2017-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 4-чу дийнера 7-чу дийне кхаччалц Юьртан бахаман а, гIуллакхдаран промышленностан а белхахочун денна лерина Россин агропромышленни кIира дIахьур ду Москвахь.
Иза вовшахтухуш ду Россин Федерацин юьртан бахаман министерствос. Ламасте дирзинчу кепехь, юьртабахаман шеран жамIаш а до, Россин агропромышленни комплексан кхиамаш а гойту, Россин юьртабахаман дакъа кхиорна юкъа шайн хазна йиллина болу къинхьегамхой база бо агропромышленни кIиранах.
Цигахь дIахьур бу Россин агропромышленностан «Дашо гуьйре – 2017» гайтам, «Россин АПК-н лидерство: дика кхиамаш муха баха беза» агробизнесфорум, Юьртан бахаман, гIуллакхдаран промышленностан а белхахочун денна лерина даздаран гулам.
Даздаран гIуллакхашкахь дакъалоцу вайн мехкан коьртачу предприятеша, бизнесан а, Iилманан а, экспертийн юкъараллин а, кхечу мехкийн компанийн а векалша, дипломатин векалаллийн белхахоша.
№70, пIераска, товбецан (сентябрь) беттан 8-гIа де, 2017 шо