Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу Сийлаллин мемориалан комплексехь Россин Федерацин Турпалхочун, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан 66 шо кхочуш хиларна лерина берийн суьртийн «Дуьне – берийн бIаьргашца: сан Нохчийчоь» конкурсан белхийн гайтам схьабиллира.

Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин финансийн министра Тагаев Султана, къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра Умаров Джамбулата, кхечара.
Берийн суьртийн конкурс къаьсттинаа мехала хилар билгалдаьккхира шен къамелехь Тагаев Султана: – Вайна ма-хаъара, Кадыров Ахьмад-Хьаьжина лерина йолу берийн суьртийн конкурс хIора а шарахь дIахьош ю. Билгалъяьккхинчу конкурсехь дакъалаца луурш хIора а шарахь алсамбовлуш бу. Конкурс мехала ю, хIунда аьлча, шен къоман а, халкъан а дуьхьа шен са дIаделлачу Кадыров Ахьмад-Хьаьжина лерина ю иза. Кхин а цхьа хIума билгалдаккха луур дара суна, дукхахболчара цуьнан тидам бина а хир бу, шо-шаре даларца оцу конкурсе луш долу суьрташ къегинчу басаршца дехкина хуьлу. Цо гойту, царна вайн дахар а иштта бIаьрла гуш хилар.
Умаров Джамбулата кхин цкъа а дагадаийтира, нохчийн халкъ даима къахьега лууш а, къахьоьгуш а хилар.
– Гайтаме дехкинчу суьрташка леррина хьаьжира со. Оцу белхашка хьаьжча, къаьсттина дика гуш ду вайн бераш похIме хилар. Деккъа цхьа суьрташ хилла ца Iа цара дехкинарш. ХIора а сурт шен-шен чулацам болуш ду. Суна уггаре а чIогIа хазахеттарг, шаьш кегий долушшехь, вайн халкъ къахьега Iемина а, лууш а хилар цара шайн цхьадолчу суьрташкахь гайтар, – бохура цо.
Цул тIаьхьа Тагаев Султана а, Умаров Джамбулата а цIен аса а хадош, схьабиллира берийн суьртийн гайтам. Гайтамехь дакъалаца а баьхкинчеран таро хилира хIора а суьртах бIаьрг тоха. Шайна гиначух а, шайна хазахеттачух а лаьцна хьешийн книги тIехь шайна хетарг яздира Тагаев Султана а, Умаров Джамбулата а.
Дагадаийта лаьа, билгалъяьккхина конкурс хIора а шарахь Нохчийн Республикин финансийн министерствос «Молодежная смена» газетан редакцица цхьаьна вовшахтухуш а, дIахьош а хилар. 5 шарера 14 шаре кхаччалц хенаш йолчу берийн таро хуьлу конкурсехь дакъалаца.
Иштта, оцу конкурсехь Нохчийн Республикин массо а маьIIера бераша хуьлу дакъалоцуш: берийн исбаьхьаллин школашкахь а, Берийн кхоллараллин цIеношкахь а, юкъарчу дешаран учрежденешкахь а Iемаш долу бераш ду уьш. Масала, 2016-чу шарахь дIаяьхьначу берийн суьртийн конкурсе Дагестанера а, Ставрополан крайра а, Германера а берийн белхаш дахкийтинера.
Ткъа хIокху шарахь конкурсе чуделларг дерриге а 200 сурт дара. Кхаа номинацехь дIаяьхьира конкурс. ХIора а номинацехь кхоккха толамхо хир ву, иштта леррина совгIат лур ду уггаре а тоьлла сурт диллинчунна. Россин искусствийн хьакъволу гIуллакхо вевзаш волу суьрташдахкархо Ильясов Адам коьртехь волчу жюрин декъашхоша билгалбохур бу конкурсан толамхой.
Царна дипломаш а, совгIаташ а дIадаларна лерина цхьаьнакхетар финансийн министерствон актови залехь дIадаьхна. Цунах лаьцна деша рогIерчу номерехь.
З.ЛОРСАНОВА
№65, шинара, хьаьттан (август) беттан 22-гIа де, 2017 шо