Дагахь доцу хазахетар до режиссера Амиров Александра хIирийн махкахь яьккхинчу «Тэли а,Толи а» исбаьхьаллин фильмо. Иза самукъане комеди ю Кавказехь тахана долчу хьолах лаьцна забарца дуьйцуш.
Бераллехь дуьйна вайна бевза похIме актераш бу фильмехь дакъалоцуш. Гуьржийн актер Кавсадзе Кахи. Иза вайна гинера «Белое солнце пустыни» фильмехь басмачийн баьччин-Iабдуллин васт кхуллуш. Дзиваев Анатолий – Россин хьакъволу артист.
Хетарехь, дукха актераш хир бац Дзиваев Анатолийс санна дукха Россин кинематографехь Сталин Иосифан васташ кхоьллина. РСФСР-н хьакъволу артист, Омаев Дагун ца вевзаш Кавказехь наггахь а стаг хир вац. Иза а ву «Тэли а,Толи а» исбаьхьаллин фильмехь воккхачу стеган Кесаев Базин васт кхуллуш.
ГIараяьлла евза гуьржийн актриса Сараджишвили Нанули яра цхьа башхачу йоккхачу стеган Софикон самукъанечу ролехь.
Иштта дуккха а похIме актераш бу комедехь хьовсархойн самукъадоккхуш. Уьш шина юьртара бахархой бу. Яртийн доза къастош охьадогIуш Арагавка цхьа татол ду. ХIинццалц шина а юьртан юкъара дара Арагавка, цкъа а цхьанна а новкъарло еш дацара. БIешерийн кIоргенера схьа тахане кхаччалц къоьжачу Кавказан оьзда гIиллакхаш лардеш бертахь Iийна яра ши юрт.
Цхьана юьртахь бехаш гуьржий, вукха юьртахь бехаш хIирий белахь а, вуон-дика цхьана дерзадора цара. Дохо йиш йоцуш гергарлонаш, доттIагIалла дара царна юкъахь. Амма СССР йохарца Арагавка хица шина пачхьалкхо ха хIоттийра. Гуьржий цхьаьна агIор бисира, Россин Iуналлехь болу хIирий вукха агIора бисира.
Шина пачхьалкхан куьйгалхойн кхийсарш шогалле йирзича, цхьа а дехьа-сехьа ца волуьйтуш, ха чIагIло. И чIагIалла мискачу адамийн дегнаша тIелоцуш яц. Кавказан халкъашна юкъахь цкъа а хилла доцу мостагIалла Арагавка хица ха чIагIдарх халкъо тIе ца лоцу. Пекъарийн иза тIелоцийла а дац. Дукха хенахь дуьйна захалонаш ду царна юкъахь.
Гуьржичун Кипиани Кахин кIентан кIант Гоча ву хIиричун Кесаев Базин кIентан йоI езаш. Ткъа безамо къона са дагийна езар йолчу ваха араваьлла жима стаг сацаво гIаролехь лаьттачу бIаьхочо. Цо бакъо ца ло Гочина, Гуьржийн мохк битина, Россин дозантIе вала. Амма Гоча къар ца ло. ТIайх ша дехьа ца валийтича, цо хичу чхарш дохкуш гечо доккху йоIана тIекхача. ТIаккха дуьхьал волу хIирийн доза лардеш волу оьрсийн салти, гуьржичо Россин дозан тIе коган буьхьиг баккхахь, ша герз тухург хилар хоуьйту.
Ша гуьржийн тIулгаш тIехь лаьтташ хилар дIахоуьйту Гочас. Дов кхин а гена долу. Гуьржийн тIулгаш Россин
дозанехьа жимачу стага дIатекхадарна реза вац гуьржийн дозанхо Гурам. Цунна гергахь гуьржашна шайн ворхIе дех бисина хIора тIулг а мехала бу. Цо чIагIдарехь иза Iедало гIароле хIоттийна ву, тIулгаш хIунда дуьйцура, цхьа цинц гуьржийн латта а галдолуьйтур дац пачхьалкхан доза шех тешийна мел ду.
ТIаккха девнна тIегулло шина юьртара бахархой. Шайн гуьржийн тIулгаш санна, дежаш хих дехьа девлла Россин уьстагIий а лардахьара, – олий, дов шена тIелоцу Омаев Дагунан турпалхочо Кесаев Базис.
Иштта самукъанечу хоршахь цхьана сохьтехь ткъех минотехь дIайоьду «Тэли а, Толи а» исбаьхьаллин фильм. Шина пачхьалкхан дозанехь мел луьра гIарол делахь а Гочас, берахь дуьйна шена дукхаезаш хилла Кесаев Базин кIентан йоI Сатиник ядайо, нускал далийначу тойне гулло ши юрт.
Цхьана а Iедалан ницкъ кхочур бац кавказхойн амал хийца а, Кавказерчу къаьмнашна юкъа питана таса а. И ойла яра самукъадаларца хьовсархоша тIелаьцначу «Тэли а,Толи а» фильмо кхоьллинарг.
Къаьсттина мехала дара вайн махкахочо РСФСР-н хьакъволчу артиста Омаев Дагуна фильмехь дакъалацар а. ПохIмечу актеран керла кхиам лара мегар ду цо говза кхоьллина Кесаев Базин васт.
ГАЗИЕВА Аза
№65, шинара, хьаьттан (август) беттан 22-гIа де, 2017 шо