Терроризмана а, экстремизмана а дуьхьал – къийсам

ХIокху деношкахь Соьлжан кIоштарчу Эна-Хишка (Серноводск) юьртахь терроризмана а, экстремизмана а профилактика яран а, оцу хиламех тIекхуьуш долу къона чкъор лардаран а Iалашонца рогIера мероприяти дIаяьхьира.

«Ахмат» кегийрхойн юкъараллин патриотийн боламан Соьлжан кIоштахь йолчу филиалаца цхьаьна мероприяти вовшахтоьхнарг яра Нохчийн Республикин Кегийрхойн гIуллакхашкахула йолу министерство.

Цигахь дакъа лоцуш вара Соьлжан кIоштан администрацин куьйгалхо Ханариков Муса, Нохчийн Республикин Кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствон Соьлжан кIоштахь йолу векал Ибрагимова Малика, Эна-Хишкарчу а, Эха-Борзерчу а школийн а, Эна-Хишкарчу аграрнитехникин колледжан а, машенаннекъийн техникуман а 100 дешархо.

Терроризмаца а, экстремизмаца а къийсам латторан кхайкхамаш тIехь болчу шайгарчу баннершца Эна-Хишкарчу №1 йолчу школера Байсултанов Iелим-Солтин цIарахчу доккхачу маьждиге кхаччалц гIаш дIабахара кегийрхой.

Цаьрца шен хиллачу цхьаьнакхетарехь Соьлжан кIоштан администрацин куьйгалхочо Ханариков Мусас дийцаре дира кегийрхошна юкъахь терроризмана а, экстремизмана а профилактика яран болх чIагIбаран а, граждански юкъаралла чIагIъяран а, цуьнан сий-ларам лакхабаккхаран а, къаьмнийн юкъаметтигаш тояран а, къаьмнийн культураш кхиоран а гIуллакхаш.

Цо билгалдаьккхира, кегийрхойн юкъаралла, социальни а, гуонахара а хьелаш бахьанехь, уггаре реза дацар а, дуьхьало а хуьлу юкъараллин дакъа хилар.

– Социальни а, политикин а, экономикин а, кхидолу а хьелаш бахьанехь кегийрхойн юкъараллехь атта кхоллало радикальни хьежамаш а, ойланаш а. И бахьанехь вайн къоначу гражданаша террористийн а, экстремистийн а организацийн могIанаш тIедузу. Цара шайн политикин боьха Iалашонаш кхочушъярхьама Iеха а беш, харц новкъа боху Россера кегийрхой, – элира кIоштан куьйгалхочо.

Билгалдаккха догIу тIекхуьуш долу Нохчийн Республикин къона чкъор кхетош-кхиоран хьокъехь йолчу юкъарчу концепцин гурашкахь, кегийрхой шайн Даймохк безаш а, могаш а, ислам а, нохчийн гIиллакхаш а, ламасташ а девзаш а хилийтаран а, уьш терроризмах а, экстремизмах а ларбаран а Iалашонца Соьлжан кIоштахь къоначу чкъурана лерина дуккха а тайп-тайпана мероприятеш дIахьош хилар.

I.ТЕРЛОЕВ

№70, пIераска, товбецан (сентябрь) беттан 8-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: