Берашна уллехь карийна шен ирс

Соьлжа-ГIаларчу «Мотылек» берийн бешарчу кхетош-кхиорхочунна Хадисова Миланина берашца карийна шен ирс.

– Бераллехь дуьйна а суьрташ хIитто дуьйлало вай вешан кханенан. Оцу суьрташкахь цхьаболчарна шаьш лоьраш го, вукхарна – хьехархой, кхечарна – артисташ, иштта дIа кхин а. Суна хьалхарчу классехь доьшуш йолчу хенахь дуьйна а, хьехархо я кхетош-кхиорхо хила лаьара. Хьехархочун говзалла суна марзйинарг яра юьхьанцарчу классехь тхуна хьоьхуш хилла йолу Роза Солсаевна (фамили дага ца йогIу). Цо урокехь берашна хьехар хазделира суна. Берашца къамел дар а, царна кIедачу маттахь хьехар а, муьлхха а нана санна, цаьрца собаре хилар а – и дерриге а цуьнгахь дара, – бохура цо.

Шелахь йина а, кхиъна а ю Милана. Циггахь чекхъяьккхира цо №8 йолу школа а. Цул тIаьхьа Соьлжа-ГIаларчу хьехархойн колледже деша яхара.

Дешна яьллачул тIаьхьа, доьзал кхоьллира Миланас. Цул тIаьхьа дикка хан яьлча бен шен Iалашоне ца кхаьчна иза. Шен бераш кегий хиларна, цаьрца чохь Iан дезна цуьнан. Уьш мелла а хьалакхиъча, Соьлжа-ГIаларчу «Мотылек» берийн беша кхетош-кхиорхочун балха яхара.

Баккъал а, берашца йолчу уьйр-марзоно, цаьрца хан яккха лааро, царах кхеташ хиларо бен кхетош-кхиорхо вийриг цахиларх кхийтира Милана. Иштта йолчу цунна башха чолхе хIума а дацара иза. Балха яханчу хьалхарчу дийнахь дуьйна иза дика тIеийцира бераша. Уьш-м кегий ду, делахь а, царна хаьа, шайца цIеначу даггара верг, воцург а, царна дика хаало иза. Иштта, Миланин догцIеналла а, шайца самукъадолуш хилар а хааделира царна.

ХIора а дийнахь балха дог а догIуш, самукъа а долуш йоьду Милана. Балхара сарахь ша цIаеъача, кIадъялар а ца хаало цунна. Болх безаш бар хир ду-кх цуьнан бахьана. ХIора а Iуьйранна ша балха яха арайолуш, шен тобанера хIора а бер ган хьаьгна хуьлу иза.

– Хийлазза, сан тобанехь хилла долу бераш го суна йоьдуш-йогIуш. Сан цIе а йоккхуш, хазахетарца уьш сайна тIебевдча чIогIа хазхета суна. Со гушшехь, церан самукъадалар сайна гича, дагна хьаам хуьлу, – бохура цо.

З.ХАСИЕВА

№65, шинара, хьаьттан (август) беттан 22-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: