Товбецан (сентябрь) беттан 6-чу дийнахь Нохчийн Республикехь шуьйрра билгалдаьккхира Нохчийн Республикин халкъан бартхиларан а, цхьааллин а де (Нохчийн Республикин де).

Соьлжа-ГIаларчу «Нохчийчоьнан дог» маьждигана хьалха даздаран гулам хилира оцу денна лерина. Цигахь 100 эзар сов стаг вовшахкхийтира.
Дагадоуьйту, товбецан (сентябрь) беттан 6-гIа де Республикин де ду аьлла 15 шо хьалха шен Указаца дIакхайкхийнера Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас. Нохчийн Республикин халкъаш цхьаьнатохаран а, республикехь маьрша дахар дIахIотторан а Iалашонца куьг яздина оцу документана (Указана).
Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Парламентан Председатель Даудов Мохьмад, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхо Усмаев ВахIит, Нохчийн Республикин Правительствон вице-премьер, финансийн министр Тагаев Султан, Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министр Алханов Руслан, Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр Умаров Джамбулат, Iилманан а, кхоллараллин а интеллигенцин векалш, кхиберш.
Гулбеллачаьрга ша вистхуьлуш, Даудов Мохьмада билгалдаьккхира Нохчийн Республикин де – иза Нохчийчоьно зазадаккхаран, кхиаран юьхь хилла хилар.
– Вайн къоман баьчча, Нохчийн Республикин хьалхара Президент Кадыров Ахьмад-Хьаьжа тешна вара цхьаалла а, барт а болчу халкъе бен дуьненаюкъара терроризм эшалург цахиларх а, иштта бен маьрша дахар дIадоло йиш цахиларх а, – элира цо.
Парламентан спикера билгалдаьккхира цул тIаьхьа хиллачу хиламаша Кадыров Ахьмад-Хьаьжас болийна некъ нийса а, цуьнан нийят цIена а хилар гайтина хилар.
– Юкъараллехь бина барт бахьанехь 2003-чу шеран бекарг (март) беттан 23-чу дийнахь дIаяьхьначу дерригхалкъан референдумехь нохчийн халкъо шен харжам бира – дукхакъаьмнийн пачхьалкхехь – Россехь даха лаар къастош. Ахьмад-Хьаьжас вовшахтоьхна йолу команда, тахана Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан коьртехь а волуш, цуьнан кхиаран политикин некъ хьакъ ма-дду дIахьош ю. Нохчийн Республикехь бехаш тайп-тайпанчу къаьмнийн а, динийн а векалш бу. Уьш вовшашца бертахь а, машаре а беха, – элира М.Даудовс.
Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра Умаров Джамбулата дийцира Республикин де – иза регионан дерриге а халкъаш цхьаьнатохаран дезде хилар.
Иштта, Нохчийн Республикин муфтин заместитела Хабзиев Iаьрбис дагаяийтира вайн халкъо тIеман шерашкахь лайна халонаш. Цо билгалдаьккхира нохчий тIом а, сингаттамаш а сихха дIабовларе даима а сатуьйсуш хилла хилар.
Гуламан официальни дакъа чекхдаьллачул тIаьхьа гулбеллачарна лерина нохчийн эстрадин иллиалархоша кечйина концерт гайтира.
Стигала хьалахийцира даккхийчу элпашца «Нохчийн Республикин де – 15 шо» аьлла тIехь яздина долу лоппагаш.
Иштта, делкъа ламазан хан герга йолчу хенахь «Нохчийчоьнан дог» маьждигана юххехь зуькарш а дира.
Цул сов, дезачу дийнан сийнна лерина культурин мероприятеш дIаяьхьира республикин ерриге кIошташкахь а, гIаланашкахь а. Республикин де даздар дерзийра исбаьхьачу шатлакхца.
I.МУРТАЗОВ
№70, пIераска, товбецан (сентябрь) беттан 8-гIа де, 2017 шо