Лараме махкахой!

Декъалдо шу Республикин денца – бахархойн барт, цхьаалла хиларан денца!
Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас 15 шо хьалха юкъадаьккхина хIара дерриге а халкъан деза де.
ХIетахь дуьйна товбецан (сентябрь) беттан ялхалгIа де республикин керлачу исторехь деза де хилла дIахIоьттина, цуьнан юьхь дIайолийна нохчийн халкъан баьччас Кадыров Ахьмад-Хьаьжас. Цо цхьаьнатуьйхира дIасаекъаелла йолу юкъаралла, совцийра республикехь лелош хилла зуламаш, къизалла.
Референдум дIаяхьарца дира цо иза. Оцу референдумехь Нохчийчоьнан бахархоша тIеийцира Нохчийн Республикин Коьрта закон, шайн харжам а бира – Россин Федерацина юкъахь даха.
Йохийна хилла регион меттахIотторехь а, цуьнан экономика, социальни дакъа когахIотторехь а нохчийн халкъо баьхна кхиамаш вайн пачхьалкхан дозанел генна арахьа а бевзаш бу. Кавказан жовхIар ду аьлла республикин йоккхуш хилла цIе юхаерзийна вай. Нохчийчоьнна шайн тидам тIебахийтина туристаша а, инвесторша а. Царна гайта хIума а ду вайн. Дахаран дерриге а дакъошкахь бIаьрла гуш бу вайн кхиамаш.
Амма уггаре а коьртаниг ду юкъараллина ша цхьааллин а, нуьцкъалечу а пачхьалкхан юьззина бакъонаш йолу, дIакъасталун доцу дакъа хилар хиъна хилар.
Вайн аьтто баьлла машаре, лулахошца бертахь дахаран ламасташ талха ца деш тIемашна, бохамашна юккъехула чекхдаха, Iалашдан. Вай кхул тIаьхьа а цхьаьнгга а мостагIаллин цIе тосуьйтур яц халкъашна а, динашна а юкъахь!
Вайна Веза а, Сийлахь а Волчо исбаьхьа Iалам долуш, беркате латта долуш мохк белла. ХIун хир ду вайн лаьмнел хаза! ХIун хир ду вайн халкъан ламастел, гIиллакхел, Iадател хаза! Уьш хестийна оьрсийн литературин классикаша Пушкина, Лермонтовс, Толстойс…
Динан буха тIехь девнаш, къийсамаш боцучу махкахь дехаш ду вай. Бахархоша ларам бо кхечу динийн. Вай толам баьккхина терроризмана тIехь, букъасурт кагдина вайн боккха мохк бохо гIоьртинчеран а, динна тIехьа а лечкъаш, вайн халкъ хIаллакдан, цуьнан амал кагъян, башхалла дIаяккха гIертачеран а.
ДIадаханчу шерашкахь дийлийтина гIалаташ кхин дуьйлуьйтур дац вай. Дуккха а къаьмнийн, дуккха а динийн Сийлахь-боккхачу Даймахкана – Россина – юкъахь вайн хиндерг кхуллур ду вай кхидIа а.
Хьомсара махкахой! Лаьа шу маьрша дехийла, шун ондда могашалла хуьлийла, аьтто хуьлийла. Дезачу денца кхин цкъа декъалдо шу!
№70, пIераска, товбецан (сентябрь) беттан 8-гIа де, 2017 шо