ХIокху деношкахь Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллаккхийн министра Алханов Руслана министерствон белхахошца оперативни кхеташо дIаяьхьира. Цунах лаьцна хаам бо чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон пресс-службо.
Кхеташонехь дийцаре дира товбецан (сентябрь) беттан 6-чу дийнахь билгалдоккхучу Нохчийн Республикин денна лерина дIахьур долчу даздаршкахь республикин чоьхьарчу гIулаккхийн органаш юкъараллин къепе а, бахархошна кхерамазалла а хилийта кийча хиларан гIуллакх.
Алханов Руслана Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллаккхийн министерствон белхахошна баркалла элира, Къилбаседа Кавказан ерриге а регионашкарчу 1 100 000 стага дакъа а лоцуш, Мьянма пачхьалкхерчу бусалбанийн гIолоцуш Соьлжа-ГIалахь товбецан (сентябрь) беттан 4-чу дийнахь дIаяьхьначу йоккхачу митингехь лаккхарчу тIегIанехь бакъонан низам лардарна.
Министра билгалдаьккхира, полицин белхахоша Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана а, чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон куьйгалло а шайна белла тешам буьззина ларбеш хилар.
Алханов Руслана дагадаийтира Нохчийн Республикин де (я Граждански бартан, цхьааллин, маслаIатан де) Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас шен Указаца 15 шо хьалха дIакхайкхийна хилар.
– Республикин берриге а бахархой цхьаьнатохаран а, регионехь юкъараллин-политикин а, оперативни а хьал а низамца дIахIоттийна хиларан а кхин цхьа тоьшалла ду и деза де, – элира Алханов Руслана.
Министра къаьсттина тидам тIебахийтира полицин белхахойн болх само йолуш а, законца догIуш а хила безарна. Юкъараллехь къепе а, гражданашна кхерамазалла а хилийтаран Iалашонца кхузахь иштта министерствон ницкъаш а, дакъош а шен-шен метте дIасахIиттор а дIадаьхьира. Министра дIа хаийтира полицин берриге а белхахой шайна тIедехкинчу декхаршца сийлаллица ларориг хиларх ша тешна хилар.
I.ГАЙРБЕКОВ
№70, пIераска, товбецан (сентябрь) беттан 8-гIа де, 2017 шо