Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствехь Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа дагалоцуш «Берийн кхолларалла» республикин конкурс ю дIахьош.
Шина муьрах лаьтташ ю иза: хьалхарчу муьрехь Гуьмсан а, Нажи-Юьртан а, Шелковски а, Грозненски а кIошташкарчу бераша дакъалаьцна цигахь.
Пхеа номинацехь шайн корматалла гайтира бераша: илли алар я йиш лакхар, хорехь илли алар я йиш лакхар, байташ ешар, спектаклан кийсак гайтар, сурт диллар.
Оцу конкурсехь дакъалоцуш ду 7 шарера 18 шаре кхаччалц хенаш йолу бераш. Царна юкъахь шена тIе тидам бохуьйтуш яра, Соьлжа-ГIалин №13 йолчу гимназин 7-чу классан дешархо Мусаева Амина. Суртдиллар дукхадезаш ю Амина.
Берашна Кадыров Ахьмад-Хьажин некъ бовзуьйтуш, цаьргахь Даймахке безам кхуллуш, патриотизм кхиор ю конкурсан коьрта Iалашо.
Конкурсан хьалхара мур чекхбаьлла, жамIаш динчул тIаьхьа билгалбохур бу шолгIачу муьрехь (финале) билгалбевлларш.
Конкурсан финал тахана дIахьур ю.
ВЕГИЕВА Макка
№65, шинара, хьаьттан (август) беттан 22-гIа де, 2017 шо