БIаьрла кхиам
1939-гIа шо. Товбецан (сентябрь) бутт юккъе боьдуш бара Нохч-ГIалгIайн Республикин куьйгалле Кремлера леррина телеграмма кхочуш. Москвахь вовшахтухучу Ерригсоюзан конкурсан хьокъехь хаам барца, халкъан музыкальни гIирсийн тоьлла говзанчаш конкурсехь дакъалаца бахкийтар тIедуьллуш яра иза. Массара билгалдаьккхира конкурсехь дакъалаца ваха хьакъверг Димин Iумар хилар.
ХХ-чу бIешеран 30-чу шерашкахь Къилбаседа Кавказехь гIараваьлла вевзаш пондарча вара иза. Радиохь а, хелхарийн ансамблехь а, къоман театрехь а болх беш а вара Iумар. Пондар лакхарал сов, керла мукъамаш дохуш вара.
Делахь а, цIахь, дай баьхначу лаьтта тIехь пондар лакхар цхьаъ дара, Москвахь вовшахтухучу Ерригсоюзан конкурсехь хьуьнар къовсар, кхин дара. Генна синкIоргенехь шен шеконаш хьулйина, хьаькамаша тIедилларна, Москва ваха новкъавелира вайн махкахо.
1939-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 1-чу дийнахь дIайолийна конкурс 17-чу дийне елира. Жюрин председатель композитор Гаджибеков Узейр вара. СССР-н массо а маьIIера схьагулбелла мукъамийн говзанчаш бара шайн хьуьнарш гойтуш. Конкурсехь дукха номинацеш яра: кехат-пондар, балалайка, домбра, гитара, баян, аккордеон, иштта дIа кхин а.
КIезиг бацара кехат-пондаран говзанчаш. Царах хIора а тешна вара ша хьалхара меттиг йоккхург хиларх. Эххар а, рагI Димин Iумарна тIекхечира. Далла тIе болх биллина, «Бисмилла» даьккхина, юкъавелира вайн махкахо.
Дайн шершира цуьнан пIелгаш пондаран пиллигаш хьадеш. Iанабахара нохчийн къоман шира мукъам, цкъа Кавказан къоьжачу лаьмнел лакхаболий, аьрзунан тайначу хелхарца стигланан Iаьрчашка кхочуш, тIаккха гIергIачу Органан тулгIенех тарлой, мокхазчу бердех хьерчаш. Пондарчин говзалло цецбаьхна хьовсархой дIатийнера, Iадийча санна.
Ша Iаччохь айвелла пондаре ладоьгIуш вара Гаджибеков Узейр. Мукъамийн поппури ерзош Димин Iумара хелхаран йиш лекхча, хевшина Iачуьра каде хьалалелхаш, самукъадаларца тIараш детта бевлира зала чохь берш.
Пондар лекхна ваьлла артист хьалагIаьттича «Браво», «Бис» маьхьарий девлира конкурс дIахьочу зала чохь. Амма вайн махкахо, ладогIархошка болу шен ларам дIагойтуш, байн корта а таIийна, кирхьана тIехьа къайлавелира. Димин Iумаран дахарехь дуьххьара хилла яра иштта йоккха конкурс. Цунна кечамаш беш цо сагатдина хир дацара аьлча нийса дац.
Бакъду, шен гIелвалар а, кIадвалар а цо цхьана дена тоса-м ца далийтира конкурсан программица дан билгалдаьккхинарг юьстах ца даьккхича. Конкурсан лауреатан цIе а, шолгIа меттиг а елира Димин Iумарна. Ткъа суьйранна толамхой концерт яла езаш бара Кремлан концертни залехь. СССР-н куьйгаллера дуккха а хьаькамаш хиллера концерте бахка лерина, Сталин Иосиф хьалха а волуш.
Толамхойн концерт боккхачу кхиамца дIайирзина яьлча, концертан залера араваьлла Iумар Москварчу хьешан цIийнехь шена билгалъяьккхинчу хIусаме дIакхаьчна дукха хан ялале, неI туьйхира. Вайнехан гIиллакхца догIуш ма-хиллара, шена тIе хIума а кхоьллина пондарчас неI схьайиллича, кхерамца ийна цецвалар хьаьдира цуьнан даг чу. НеIарехь лаьтташ Сталин Иосиф а, цуьнан накъостий а бара.
Iаламат луьра хилла СССР-хь ХХ-чу бIешеран 30-гIа шераш. Бехк боцу дукха адамаш, хIаллакдина мур бу иза. Цундела шегара цхьа ледарло яьлла моьттуш воьхнера Iумар. Амма самукъанечу Сталинан бIаьргаша мелла а сапаргIатдаьккхира.
«ЧIогIа самукъадаьккхи ахь сан, махкахо (земляк), – элира паччахьо. – Дукха хан яра суна иштта говза локху Кавказан мукъамаш хазанза! Баркалла хьуна! Кхарна хьалха а юьхькIайчу хIоттий ахь со, Кавказан мукъамийн хазалла гайтина!» – шен накъостий болчу агIор корта
ластийра Сталина.
Иза мелла а къамеле велира Iумарца, оьшург шега схьаала элира. Амма яхь йолу нохчийн дог кийрахь долчу пондарчас, шена хIумма а ца оьшу элира, «Дерриге а долуш ду сан. Партис а, Правительствос а культурина сема терго ярна, – аьлла.
Артиста деллачу жоьпана реза хилла, цуьнан белша тIе куьг тухуш, Iодика а йина, Сталин дIаваха дагахь дIаволавелира. Амма масех гIулч яьккхинчул тIаьхьа, саца а сецна, шен пхьаьрсах долу сахьт схьа а даьккхина, пондарчига дIакховдийра цо. Ахчанах хIума а кховдийра. ТIаккха, Iадийча санна лаьттачу Iумарна, кхин цкъа вела а къежна, дIавахара. ШолгIачу дийнахь, Iуьйранна, Соьлжа-ГIала йогIучу цIерпошта тIе а хиъна, Iумар цIаван новкъавелира.
Соьлжа-ГIала яра турпалхо цIавогIу ларвеш. Газеташ сиха даржийнера Сталина Нохч-ГIалгIайн Республикера веанчу артистаца къамел дина хилар. Цунах долу хабарш вайн махка схьакхаьчнера. Иза гергакхача воьлчахьана, оркестр яра вокзал Iадийна, перронехь болх беш. Дукха зезагаш дохьуш, Нохч-ГIалгIайн Республикин а, Соьлжа-ГIалин а куьйгалхой бара пондарчина дуьхьал баьхкина. Iедалан векалша цхьана кIиранах вадийна лелийра иза, шен хIусаме ца кхочуьйтуш.
Цул сов, хIара цIавирзина дукха хан ялале, Москвара посылка а кхечира. Бахам гулбаллал даьхний оцучохь ца хиллехь а, боккха юьхькIам бара цу заманахь Кремлера иштта совгIат кхачар.
Бераллин шераш
Димин Iумар дуьнен чу ваьлла 1908-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 1-чу дийнахь Нохчийчоьнан уггаре а яккхийчу яртех цхьаъ йолчу Хьалха-МартантIехь. Димин а, цуьнан хIусамненан Айзин а боккхачу доьзалехь массарал жима вара иза. Юьртахь цIе йоккхуш хаза йоI а, говза пондарча а яра Iумаран йоккхах йолу йиша Аружа. Цо пондар локхуш, дукха жимачохь дуьйна ладегIна, вара кIант. Халкъалахь олуш ду: «Хиндолу хьоза бенахь дека».
Хастам хиларо похIма делла стаг, бераллехь дуьйна билгалхуьлу бохург ду иза. Иштта вара Iумар а. ИрахIоьттина волуш цуьнга кара цалацалора Аружин пондар. Делахь а, иза дукха безарна, хиъна Iаччохь, хаахь а, ца хаахь а ийзош самукъадолура цуьнан.
Пондар Iамар гена ца хиллера. Воккха хила воьлча, сема лерса долуш волчу Iумара, цкъа хезча схьалоцура муьлхха а мукъам. Йишас гIо-накъосталла деш, цхьацца чолхе доцу мукъамаш карадерзийра цо. Амма Димина ца лиира кIанта пондар Iамабойла. Цунна товш ца хетара къонахчо кехат-пондар локхуш. Шена самукъаненна дечиг-пондарх пIелг тасар ша дара. Делахь а, и Iумарна хезаш дацара. Цкъа а, шозза а цуьнан карахь пондар болуш тIекхаьчначу дас дов дича, цунна ца гайта керташкахула пондарца хийисте воьдий, Мартан хийистехь, пондар Iамош каравора Iумар кест-кеста.
Дас-нанас хуъа аларх, дуьхьал вистхилла церан дог ца дохош, шен пхийтта шо дузале, кхоччуш кехат-пондар Iамийра кIанта. Цунна тоьшалла ду 1922-чу шеран лахьанан (ноябрь) беттан 30-чу дийнахь хилла доккха той, А.Микоян, С.Орджоникидзе, иштта кхиболу беза хьеший а болуш.
Нохчийчоь автономни область дIакхайкхор а, дуьххьара вайн махкахь радио тасар а билгалдоккхуш, Хьалха-МартантIехь гулбелла бара и хьеший. Къона I.Димаев вара тойнехь пондар локхуш. Оцу дийнахь дуьйна, Хьалха-МартантIерчу радиохь солистан-пондарчин даржехь дIаболало Димин Iумаран къинхьегаман чолхе некъ. КIант балха нисваларо тIеверзийра да а, Iумара сил дукха безаш хаьржинчу дахаран некъана. Ткъа ша иза мел ирсе вара!
Бакъду, деха-м ца лаьттира ирсе денош. 1926-чу шарахь да Дима а, нана Айза а, йоккха хан юккъе ца юлуш, бакъдуьнена доьрзу.
18 шо кхачале байлахь висаро дог Iовжадо цуьнан. Делахь а, юьхьарлаьцначу кхоллараллин некъа тIера гал ца волу иза, мел яккхий халонаш шена тIехIиттарх. Дуьненахь яккха йисинчу ерриге а ханна тасаделла хуьлу цуьнан кехат-пондарца долу гергарло.
Кхиамийн лакхенашка
Керлачу замано деана хийцамийн хIуо, мелла а Iехаваларца къоначу сих хьакхаделла Димин Iумар пондарча хилла Iаш вацара. Дукха хьалхе гучудолу иза массо агIор а хьуьнаре адам хилар. Цо керла мукъамаш доху, цхьацца долчу иллешна дешнаш яздан а гIерта.
ХХ-чу бIешеран 20-чу шерашкахь СССР-н массо а маьIIехь дIадоладо колхозаш яхкар. Нохчийчохь а даьржа и «ун».
Къоман гIиллакхашкахь кхиъначу пондарчина хала дара Советийн Iедалан цхьаболчу кхайкхамех а, дIадолорех а кхета, уьш къобалбина тIелаца. Делахь а, къоначу хенахь муьлххачу а стеган хуьлуш болу дегаайам а, дуьненах, дахарх воккхавер а доцуш ца висира иза.
Жималло кхиайо самукъане ойланаш, сирлачу кханенах йолу дегайовхо а пондарчих хьерчаш хилла хиларна теш хIуьтту Iумаран оцу муьрера кхолларалла. Шен заманан турпалхо вара цу хенахь Хьалха-МартантIерчу колхозан жигархо, СССР-н Лакхарчу Советан депутат хилла Гучигов Iали.
Цунна лерина яьккхина хелхаран йиш яра пондарчин. ТIаьхьуо, цунах «Хьалха-МартантIера яьлла хелхаран йиш» хилира. Кхехкачу керлачу дахаран лехамашна жоп луш къоман иллеш, эшарш кIезиг хиларна, цхьацца могIанаш вовшахдетташ къахьоьгура Iумара. Цо юьхьанца яздина, тIаккха мукъаме дерзийна ду хIара дешнаш:
Схьагуллол, хIай кIентий,
Кху хазчу суьйренца.
Мехкарех бIаьрг тоха,
Хийисте довла вай.
Сийна бай хазбина
Зезагаш ва санна,
Мехкарий ма лаьтта
Вайн хийист хазйина.
1928-чу шарахь Соьлжа-ГIалахь болх дIаболийра радиокомитето. Советийн Iедало кхоьллина радиокомитет декхарийлахь яра шен балхаца мехкан массо а маьIIе кхача, ламанхойн аьрхачу дегнашкахь керлачу замане ховха безам кхион а, нохчийн къоман тIекхуьу чкъор ойланашца, дечу гIуллакхашца КПСС-на, цуьнан баьччина Сталинна муьтIахь хила Iамо.
Ерриге а нохчийн ярташкахь дIахаза безаш бара радион болх. Радио пропагандин мел нуьцкъала герз делахь а, хаддаза цхьа политика юьйцуш Iойла дацара цуьнан. Бахархойн ладогIа дог доуьйту, самукъане программаш хила езара, ладогIархойн дог-ойла ира-карахIоттош, самукъанечу передачийн исбаьхьаьллин тIеIаткъам совбоккхуш, царна тамехь варкъ доккху, зевне мукъамаш хозуьйтуш. Доцца аьлча, тоьлла музыканташ оьшура керла кхоьллинчу радиохь болх бан. Iумаре кхочуш музыкант Къилбаседа Кавказехь вацара.
Цундела 1928-чу шарахь дуьйна радиохь болх бан волало пондарча. Цуьнца циггахь болх дIаболабо Анзорова Балкана, Мандиев Хожас, Дикаев Жунида. Нохчийн кехат-пондара тIехь цара олучу мукъамаша хьалаюзу радион эфир. Къаьсттина самукъадаларца ладугIу вайн махкарчу бахархоша и похIме пондарчаш эфире бевлча. Царна юкъахь а шен башхаллица къаьсташ ду I.Димаевн похIма.
«Пондарна вина ву иза!», – олура цунна халкъалахь. Пондар лакхаран хатI хIунда дуьйцура, ур-атталла цуьнан пондаран аз а девзара вайн махкарчу радиоладогIархошна. Церан лерса хьостуш, ойланаш серлайохуш, даг тIера гIайгIа-бала эккхош, самукъане синхаамаш меттахбохуш декара Iумаран пондаран аз.
ХХ-чу бIешеран 30-чу шерашкахь нохчийн къоман бакъволу турпалхо хиллера цунах. Нохчийчоьнан дозанал генна арахьа евзаш яра цуьнан цIе. Халкъан а, мехкан а дозалла дара иза оцу шерашкахь.
Кхоллараллин лехамашкахь
1935-чу шарахь Москвахь консерватори кхиамца чекхйоккхий, Соьлжа-ГIала цIавоьрзу, тIаьхьуо, Къилбаседа Кавказехь дика вевзаш хилла композитор Мепурнов Георгий. Нохчийн къоман корматаллин музыкин бухбиллархо ларалуш ву композитор. Дукха говзарш ю цуьнан нохчийн халкъан мукъамийн буха тIехь кхоьллина.
Схьавалар гуьржех долу Мепурнов Георгий 1900-чу шарахь Соьлжа-ГIалахь вина, хьалакхиъна вара. Бераллехь дуьйна вайнехан мукъамин исбаьхьаллин йийсарехь а вара. Нохчашна юкъахь дукха доттагIий бара цуьнан. Нохчийн мотт дика хууш, Бадуев СаьIидан уллера хьаша а вара иза. Москвара цIавирзича Iумарца кхоллараллин гергарло тасаделира композиторан.
Оцу гергарлонан буха тIехь кхоллаелира Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан театрехь халкъан музыкальни гIирсийн оркестр. Г.Мепурнов вара цуьнан куьйгалхо, ткъа Iумар солист-пондарча вара. Къоман театран тхов кIел болх бина Iаш яцара оркестр. КIиранах шозза-кхузза Соьлжа-ГIалахь концерташ лора цо. Мерза кхаъ хуьлура соьлжагIалахошна оркестран концерт хиларх болу хаам шайга кхаьчча. Дукхах болу хьовсархой
Iумара кехат-пондар локхуш ладогIа богIура концерте.
1939-чу шарахь, Мепурновн дIадолорца, Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хелхарийн а, эшарийн а ансамбль вовшахтуху Соьлжа-ГIалахь. Оркестр а керла кхоьллиначу ансамбле дехьайоккху. Цундела керла вовшахтоьхначу ансамбле дехьавалар тIедужу Iумарна а. Оркестр а, цуьнан солисташ а дехьабевлла ца Iийра.
Хелхарийн а, эшарийн а ансамбле дIавахара Дакашев Ваха, Садыков Iандарбек, Юсупов Гилани, иштта кхиберш а. Театрехь болх беш хилла Ганукаева Йисита, шен хIусамда Садыков Iандарбек дехьаваьлча, цуьнца цхьаьна ансамблехь пондарчин болх бан дехьаелира йоккха тоба. Амма царна юкъахь а къаьсташ вара Iумар.
Юьхьанца хор яра ансамблехь вайнехан халкъан иллеш олуш, хелхарийн тобанехь 30 стаг вара: 15 кIант, 15 йоI. Хьуьнаре артисташ бара Г.Мепурновс вовшахтоьхначу ансамблехь. Даима а боккхачу кхиамца дIайоьлхуш хилла церан гастролаш тоьшалла ду цунна. Вовшахтоьхна шо а кхачале, Москвахь гастролашкахь хилира ансамбль. Боккхачу ларамца цигахь тIе а лецира.
Димин Iумаран кхолларалло зазахецна мур бара иза. Композиторан говзалла шарйина ваьллера Iумар. Цо язйира: «Лекха лаьмнаш», «Асет», «Юсупан хелхаран йиш», «Баккхийчу нехан хелхаран йиш», «Гуьмсера яьлла хелхаран йиш», «Аружин йиш», «Шерипан хелхаран йиш», «Хьалха-МартантIера яьлла хелхаран йиш», иштта дуккха а кхийолу говзарш.
Массаьрца цхьабосса кIеда-мерза, собаре, гIиллакхе, деэшначунна гIо-накъосталлица гIатта кийча волуш, чекхваьлла пондарча шен дахарехь. Мел сиха воллуш ша хиларх, гена некъ бина гIелвелла хиларх, бевза безачара синкъераме, ловзарга вар тIе дожийча, цкъа а «ХIан-хIа» аьлла дац цо. Цундела, дош-дезар хетара иза макахошна. Цкъа а багара даьлла дош шалхадолуш цуьнгахь цахиларна, бакъволу къонах лорура иза бевза-безачара.
1928-чу шарахь дуьйна Соьлжа-ГIалахь Iаш вара пондарча, амма цкъа а, юьртахошца, Хьалха-МартантIерчу бахархошца уьйр хадийна вац иза. Шена мел боккха иэшам хилахь а, царна оьшучохь, шен ницкъкхочучу кепара накъосталла дина ву. Нохчаллех къилба а дина ваьхна.
1941-чу шеран асаран (июнь) беттан 22-чу дийнахь немцойн фашисташ ямартлонца СССР-на тIелатарца дIаболабелира Сийлахь-боккха Даймехкан тIом. Димин Iумаран дукха доттагIий а, белхан накъостий а мостагIчунна дуьхьал тIаме дIабахара. Цаьрца новкъавала сацам хилла пондарча Iедало цIахь сацийра.
Цу деношкахь Соьлжа-ГIалахь вовшахтухуш яра концертан бригада, ЦIечу Эскаран бIахошна концерташ яла. Цу тобанца хила везаш вара иза а. Тоба вовшахкхетта яларе, цо болх дIаболабаре хьоьжуш ца Iийра хIара. Буьрсачу тIеман турпалхочун Мазаев Маташана лерина керла мукъам баьккхира цо. Иза массарна а тайра.
Кест-кеста радиочухула хезара, концертан бригадо шен болх дIаболийча цуьнан литературин-музыкальни композицина юкъахь пондарчас олуш бара и мукъам.
ТIаьхьуо, гIалгIайн яздархочо Базоркин Идриса пьеса язйира «Капитан Ибрагимов» цIе а йолуш. Массарна хаьара и пьеса М.Мазаевн турпаллаллех лаьцна юйла. Нохчийн къоман театро, изза цIе йолуш, хIоттийначу спектаклана юкъабахара Димаевс баьккхина мукъам, цул сов, ерриге а спектакль яра цуьнан башхачу мукъамашца кечйина.
Иштта, оцу буьрсачу деношкахь яьккхина яра цо «ЦIечу Эскаран марш». Мел халахеташ делахь а, дукха нахана ца хаьа, Россин халкъан артиста Дагаев Валида дIаолуш хилла «Турпалхо Хаважа» илли, СССР-н турпалхо Магомед-Мирзоев Хаваж-Баудди мостагIчух леташ, турпалаллица воьжначу деношкахь, дешнаш яздинарг, царна мукъам баьккхинарг а Димин Iумар вуйла. Луьра тIом кхехкачу аренна Нохчийчоь гена яра аьлла, цхьана а дийнахь садаIа йиш йолуш бацара вайн артисташ. Дийнахь уьш кIоштийн военкоматашна хьалха концерташ луш хуьлура, тIеман ара дIабаха дIаязлучу кегийрхойн дегнаш ира-карахIиттош, церан самукъадоккхуш. Нохч-ГIалгIайн Республикин ерриге а кIошташкахула чекхбевлира вайн артисташ.
Концерташ дийнахь хуьлура. Ткъа суьйранна Соьлжа-ГIала цIабирзинчу артистийн спектакль гайта дезара. ХIинца санна компьютерна тIе пIелг Iоьттича тоьаш хьелаш дацара цу хенахь. Спектаклан тIеIаткъам чIагIбеш, мукъам хазийта пондар лакха безара.
Шина шарахь эхашарахь и болх бира Iумара. Буьрса кхехкаш тIом болуш, Къилбаседа Кавказан массо а маьIIехула чекхваьлла ву ЦIечу Эскаран бIаьхошна хьалха хIитточу концерташкахь дакъалоцуш. Татаев Ваха, Хамидов Iабдулла, Зубайраев ЯрагIи, Дакашев Ваха, Садыков Iандарбек, Эсамбаев Махьмуд, Исаева Асет, Алиева Тамара, Ганукаева Йисита, Исакова Зина, Айдамирова Марьям, иштта дуккха а кхиболу артисташ хилла тIеман хьелашкахь, де-буьйса ца лоьруш, Iумара идийначу некъийн накъостий.
Амма 1944-чу шеран чиллин (февраль) беттан 23-чу дийнан шийлачу Iуьйранна Сталинан хьадалчаша махках даьккхира нохчийн халкъ. Асет а, Iумар а жима ши кIант а эцна делира шийлачу новкъа. Оцу бехачу новкъахь карара дIа ца хоьцуш, лийкхира цо пондар. ЛадугIу йиш лекхча баккхий нах а, зударий а белхош, гуттара а, уьш гена бовла боьлча, хелхаран йиш локхуш. ТIаккха цхьаъ хьалаэккхий, хелхарна юкъахьаьвзара, цунах самукъадолий, шийлачу некъо базбина гIайгIа-бала баййлора.
Ткъех дийнахь бира некъ. Эххар а, цIерпошт Пишпекана гергакхочуш, охьадисса кечамбар тIедиллира царна ха деш болчу салташа. Вагонан корах арахьаьжча, гуобаьккхина Iуьллуш ло дара, вуьшта а Iедалан къизалло шелдина кхеран дегнаш кхоччуш гIоро санна.
Делахь а, Дела воцург накъост воцуш, хийрачу махка кхаьчна Iумар доьналлех ца вуьйхира. Дерриге а дитина, хьалха ша тIенисвеллачу «Сельхозмашиностроение» бахаме кочегаран балха хIоьттира пондарча.
Иза цкъа а вацара къонахчун декхарех къехкаш а, махках валарх шен нуьцкъала амал хийца дагахь а. Алапа долуш балха нисвалар доккха ирс хеташ зама яра вайнахана иза. Юьхьанца, массарна санна, хала дара. Шело, гIело, харцо, Iедалан къизалла лайра. Дукха адам хIаллакьхилира. Делахь а, висинарг дIалела везаш дуьне ду-кх хIара.
Шийлачу ойланийн дарцо ша йийсаре лаьцча, пондар схьаоьцура. Пондаран аз хезча лулахой а чугуллора, эшаро церан бIаьрхиш беснеш ягочу татолашка дерзийча, хелхаран йиш локхура пондарчас.
Хийрачу махкахь а собарца Iуьйшучу сингаттамаша бIаьргаш тIундан доьлча, хелхарца хьошура нохчийн къонахаша шайгара баланаш.
Кавказхойн ансамбль
1946-чу шарахь ГIиргIизойн махкахь, нохчийн яздархочо Хамидов Iабдуллас дукха къахьоьгу «Кавказхойн хелхарийн а, эшарийн а ансамбль» вовшахтухуш. Оцу муьрехь нохчий а, гIалгIай дуьнен чохь хилар а гIуда санна хеташ бара Iедалан векалш. Делахь а, вайнах къар ца лора.
Къоман синъондалла кагъян ницкъ ца кхечира Сталинан хьадалчийн. Цунна къеггина тоьшалла ду I.Хамидовс вовшахтоьхна ансамбль. Цунна юкъабогIуш бара балкхарой, кхарачой, нохчий, гIалгIай. Димаев Iумар массарал а хьалха кхайкхира Iабдуллас ансамблехь болх бан. Верриге а 13 стаг вара цу юкъахь.
Яккхийчу гIаланашкахь концерташ яла бакъо ца лора. Колхозашкахула, совхозашкахула гойтуш яра кавказхоша шайн концерташ. Амма, даима а, клубаш вайнахах юьзна хуьлура. Массара а ца Iебаш ладугIура пондаре, юх-юха пондарча сцени тIе воьхуш.
Кхоччуш шина шарахь болх бойла ца хилира ансамблан. Артистийн къеггина похIма, корматаллин таронаш гIарайийла йоьлча дIакъевлира ансамбль. Амма буьйса хазйинчу седано санна сирла, лар йитира цо вайнехан къоман культурин исторехь.
Нохчийн къоман яхь йолчу кIентех цхьаъ хиллачу Димин Iумаран башха похIма ду и лар серлаяьккхинарг.
Сатоссуш…
1953-чу шарахь Сталин Иосиф кхалхарца, цуьнан хьадалчаша махкаха даьхначу адамийн ойланех дегайовхо хьаьрчира, цIадерза бакъо лург хиларан сатийсам чIагIбеш. Бух боцучу бердах дахча санна, лар йоцуш дайнера, хьалха нохчийн къоман интеллигенцин векалша Сталинан цIарах яздина кехаташ. ХIинца Хрущев Никите яздора цара уьш, шайна Даймахка цIадерза лаар дIахоуьйтуш. Iедал мелла а малделлера. Вайнахана бахарна-бахкарна мелла а паргIато яра.
1955-чу шарахь Казахстанехь «Къинхьегаман байракх» цIе йолуш нохчийн маттахь газет араделира, цунна тIаьххье радиотулгIенашкахь ненан маттахь передачаш хуьлура. КIиранах шозза, пхийтта минотехь хуьлура нохчийн концерт. Iумара пондар локхуш хезча, божарийн бIаьргаш а тIунлора.
Iумаран а, цуьнан хIусамненан Асетан а пхиъ доьзалхо вара. Виъ кIант, цхьа йоI. Кхаа кIантах дуьненна бевза музыканташ хилира, тIаьхьуо.
1957-чу шеран хIутосург (май) беттан хьалхарчу деношкахь пондарча шен доьзал балош Соьлжа-ГIала цIавирзира. Татаев Вахас а, Хамидов Iабдуллас а Алма-Атахь вовшахтоьхначу Нохч-ГIалгIайн Республикин пачхьалкхан хелхарийн а, эшарийн а ансамблан солист-пондарча вара иза.
Цхьана дийнахь а мукъа ца Iаш, ансамблаца болх дIаболийра пондарчас. Дагаев Валид, Магомедов Султан, Шаипов СаьIид, Эдисултанов ШитIа, иштта кхин а белхан керла накъостий кхиабо замано Iумарна уллехь белхаш бан. Ткъа Эсамбаев Махьмудца, Хамхоев Ахьмадца, Айдамирова Маремаца цIера арадахале пондарча белхаш бина вара.
1957-гIа шо чекхдолуш «Нохч-ГIалгIайн хьакъволу артист» сийлахь цIе ло цунна. Ткъа 1961-чу шарахь «Нохч-ГIалгIайн халкъан артист» хуьлу Iумарх. Халкъан артист – иза шен хьаналчу къинхьегаман беркате некъ дIаболийча дуьйна волуш вара.
1961-чу шарахь Iедало кехаташца тIечIагIйира халкъан пондарчин и сийлахь цIе.
1962-чу шарахь цо дакъалоцу вайн махкахочух Эсамбаев Махьмудах Базоркин Идриса сценарий язйина, режиссера Тагизаде Тофика яьккхинчу «Я буду танцевать» фильмехь.
ТIаьххьара шераш
1970-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан филармонехь болх бан кхойкху халкъан артисте Димаев Iумаре. Соьлжа-ГIалахь а, вайн махкарчу кIошташкахь кест-кеста хуьлучу концерташкахь жигара дакъалоцу пондарчас.
Масех шен сольни концерт хуьлу цуьнан Соьлжа-ГIалахь. Даима а боккхачу ларамца тIеоьцу цуьнан концерташ махкахоша. Хетарехь, нохчийн наггахь хIусам хир яцара, «Мелодия» цIе йолчу ерригсоюзан фирмо эзарнашкахь арахоьцучу Iумаран (пластинкех) экъанех, масех чохь йоцуш.
Берриге а лерича, 400 гергга мукъам баьккхина цо. Уьш берриге а къоман хотIехь, халкъан кхоллараллин буха тIехь цIена нохчийн мукъамаш ду.
ХХ-чу бIешеран 60–70-чуй шерашкахь чIогIа даьржина, массарна дукхадезаш дара «Хадижат» цIе йолу Магомедов Султана дIаолу илли. Цуьнан дешнаш яздинарг Димаев Iумар ву.
ЛадогIал ва Хадижат,
ЛадогIарца ойла елахь.
Сайн сил дукха хьо езарна,
Ас яздинчу кху кехате…
Иштта доза доцуш кхоллараллин шуьйра таронаш, къеггина похIма, лаккхара корматалла йолуш пондарча, артист, композитор, къонах вара Димаев Iумар.
1970-чу шарахь вовшахтоьхна Москва дIадахьийтина кехаташ дара республикин куьйгалхоша цунна «РСФСР-н хьакъволу артист» сийлахь цIе тиллар доьхуш.
Амма оцу кехатех дерг къаьстина далале 1972-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 26-чу дийнахь кхин цкъа а ца тохадала, детталучуьра сецира похIмечу пондарчин дог.
64 шо бен дацара цуьнан бакъдуьнена воьрзуш. Дукха хан яц Iумара малх кхетачу дуьненахь яьккхинарг. Лайначу халонаша, халкъе, махке болчу бовхачу безаман шовкъо, чIурам санна, вагийна чекхваьккхира нохчийн къоман башха пондарча.
Делахь а, вайца яха йисина цуьнан башха кхолларалла.
ГАЗИЕВА Аза
№70, пIераска, товбецан (сентябрь) беттан 8-гIа де, 2017 шо