Иракъан Премьер-министра дийцарехь, хIокху деношкахь дIадолийна Талль-Афара «Иблисан пачхьалкхан» гIеранах цIанъяр. ТIеман операци дIаяхьарехь дакъалоцуш ду герзашца кечбинчу ницкъийн дерриге а дакъош. Кхерам болчу меттигашкара ханна дIакхалхийна маьрша бахархой. ТIом хилале хьалха 200 эзар сов стаг вехаш йоккха шахьар яра иза.
***
Шемин пачхьенехь Дамаскехь дIахьош болчу дуьненаюкъарчу гайтамехь дакъалоцуш хиллачарна герзаш диттина «Иблисан пачхьалкхан» гIеранашна юкъарчу зуламхоша. Цигахь 4 стаг кхелхина, 4 стагана чевнаш йина. Зуламхой лохуш бу. Дамаскан Iедало дIахьедина царах цхьа а бекхамах хьалхаволуьйтург цахилар.
***
Хонкаран дозанах дехьавала гIоьртина «Иблисан пачхьалкхана» юкъара 5 террорист хIаллаквина Хонкаран дозанхоша. Цу хьокъехь хаам бинчу мехкан Правительствон куьйгалхочо чIагIдо Шемица долу доза сема лардеш хилар, цхьа а зуламхо шайн махка ца кхачийтарехьа деш гIуллакхаш хилар.
***
Индерчу Бихар штатехь чIогIа догIанаш ихначул тIаьхьа, хиш дистина, ярташка хьаьвдда. Хи тIедалар бахьанехь, лаххара а 200 стаг кхелхина цигахь. БIеннаш цIенош дохийна бисина ярташкара эзарнаш бахархой. Ницкъ кхочучу барамехь царна гIо дан гIерта Iедалан векалш.
***
Мароккон паччахьа набахтешкара шен омрица араваьккхина 400 стаг. Царах дукхахберш терроризм лелорна бехке бина чубоьхкина бара. Цо бинчу къинхетамах кхеташ бац махкара дукхах болу бахархой. Уьш кхоьру террористаша юха а шайн кара герзаш эцарна а, зуламаш дарна а.
***
Къилба Корейхь деш долчу танкера чохь (хIордакема) эккхар хилла. И бахьана долуш 4 стаг кхелхина, масех стагана чевнаш йина. Эккхар хилийтарна бехкениг лохуш, талламан белхаш дIахьош ю махкара бакъонаш ларъяран органаш. Царна хетарехь, теракт яц танкера тIехь йинарг.
***
Россин Президент В.Путин ГIирмехь цхьаьнакхийтира кегийрхойн «Таврида» форуман дакъалацархошца. Мехкан Куьйгалхочо жоьпаш делира кегийрхойн дуккха а хаттаршна. Уьш доьзна дара культура кхиорца, къоначу говзанчашна белхан меттигаш кхолларца, болх бан бегIийла хьелаш хилийтарна кхачоярца, дуккха а кхечуьнца.
***
Тахана ерриге а Россехь билгалдоккхуш ду Россин Пачхьалкхан байракхан де. Цуьнца доьзна даздарш дIахьош ду мехкан ерриге а регионашкахь. Къаьсттина дог-ойла айаяларца даздо и де Нохчийчохь.
***
ЦIеяххана режиссер А.Кончаловскийн 80 шо кхаьчна. Иза юбилейца декъалвира Россин Президента В.Путина а, Премьер-министра Д.Медведевс а. Цара билгалдаьккхира мехкан культура кхиорна цо шен къинхьегаман йоккха хазна юкъайиллина хилар.
***
Ростовн областехь йолчу хьаннашкахь цIерш евлла. Цара дIалаьцна 4,5 эзар гектар сов меттиг. ЦIерашца къийсам латтош ву 1000 сов стаг, 8 кема. Областехь йовха хиларна ма хетта дика дIа ца доьду цIерш яйар. Делахь а, къийсам латтор я дийнахь а, я буьйсанна а сацош дац.
***
Тыва Республикехь некъан-транспортан бохам хилла, ши машен вовшах а кхетта. Машенаш тIехь хиллачарах 6 стаг кхелхина. Царах цхьаъ бер ду. Цуьнца доьзна уголовни гIуллакх долийна. ДIахьош бу таллам баран белхаш.
№65, шинара, хьаьттан (август) беттан 22-гIа де, 2017 шо