Алссам шекар хилийтарехьа

FILES GERMANY EU SUGAT BEET

Нохчийчоьнан агропромышленни комплексан аренашкахь тIетт шорлуш ду шекаран буракаш схьаахкаран а, уьш гIуллакх дан дIаяхьийтар. Дуьххьалд дIадаханчу цхьана кIирнах 190 гектарана гергга алсамбовлла шекаран аьргалла чуэцначу майданийн барам. 4,5 эзар тонна гергга тIекхетта заводе дIакхачийна мерза орамаш.

ДIадаханчу шарца дуьстича, кху шарахь цхьа бIе гектар гергга алсам йолчу майданашкахь кхиийна уьш  тайп-тайпанчу хорманийн бахамашкахь. Царах коьрта дакъа шина предприятина а, шина юкъараллина а кхочу: «Агротехсервис» ГУП-на – 860 гектар, шекар доккхучу заводана – 550, доза тоьхначу жоьпаллин «Стандарт С» юкъараллина – 500,  «Шовда» юкъараллина – 500 гектар. Амма тайп-тайпана  бу цигахь буракийн хьекъаран гайтамаш – цхьана «Стандартехь» бен тоам бойла дац оцу гайтамех: хIокху деношкахь оцу  юкъараллин аренашкарчу хIора гектара тIера чуоьцу 232,7 центнер, «Шовдехь» – 149, «Агротехсервисехь» – 147,3, шекар доккхучу заводо – 113,1 центнер.

10-чу сентябрана болчу хаамаша гойту цкъачунна шекаран аьргалла коьртачу декъана фермерийн бахамашкара, юкъараллашкара, предприятешкара бен заводе кхочуш цахилар.  10,5 эзар тонна сов  буракаш цигахь гулйина. Хьекъар а ду тоъалчу барамехь лакхара – хIора гектара тIера чуоьцу 252,6 центнер.

Кхин цхьаъ ду кхузахь шена тIе тидам бохуьйтуш: чекхдаьллачу кIиранчохь пачхьалкхан керла цхьа а бахам юкъа ца бахана буракаш чуерзорна. Чуэца езарг 477 гектара тIера аьргалла елахь а, 10-чу сентябрана долчу хьолаца Гуьмсан районерчу пачхьалкхан цхьана а бахаман аренашкахь дIа ца долийна и гIуллакхаш.  Изза  хьал ду фермерийн 20 бахамехь а.  Хьалхарчу кIирнах а санна, Грозненски районехь   «Советская Россия» бахамехь бен дIахьош дац уьш чуэцар.

Коьртаниг доллу цхьана а кепара иза царах доьзна цахиларехь. Говзанчаша чIагIдарехь, буракашлелорхой кийча бу аренашка бовла, мерза орамаш чуэца. Дерриге а техниках гIоьртина ду. Цкъачунна  чIогIа тоьаш яц иза республикехь, Нохчийчоьнан куьйгалло оцу гIуллакхана тIехь хаддаза терго латтош елахь а, таро йолчу кепара керла техника эца ахча къастадахь а. ХIетте а тахана буракаш чуоьцуш болчу бахамех хIоранхьа а герггарчу хьесапехь цхьацца комбайн бен ца кхочу. Цундела дукхахберш (дIаяханчу аьхка республикин тайп-тайпанчу хорманийн 46 бахамехь кхиийна буракаш) шайна рагI тIекхачаре хьоьжуш Iан дезаш хуьлу. Цуьнан тIаьхьенаш муха хуьлу бохург а къайле йолуш дац: терзанан барамна тIехь эшам хиларал совнаха, беттанашка дахло аьргалла чуэцар, йочанаш юьйлаелча-м муххале а.

Кхузахь тидам тIебахийта луур ду ишттачу бакъдолчунна а: хIора шарахь алсамйовлуш ю регионехь мерза орамаш кхиорна къастон майданаш, церан хьекъар лакхадаларца цхьаьна алсамболу дукхаллин барам а, доккхуш долу шекар а. Республикин куьйгалло цу тIехь доккха гIо а деш, хаддаза терго латтош хиларан тIаьхье ю иза. Хьовсал шу шаьш. ХIокху тIаьхьарчу шерашкахь юьртан бахаман министерствос бIаьстенан юьххьехь буракаш кхио лаам гайтинчарна маьхза тоьллачу сортех долу хIу а, минеральни удобренеш а къастайо, оьшуш долу кхин гIо а до.

Цу тIехь а чекхйовлуш яц буракашлелорхошна ен гIоленаш. ДIадаханчу шеран гурахь дуьйна бахамийн а, шекар доккхучу заводан а юкъаметтигаш чIагIъяран Iалашонца дIалуш йолчу аьргаллех богIу мах дIабаларан керла кеп а юкъаялийна. ХIинца хIора дийнахь заводе дIакхачош йолчу аьргаллех богIу мах хIора суьйранна дIало бахамна, мерзачу орамашца долчу шекаран проценте хьаьжжина (иза билгалъяккхарехь цхьана а кепара хьем ца хуьлуьйту буракаш тIеоьцучу пунктехь гIуллакх деш йолчу лабораторис),  амма хIора тоннах 1500 соьмал лахара доцуш.

Оцу дерригено а тIеттIа алсамбоккху и культура кхио лууш болчеран барам.  Цу тIехь  къаьсттина йоккха жигаралла гайтина фермерша – дуьххьалдIа цхьана шарахь 14 бахам тIекхетта буракаш кхиош болчарна. Царах дукхахберш хьалхарчу шарахь дуьйна дикка лакхарчу гайтамашка кхача дагахь а бу. Иза къеггина тоьшалла лара мегар ду вайн юьртан бахаман кхин цхьа дакъа а кхиаран новкъа хIуттуш хиларна.

ХIокху терахьашкахь а го иза иштта хилар: мерза орамаш чудерзо долийначу хьалхарчу 12–13 дийнахь царах паргIатъяьхна 643 гектар майданаш. Шекар  доккхучу заводе дIакхачийна 14 эзар тонна гергга.   Агропромышленни комплексехь тахана хIора гектара тIера чуоьцу 215,3 центнер буракаш. Оцу терахьаша дегаойвхо кхуллу чаккхенан жамIаш хаъал лакхара хирг хиларна.

Л.МАГОВ

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: