ХIокху деношкахь Соьлжан кIоштан Эна-Хишкарчу «Серноводск-Кавказский» курортехь «Дешаран дикалла лакхаяккхар. Проблемаш а, хиндерг а» темина лерина «горга стол» дIаяьхьира дешаран белхахойн говзалла лакхаяккхаран Нохчийн институтан а, дешаран дикаллин мах хадоран туьшан а векалша.
Мероприятехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министран хьалхара заместитель Тааев Илес, Дешаран белхахойн говзалла лакхаяккхаран нохчийн институтан ректор Эльмурзаева Ганга, республикин школийн директорш а.
Мероприяти вовшахтоьхнарг Нохчийн Республикин юкъарадешаран учрежденийн директорийн цхьаьнакхетаралла яра.
Цхьаьнакхетарехь дийцаре дира масех гIуллакх: юкъараллехь хьехархочун сий-ларам лакхабаккхаран гIуллакхаш дIадахьар а, дийцаре дар а, Нохчийн Республикин дешаран учрежденешна рейтинг яр а.
Нохчийн Республикехь дешаран учрежденешкахь математика хьехаран, Iаморан дикалла лакхаяккхаран проблемаш, 2017–2018-чуй дешаран шерашна план хIотторан проблемаш, Россин Федерацин дешаран а, Iилманан а министран тIаьххьара дIадолораш дийцаре дар.
Школин директорша лаккхахь билгалйинчу темина докладаш а йира, иштта къастийра юкъараллехь хьехархочун а, дешаран белхахойн а сий-ларам лакхабаккхаран а, республикин дешаран учрежденийн дикалла къасторан лехамашкахь дерг а.
– ХIора шарахь кхуьуш а, кхузаманан технологеш евзаш а хила беза республикин хьехархой а. Оцу тIехь хIинцале вайн республико баккхий кхимаш баьхна, – элира Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министран хьалхарчу заместитела Тааев Илеса.
Шен рогIехь, дешаран белхахойн говзалла лакхаяккхаран Нохчийн институтан ректора Эльмурзаева Гангас дийцира пачхьалкхан экзамен дIаяларехь республикехь карарчу хенахь долчу хьолах а, хинболчу хийцамех а лаьцна, хьаьвсира Нохчийн Республикерчу а, Москварчу а дешаран учрежденийн дикалла.
Иштта, цхьаьнакхетаран дакъалацархошна довзийтира Россин Федерацин дешаран а, Iилманан а министерствон тIаьххьара дIадолораш а, дийцира 2017–2018-чуй дешаран шарна дешаран план хIотторан проблемех лаьцна.
I.МУРТАЗОВ
№65, шинара, хьаьттан (август) беттан 22-гIа де, 2017 шо