Цо даима а дозалла дора шен къомах

Сихъелла йоьду зама. Цуьнан шен некъ бу, адамийн санна. Амма Дала шена тIе биллина некъ, шен дуьнен тIе валар эрна ца хилийта, оьзда хилийта, адамашна пайден хилийта дуккха а ницкъ а, доьналла а оьшу. Ас-со бахарх толур дац хIумма а, цул гIолехь ду ша дечу гIуллакхашца дош кхочуш деш хилар. Шегара дукъ дIа а теттина, ша дан дезачунна юьстах а ваьлла, кхечо дина дика дийцарх тоам хилла Iен ца веза цхьа а стаг, къаьсттина, Iедалан даржехь иза велахь.

Хьалха заманашкахь бер дуьнен чу даьлча олуш хилла вайн дайша: «ЙоI иза елахь – маьрша, ирс дохьуш йогIийла, ткъа кIант – къонах хилла вогIийла». ХIун ду те къонах бохург? Мила ву иза къонах хила хьекъал а, ницкъ а, доьналла а тоьаш верг? Къонах нанас буьйцучу матто во.

Иза собаре, хьекъале, ийманехь кхиаво ислам дезаро, нийсо лехаро. Къонах кхиар махкана совгIат ду. Къонах собаре а, оьзда а хуьлу. Собаро хийла дикане кхачийнарг а, юьхьIаьржонах ларвинарг а ву. Собар цахилар, ойла цаяр ду, ткъа ойла цаяр хьекъална эшна хилар ду.

Мел чIогIа собар хилла вайн республикин хьалхарчу Президентехь А.-Хь.Кадыровгахь. Гуттар а вайн халкъе кхойкхура иза собаре хила бохуш. Хьан-хьаннах теший ма баккха шаьш дохко дохур долу ког. ХIума хуучарех дагадовла, шеко кхуллучу новкъа нислахь.

Уггаре а халачу муьрехь, массо а агIор вайн Даймахкана ницкъ хиллачу шерашкахь, къаьсттина 1999-чу шарахь, хIетахь Россин Iедалца девне вуьйлуш, дIахьош берг нийса некъ цахилар кхайкхош, вайн халкъ кхоьссинчу тIе а, кхин а к1оргачу бердах кхосса гIертачу политикашна, тилабеллачу тIемалошна дуьхьал шен цIена, нийса дош олуш, шен сина кхерам боллушехь, лийлира иза.

Ахьмад-Хьаьжин коьрта амал – иза хIума юххера гар дара. Балехь долу, уьдуш лела, бIарзделла шен халкъ а гора цунна. Шеца кIеззиг накъостий бен боцуш, шен кIант Рамзан а волуш, Далла тIе болх а биллина, Ахьмад-Хьаьжас дуьххьара тIом къайкхийра вахабиташка, террористашка . Уьш цецбевлира.

ДагадогIу В.В.Путинца Кремлехь Ахьмад-Хьаьжас дина къамел.

«Нохчийчохь болу къонахий кийча бу дуьненаюкъарчу дIаьвшана дуьхьал бовла, со хир ву-кх царна коьртехь!».

Дицдан ца деза, муьлхачу муьрехь аьлла ду и дешнаш. Уггаре а кхерамечу хенахь. Юха а дицдан ца деза, цо шен хьекъалечу, говзачу дашца, вайн халкъана белла синкхетам: «Россица вайн машар ца хилахь таханлера а, кханалера а де хир дац, бIешерашкахь бинчу тIемаша гайтина вайна иза иштта хилар, вуьшта а хала хан йоккхуш хилла ду вайн къам».

Ахьмад-Хьаьжас и къамел дира нохчийн къоман мостагIчо ямартло яле масех де хьалха, 2004-чу шаран 1-чу майхь, Гуьмсехь районийн куьйгалхошца а, имамашца а хиллачу цхьаьнакхетарехь. Цуьнан къамел кIорггера чулацам болуш дара.

Шен къамелаца цо гайтира, цIена, сирла шовда санна, къаьсташ долу бакъдерг.

«Со политик а вац, поэт а вац. Суна хIокху дахарехь уггаре а коьртаниг сайн халкъана пайдехь хилар ду…», – аьлла Ахьмад-Хьаьжас.

С.ХАМЗАТОВ

№65, шинара, хьаьттан (август) беттан 22-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: