Товбецан (сентябрь) беттан 1-чу дийнахь Соьлжа-ГIаларчу БухIан-Юьртахь даздаран хьолехь схьайиллира Ю.Дешериевн цIарах йолу лингвистикин школа.
Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан, Нохчийн Республикин Парламентан Председатель Даудов Мохьмад, Нохчийн Республикин Правительствон Председатель Эдельгериев Абубакар, Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министр Байханов ИсмаьIал, кхиболу официальни нах.
Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана гулбелларш декъалбира ГIурбанан (Iийд-аль-Адха) дезачу денца. Дешархойн дешарехь кхиамаш а, могашалла а, дерриге а диканиг хилар шена лууш хилар хаийтира цо.
Иштта, республикин Куьйгалхочо билгалдаьккхира, баккхийчу кхиамашка кхачархьама школера дуьйна, кегий долуш дуьйна бераша доггах къахьега дезаш хилар.
ДоIа а дина, даздаран хьолехь цIен аса хадийначул тIаьхьа, Кадыров Рамзана экскурси йира кхузаманан керлачу школин чоьнашкахула.
БухIан-Юьртарчу лингвистикин школехь цхьана сменехь деша таро хир ю 1 200 сов дешархочун. Дийнан шолгIачу эхехь кхузахь болх бийр бу тайп-тайпанчу кружокаша а, секцеша а, иштта, спортан хинан кепех пайдаэца а аьтто хир бу.
Масех спортзал а, бассейн а, скалодром а, йоккха библиотека а, актови зал а ю школехь. Мел оьшучу оборудованица а, йийбарца а, дешаран гIирсашца а кхачойина дешаран учрежденина.
I.ТЕРЛОЕВ
№70, пIераска, товбецан (сентябрь) беттан 8-гIа де, 2017 шо