кадыров Ахьмад-Хьаьжин сий деш хилар, иза дагахь хилар хаийтар.
2005-чу шарахь дIаяьхьна профсоюзаша дуьххьарлера турнир. Цигахь дакъалоцуш 14 шахматист бен ца хилла. Шо шаре мел долу алсамбовлуш бу турнирехь дакъалаца луурш.
Иштта, хIокху шарахь турнирехь дакъалоцуш 32 шахматист вара регионерчу профсоюзийн 14 организацера.
Турнир дIайолаялале хьалха Профсоюзийн цIийнан конференц-залехь кхеташо дIаяьхьира. Цигахь дийцира оцу турниран мехалах лаьцна.
– Профсоюзаша леррина тидам тIе бохуьйтуш ю хIора шарахь дIахьош йолу шахматийн турнир. Вайн халкъан, мехкан дуьхьа шен са ца кхоош, эхарта вирзинчу вайн республикин хьалхарчу Президентана, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин сийна лерина дIахьош иза хиларна. Профсоюзийн хIора декъашхочун аьтто бу цу юкъахь цунна дакъалаца. Толам баьккхина шахматист Кубокца билгал а воккху, иштта цунна мехала совгIаташ а до. ХIокху шарахь совгIаташ ахчанца дан лерина ду тхо, – дийцира Солтагереев Хьусайна.
Турнирехь хьалхара меттиг яьккхинчунна 15 эзар сом, шолгIа – 10 эзар сом, кхоалгIа 5 эзар сомлур ду. ЙоьалгIа меттиг яьккхинчунна 3 эзар сом, пхоьалгIа – 2 эзар сом лур ду.
Цул сов, хIора дакъалацархочунна цхьацца эзар сом а лур ду.
– Хьаьттан (август) беттан 23-чу дийнахь Нохчийчохь дIахьур ду Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин 66 шо кхачарна лерина даздарш. ХIара бутт болабелчахьана дуккха а мероприятеш ю регионехь дIахьош. Ткъа шахматийн турнир дIахьош профсоюзашна юкъахь бен ца хааелла суна. Коьрте болх бойтуш, оьшуш ловзар ду хIара. Герггарчу хенахь Россерчу школашкахь шахматех ловза Iаморан урок а юкъаяккха тарло бохуш а хезна суна. Дела реза хуьлда шуна хIара гIуллакх дIадахьарна, – элира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун гIоьнчас Алиев Тимура.
Нохчийн Республикин Профсоюзийн Шахматийн федерацин президента, турниран суьдхойн коллеггина коьртехь волчу Яндарбиев Руслана йовзийтира шахматийстийн бакъенаш, церан хаттаршна жоьпаш делира.
Цул тIаьхьа, стоьлашна хьалха гулбелира шахматисташ. Кхаж тесначул тIаьхьа, шайн-шайн меттигаш дIалецира цара, цул тIаьхьа вовшашка куьйгаш а делла дIайолийра турнир. 3–4 сахьтехь лаьттира иза. Билгалбевлира толамхой а.
«Профсоюзийн Кубок» яьккхира Халидов Рустама. 2-гIа разряд а елира цунна. ШолгIа меттиг яьккхира Сакаев Iийсас. КхоалгIа – Курбанов Мусас. ЙоьалгIа меттиг Арсамиков Шарана яьккхира, пхоьалгIа – Тушуев Руслана.
Толамхой билгалбевллачул тIаьхьа, бисинчарна юкъахь лотерей ловзийра.
Цигахь билгалбевллачарна совгIаташ дира.
Хь.БАХТАЕВА
№65, шинара, хьаьттан (август) беттан 22-гIа де, 2017 шо