Нохчийн пачхьалкхан В.Татаевн цIарахчу Культурин а, искусствон а колледжехь дешаран шо дIадоладаларца доьзна даздарш хилира.
Колледжехь, капитальни ремонт еш кечам бинера дешаран керлачу шарна. Оцу даздаршка веанера Культурин министр Дааев Хож-Баудди.
Дешарехь кхиамаш, аьтто хила лаарца колледжан студенташ декъалбира цо. Дешаро кегийрхойн хьовха, муьлххачун а дахарехь лелочу маьIнех лаьцна а элира цо.
– Кхузаманахь Iер-вахарна оьшуш болу ца хилча ца болу кечам бу дешар. Шуна ма-гарра, деша луучарна вайн республикехь кхоьллина дика хьелаш ду. Студенташкара оьшург-дешарехь къахьегар, собаре хилар ду. Дешар колледж я институт чекхъяккхарца дIадоьрзуш дац, зама, Iилма кхуьуш дIайоьдуш ю,цундела даима а лехамехь хила деза вай. Аьтто хуьлда шун дешарехь, дика гIуллакхаш дарехь, – элира
Х.-Б.Дааевс.
Колледжан директора Зубайраева Анжеликас а декъалбира студенташ дешаран шо дIадоладаларца.
Иштта Культурин министрана шайн терго ярна а, оьшучу хIуманна тIехь накъосталла дарна а баркалла элира цо.
Колледжан хьехархойн а, студентийн а дог-ойла дешаран кхиамаш бахарна ира-карахIоттош, дIадирзира даздарш.
З.ХИЗИРОВА
№70, пIераска, товбецан (сентябрь) беттан 8-гIа де, 2017 шо