Билгалдаьккхира халкъан баьчча вина де

ХIокху деношкахь Соьлжан кIоштарчу Энахишка (Серноводск) юьртарчу Культурин цIийнехь дIадаьхьира Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа вина 66 шо кхачарна а, «Ахмат» кегийрхойн юкъараллин патриотийн боламан 10 шо кхачарна а лерина цхьаьнакхетар.

Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула волчу министран заместитель Мисирбиев Садо а, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу орденан кавалер, Соьлжан кIоштан куьйгалхо Ханариков Муса а, «Ахмат» кегийрхойн юкъараллин Патриотийн боламан председатель Азизов Мохьмад а, республикин Кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствон меттигерчу декъан хьаькам Исраилов Iалихан а, кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствон Соьлжан кIоштахь йолу векал, Соьлжан кIоштан Кегийрхойн советан куьйгалхо Ибрагимова Малика а, меттигерчу администрацин белхахой а.

Мероприяти вовшахтоьхнарг яра Нохчийн Республикин культурин министерство а, Соьлжан кIоштан администраци а.

«Дийна» уче ярца хьеший тIеийцира «Ахмат» боламан меттигерчу филиалан жигархоша.

Дуккха а дика дешнаш элира кхузахь Кадыров Ахьмад-Хьаьжех а, цуьнан дахаран некъах а лаьцна.

Соьлжан кIоштан администрацин куьйгалхочо Ханариков Мусас, хьешашка маршалла хаьттинчул тIаьхьа, дийцира Кадыров Ахьмад-Хьаьжас нохчийн халкъан а, Россин а исторехь лелийначу маьIнех а, халкъан дуьхьа шен дахар дIадаларх йоккха сийлалла хиларх а лаьцна.

– Россин керлачу исторехь, Кадыров Ахьмад-Хьаьжас санна, ша хьекъале а, хиндерг гуш а политик хиларе терра, бакъдолчунна тIера ца волуш, халкъан дуьхьа шайн дахар дIаделла цхьа а куьйгалхо вац федеральни а, регионан а тIегIанехь. Йоккха сийлалла ю шен мехкан дуьхьа, адамийн паргIатонан дуьхьа шен са дIадалар. Иза вай дагахь латто а деза, – билгалдаьккхира М.Ханариковс.

«Ахмат» кегийрхойн патриотийн юкъараллин боламан председатела Азизов Мохьмада билгалдаьккхира, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин некъ бу шен халкъан дуьхьа гIуллакхдар а, оцу некъа тIехь къахьегар а, тIекхуьуш долу къона чкъор кхетош-кхио даима кийча хилар а.

Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула волчу министран заместитела Мисирбиев Садос лаккхара мах хадийра кIоштан куьйгалло а, кегийрхойн организацийн меттигерчу жигархоша а кегийрхойн политикехула бинчу а, дIахьош болчу а белхан.

– Кегийрхой кхетош-кхиорехь а, уьш тайп-тайпанчу мероприятешна, спортана юкъаозорехь а республикин кIошташна юкъахь Соьлжан кIошт тоьллачех ю. Аш кхидIа а, кIад ца луш, къахьоьгург хиларх тешна ву со, – элира С.Мисирбиевс.

«Ахмат» боламан меттигерчу филиалан куьйгалхочо Ибрагимова Маликас видеокийсак а гойтуш дийцира Соьлжан кIоштарчу кегийрхошца шаьш дIабаьхьначу балхах лаьцна.

Сийлаллин грамоташца а, дипломашца а совгIаташ дира «Ахмат» боламан меттигерчу филиалан тоьллачу жигархошна.

Кегийрхошна баркалла элира, цара шайн республикин дуьхьа къахьегарна, иштта уьш кхайкхира, оцу тIехь совца а ца совцуш, шайн хаарш тIедузуш, кхидIа а болх баре.

I.МУРТАЗОВ

№65, шинара, хьаьттан (август) беттан 22-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: