ГIиллакхе ду я дац

Дех-м эхь дацара

РагIу кIелахь, чай молуш Iаш ву доьзалан да (50 шарал тIех иккхина хан хир йолуш стаг). Дехьо пеша хьалха хьийзаш хIусамнана а ю. Бер чохь долу гIудалкх а тоттий, керта йолу кхеран жимах йолу йоI. Дех бIаьрг кхетча а, озаялар доцуш, гIудалкхаца цунна хьалха дIа а хIуттий, «Дада, хьо чай молуш ву? – олуш, дена мараэккха «хьаша».

ГIиллакхе дац иза. Бер а карахь (я гIудалкха чохь) шен дена я кхечу воккхачунна хьалха хIуттур яц нохчийн зуда. Кел арахь гIудалкх а йитина, хIара керта яьллехь, нанас ша, я цхьа бер дахийтина, чоьхьа йоккхур ма яра иза.

Шаьш децIа боьлхуш, иштта жима бер карадала, шайца накъост вуьгуш хилла хьалха зударша – марйиша я андадаьлла шен бер.

Иштта догIуш дац цIахь а, нахана юкъахь муххале а, йоI (я кIант) шен дена маралелхар а.

Нус а мацъелла хиллера

Да а, кIант а ву цхьана стоьла тIехь хIума юуш Iаш. Мардений, хIусамдений хьалха кхача буьллуш нус ю. Божаршна хьалха юург йиллина яьлча, шена а кад буьллий, оццу стоьла тIехь юучух кхета охьахуу иза.

Нус мацъеллачух тера дара.

Нохчийн гIиллакхца догIий те иза? ХIан-хIа, ца догIу. Зударий, божарий цхьаьна шуьне хуьйшуш дац вайн. Мардеца цхьаьна хIума яа хаар-м хIунда дуьйцура, иза волчохь охьахуу яц нус.

Хь.ДОВКАЕВ

№70, пIераска, товбецан (сентябрь) беттан 8-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: