Хьомсара махкахой!
Тахана, товбецан (сентябрь) беттан 6-чу дийнахь билгалдоккхуш ду Республикин де (бахархойн барт, цхьаалла хиларан де), цуьнца ас даггара декъалво Нохчийн Республикин Куьйгалхо, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзан а, Нохчийн Республикехь бехаш болу берриге а бахархой а.
Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас 2002-чу шарахь шен Указаца юкъадаьккхина долу и деза де, бакъонца Нохчийн Республика денъяран билгало хилла дIахIоьттина, хIунда аьлча, билггал оцу денна тIера дIадоладелла регионехь машар баран, барт баран, маслаIат даран гIуллакхаш. Ахьмад-Хьаьжа тешна вара халкъ цхьаьнатохаран некъаца бен машар хиларе кхачалург цахиларх.
Юкъараллехь барт хиларе кхачар бахьанехь цхьаъ хилла дIахIоьттинчу нохчийн халкъо 2003-чу шарахь дерриге а халкъан референдумехь историн маьIна долу харжам бира – дукхакъаьмнийн Россина юкъахь даха!
Тахана, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана дIахьош йолу хьекъале, хьикмате политика бахьанехь вайн республикера юкъаралла барт болуш а, цхьаалла йолуш а ю. Нохчийчохь кхиамца кхуьуш ю къаьмнийн культурийн туьшаш. Маьрша а, бертахь а Iаш бу тайп-тайпанчу къаьмнех, тайп-тайпана динаш лелош болу бахархой.
Билгалдаккха деза юьхькIоме долу бакъдерг – тIаьхьарчу шерашкахь вай долчохь ца хааелла къоман а, динан а билгало бахьанехь вовшашца къовсам баьлла меттиг. И саннарг хилла дац. Оцо таро ло вайна тешам боллуш дIахьедан: вайн къоман баьччин халкъ цхьаьнатохаран ойла, Iалашо дахарехь кхиамца кхочушхилла.
Лаьа массеран а ондда могашалла, маьрша, беркате дахар хуьлда, дахарехь ирс-аьтто хуьлда.
№70, пIераска, товбецан (сентябрь) беттан 8-гIа де, 2017 шо