Дукха хан йоццуш Тампере гIалахь (Финляндия) дIаяьхьира греко-римски кепара охьатохархлатарехула кегийрхошлахь хьалхеяккхаран Дуьненаюкъара турнир.
Россин вовшахтоьхначу команди юкъахь вара вайн республикера къона спортсмен Яхъяев Маьхьди. Жима волчу хенахь дуьйна цо греко-римски кепара охьатохархлатарехула говзалла Iамийна ГIойтIарчу спортан школехь.
Маьхьдин дуьххьарлера тренер вара Магамадов Iела. ХIетахь дуьйна лаккхара кхиамаш бохуш схьавогIуш ву иза.
Финляндехь къийсадаларш дIадаьхьира кхаа дийнахь. Яхъяев Маьхьдис кхоалгIа меттиг яьккхира. Дика таронаш йолуш спортсмен ву аьлла билгалваьккхира иза говзанчаша.
З.ШИШХАНОВА
№70, пIераска, товбецан (сентябрь) беттан 8-гIа де, 2017 шо