Вайн халкъана барт оьшу

(нохчийн халкъе А.-Хь.Кадыровс бина кхайкхам)

Махкахой!

БIешерашкахь, тIаьхьенаша тIаьхьенашка а кхийдош, вай дозалла дора вайн халкъо шен паргIатонехьа, маршонехьа тIемаш бина хиларх.

Вайн наноша, ага техкош, вайна олура цIеяхханчу Шайх Мансурах, майрачу Биболатах, хьуьнаречу Зандакъарчу Iаьлбиг-Хьаьжех, оьздачу, доьналлечу баьччех Зайтин Шахмирзех, бакъо, нийсо лоьхуш хиллачу Адин Сурхох… лаьцна иллеш.

Вайна тохкура Харачойн Зеламхин, Дудин ИсмаьIалан, Бенойн БойсагIаран, гIарабевллачу, халкъан иэсехь йовр йоцу лар йитинчу дуккха а нохчийн цIерш.

Вайн мехкан истори – иза хаддаза дIахьочу гIаттамийн, къийсамийн, тасадаларийн, тIеман истори ю. Вайн дайн тIеман говзаллаш, хьуьнарш, тIеман Iилманан, исбаьхьаллин говзарийн, фольклоран хазна хуьлий дIахIуьттуш дара.

Иза иштта дара. Со хIуттур вац даррехь дерг дац ала. Суна ца лаьа вайн дайн, дедайн тIеман сийлалла шеконе йилла. ХIунда аьлча, оцу масалшна тIехь дуккха а тIаьхьенаш кхиъна, цу юкъахь со а. Делан лаамца хIокху карзахечу муьрехь нохчийн халкъана хьалха ваьллачу ас, нохчийн халкъ хIаллакьхуьлу я даха дуьсу бохург къаьстачу киртигехь, сайн декхар а лору, дагца лезна бакъо ю аьлла а хета шуьга масех хаттар дан.

Хьалхара хаттар. Цкъа а чекхдовлуш доцу и тIемаш, кегари, гIаттамаш, къийсамаш бахьанехь хIун дика болх хилла цуьнан къиза тIаьхье тахана а ловш долчу вайна, нохчашна?

ШолгIа хаттар. Вайн къоман турпалхойн кешнаш мичахь ду аьлла, церан сий деш, цкъа мукъана а церан кешнашна тIе а хIоьттина, цара гайтинчу сийлахь-даккхийчу хьуьнаршна баркаллин дешнаш аьлла ас, аьлла, дозалла дан йиш йолуш муьлха ву вайх?

КхоалгIа хаттар. Вайн дайн маршо а, паргIато а яккха хилла сатийсам кхочушбан Лекхахинволчо а, историс а, эххар а, аьтто бича вай хIун дира АллахIа бинчу къинхетамах а, нохчийн халкъан тоьллачу кIентийн а, йоIарийн а доза доцуш йолчу майраллех а, доьналлех а?

Суна хаьа, цхьанна а луур дац оцу хаттаршна жоьпаш дала. ХIунда аьлча, царна жоп дала ваьллачо бакъдерг дийца дезар ду. Ткъа и бакъдерг къаьхьа а, инзаре а ду. И бакъдерг вай тахана ловш долу Iазап ду. Иза вайн баьччанийн, тхьамданийн хьекъале ца хиллачу политикин тIаьхье ю. Уьш шайн халкъан ирсе дахар кхолла гIиртина шаьлтанца.

Юкъараллехь деза а, сийлахь а лоруш дара герз, ницкъ, майралла. Халкъалахь уггаре а сий-лараме бара бIаьхой, тIахъаьлла дошлой, говрийн реманаш, жаш, бежанаш лечкъош хилларш. Нохчийн истори юкъа а иштта дахана вай. Ца дахана философаш, хьекъалчаш, хьикматчаш, говзанчаш ду аьлла-м. Цу тайпана адамаш нохчашна юккъехь хIумма а кIезиг ца хиллехь а.

Нохчаша П.Захаровс, М.Эсамбаевс, М.Мамакаевс, кхечара хьокъала доллу дакъа юкъадиллина дуьненан культурин хазнина. Делахь а, царна шайн кхоллараллехь, белхашкахь гайта таро луш хилларг а дар-кха махкахойн хьуьнар, доьналла, майралла.

Вешан милитаристски политикица, кхечу халкъаша дийрриг деш Iан ца лаарца, ваьш Дала хаьржина халкъ ду бохучу харц хьежамашца халкъ бердайисте, хIаллакьхиларан зила тIе кхачийна вай.

Чевнаш хьегIаш, дерина охьадиллинчу нохчийн лаьтта тIехь тахана а адамийн цIий ду Iенаш. Вайн гIаланаш а, ярташ а саьлнашкахь Iоьхкуш ю. Байъинарш, чевнаш йинарш эзарнаш бу.

Адамийн яххьаш тIера белар дIадаьлла. Церан бIаьргаш кхоьлина, царна чохь хаало кханене болчу тешаман суй дIабовш хилар. Вайна тIехIоьттинарг къоман бохам хилла Iаш бац. Къомана тIехIоьттинарг къемата ду.

Дуьненан адамаша тоххарехь битина «Маьлхан ГIала» ян болу социалистийн-утопистийн Жан-Жак Руссон, Оуэнан сирла сатийсамаш. Ткъа вай «Элийн ГIала» яре сатуьйсуш ду. Вайна и ян тIелаьцнера тIаьхьарчу итт шарахь юкъабевллачу къоман туьйранчаша.

Цуьнга хьаьжна ца Iаш, вай оцу халонашца зийна волчу АллахIа, вайна кхин цкъа а таро елла республика керлачу бохамех ларъян, къам лардан. Вайн цхьаъ бен некъ бац.

Нохчашна хаа деза, уьш кхета беза: церан проблемаш, халонаш дIаяхаран догIа Масхадовн а, Басаевн а, Хаттабан муххале а, кисанахь дац.

Нохчийн кхоллам церан шайн карахь бу. Вай дIакъаста деза, хазачу дешнех, кхайкхамех кирхьа а дина, вайн лаьтта тIехь бохамаш беш болчарах.

Бандитийн карах кхелхина, кхелхаш а бу кIоштийн, яртийн администрацийн куьйгалхой, бакъонашларъяран органийн белхахой, Iеламнах…

Дуккха а бераш байлахь дуьсуш ду, наной шайн кIентий, хIусамдай, боцуш буьсуш бу. Амма цу тайппанчу зуламашца истори юханехьа ерзалур яц. Берех а, зударех а кхидIа а камикадзийн могIарш тIедуза тарло.

Амма цо дикачу агIор хийца хIумма а дац. Ткъа церан даррехь я къайлах гIолацар – иза Нохчийчохь ницкъ бар карзахдаккхар ду. Халкъ тIом оьшуш дац. Делахь а, вайн цадезарша вайна юкъа питанан хIу туьйсу, вай вовшашна дуьхь-дуьхьал доху.

Республикехь Iедалан коьрте мила хIотта веза бохуш, политикин дискуссеш ен зама яц таханлерниг. Цу некъа тIехIиттахь, вай хан эрна йойур ю, долийна гIуллакх галдоккхур ду. Вай бакъдерг, долушдерг гуш, цунах кхеташ, цуьнан духе кхуьуш хила деза. Вай кхета деза: вайн национал-радикалаша бохучу кепара нохчийн йозуш йоцу пачхьалкх кхолларна оьшу хьелаш дац юкъараллехь а, цунна гуонаха а.

Яккхийчу пачхьалкхаша (ГIажари, Iусманан импери, Ингалс, Франци, Германи), дуьне декъа гIерташ, массо а хенахь беш хилла машаран а, паргIатонан а хьокъехь болу кхайкхамаш нохчаша чIогIа къобалбора. Цара вайн майра, дагахь хIума доцу махкахой тIеман, гIаттамийн цIерга кхуьйсура. И дарца Росси Кавказера юхаяккха гIертара уьш я иза гIелъян.

Тахана нохчийн халкъана оьшург барт а бу, цхьаалла а ю. Калашниковн автоматана, Макаровн тапчина дуьхьал вай журналистан къолам а, тIулгботтархочун пийсак а, аренашлелорхочун нох а даккха деза. Вуьшта аьлча, герз охьа а диллина, и гIирсаш схьаэца беза.

Лекхачу наж тIера гIаш санна, кхолламан дерачу мохо дуьне ма-дду дIасакхийсина вай. Ас кхайкхам бо Нохчийчуьра дIабаханчаьрга массаьрга а: кху минотехь шу муьлххачу меттехь делахь а, хаалаш, Нохчийчоьнна оьшуш ду шуна шун балхе марзделла куьйгаш, шун ира хьекъал, шун болатан лаам, собар. ДIадаханчун гIалатийн мохь охьатаса беза вай XXI-чу бIешаре гIулч йоккхуш. Кхин мехаллаш ю вай харжа
езаш ерш. Республика денъяр дIадоладала деза вайх хIора а хийцаваларна тIера.

«ТIамо воI ца во, тIамо воI воь» – и дешнаш сан дац, нохчийн халкъан ду. Оцу кицанан кIорггерчу маьIнех кхета деза вай. Кхин а 5, 10,15 шарахь минийн-фугасийн тIом балур бу вайга, республика тIеман а, кегарийн а кIуьрлахь латтош, цхьана а маьIне боцчу цу тIамна керл-керла адамаш юккъе а ийзош. ТIаккха хьан кечбийр бу вайна лоьраш, хьехархой, белхалой, культурин а, искусствон а белхахой.

Долуш долу Iедал чIагIдарца бен (цунна кIела хи дилла а ца гIерташ) нохчашка дуьненна гайталур дац шаьш, тIом бан хиъна ца Iаш, маьрша даха а, дика гIуллакхаш дан а хууш хилар. Дала къинхетам бойла вайх!

Зорбане кечйинарг – С.ДАДАЕВ

№65, шинара, хьаьттан (август) беттан 22-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: