Шемин Iедалан эскарша тIаьхьарчу шина кIаранах «Иблисан пачхьалкхан» гIеранех паргIатъяьккхина 59 юрт. Ткъа стомара Дейр-эз-Зор шахьарахь йина террористийн чIагIонаш йохийна цара. ДIахьош бу царах гIала цIанъяран тIемаш. Даккхий зенаш хуьлуш, шаьш дIалецначу меттигашкара юхабовлуш бу террористаш. Делахь а, дуьхьало чIогIа йо цара.
***
Кени пачхьалкхехь маьршачу бахархошна тIехь йоккха къизалла латтайо террористийн гIеранаша. Шаьш схьалаьцна хиллачу 4 стагана масех де хьалха тоьпаш тоьхна террористаша. Адамаш кхерорхьама лелош ду цара иштта зуламаш, талораш дар.
***
США-н тIеман ведомствос хIокху деношкахь шайн 4 эзар бIахо хьажийна ОвгIане. Цигахь долчу Iамаркан эскаран барам 14,5 эзар бIахочуьнга дIакхачо дагахь ю США. Оцу махка эскарш хьовсор дIахьо ОвгIанан куьйгалле хоттуш хIума доцуш, дагадовлар доцуш, овгIанхошна хеташдерг хьесапе ца оьцуш.
***
Дуьненахь уггаре а дукха некъан-транспортан бохамаш хуьлуш пачхьалкх ю Инди. Цигахь хIора сахьтехь юккъерчу хьесапехь 17 стаг кхелха некъан-транспортан бохамашкахь, кхин а алсам бу оцу бохамашкахь лазошберш. Оцу хьолаца къийсам дIабахьа цкъачунна ницкъ ца кхочу бакъонаш ларъяран органийн белхахойн.
***
Iамаркан Президента Д.Трампа Великобританин Премьер-министраца Т.Мэйца телефонехула хиллачу къамелехь дIахьедина: «Къилбаседа Корейн куьйгаллица къамелаш дан деза хан чекхъяьлла…», – аьлла. Оцу пачхьалкхана дуьхьал тIом бан безаш хилар къадийра цо, кхин некъ ца карош хьал хилахь.
***
Евросоюзана юкъайогIучу 28 пачхьалкхан векалша шайн тIаьххьара хиллачу кхеташонехь (иза хIора кIиранах хуьлуш ю) барт бина Россина дуьхьал йина санкцеш кхин а 6 баттана яхъян. Россин куьйгалхошца кIеда-мерза хабар дийцахь а, шайн ойла хийцина бац Евросоюзана юкъайогIуш йолчу пачхьалкхийн куьйгалхой. Цунна тоьшалла до церан хиллачу барто а.
***
Россина дуьхьал йинчу санкцешка хьаьжна ца Iаш, Европин мехкашка газ йилларан «Къилбаседан га» («Северный поток»)проект кхочушъяран болх шен рожехь дIахьош бу. Цхьаболу белхаш билгалйинчу хенал дикка хьалха кхочушбан аьтто болу.
***
Мехкан Президента И.Додона шайна бехкам бина хиларе хьаьжна ца Iаш, Молдовин эскарш дакъалоцуш ду НАТО альясан эскарша Украинехь дIахьош долчу тIеман Iаморашкахь. Иштта гIулч яккхарца цара даррехь дIагайтина Президентана муьтIахь цахилар а, Малхбузено тIедожийнарг дийр долуш хилар а.
№70, пIераска, товбецан (сентябрь) беттан 8-гIа де, 2017 шо