Кицанаш, аларш

Нехан маж лаца дагадеача хьайниг дIаяша.
***
Шен нана лоручо неханиг а лорур ю.
***
Шен ворданан хьал дена дика хаьа.
***
Шен лаамехь волу стаг ирс долуш ву.
***
Да воцу доьзал – ков доцу керт.
***
Да воцург кхаа дийнахь вилхина, нана йоцург
кхаа шарахь вилхина.
***
Стаг шен дегIан Iу ца хилча, нахала волу.
***
БIаьргашна хьалха дерг го, хьекъална тIехьа дерг го.
***
Дог тIулгал чIогIа а, зезагал экама а ду.
***
Коьрто болх ца бича, когаша эрна къахьоьгу.
***
Мотт Iамал ян белла, эладита дийца ца белла.
***
СагIане марзделла куьг, сагIане а ца сацаделла.

Гулдинарг – С.ХАСАНОВ

№65, шинара, хьаьттан (август) беттан 22-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: