Пенсионни фондера хаамаш

Массарна а гIо дийр ду

2015-чу шеран 1-чу январехь дуьйна гIуллакх дан доладеллачу пенсийн хьокъехь долчу керлачу законодательствос болх луш волчун бакъо юридически тIечIагIйина шен белхахочуьнца йозанца бина барт а болуш, страховой пенси хIотторан, иза дIадаларан, дIакхачоран хьокъехь дехар дан.

Иза, страховой стаж лоручу хенахь белхан муьраш я кхин гIуллаккхаш Россин Пенсионни фондехь лелош йолчу персонифицированни учетехь болчу хаамашца тIечIагIдо бохург ду.

Цундела, хIора пенсионеран а хьашт хила декхар ду ПФР-хь йолчу шен лицевой счета тIехь стажах, белхан алапех хьакхалуш йолу шен ерриге а бакъонаш буьззинчу барамехь гойтуш хиларе. Цул сов гражданийн къинхьегаман гIуллакхех лаьцна болу хаамаш гулбаран, Iалашбаран автоматизированни системо вайна тешам ло берриге а хаамаш Iалашбина хирг хиларна.

Иза олийла дац гражданинехь шегахь я цунна болх луш волчуьнгахь кехата тIехь долчу документех лаьцна. Цу тIе муьлххачу а хенахь белхан и меттиг дIаяьккхина хила а тарло, документаш архиван учреждене дIа ца луш а дуьсуш.

Документашца электронни кепара гIуллакх даро белхан хан кхоайо. Дукхах болчу пенсионерашна ца хаьа шен хеннахь пенсина кехаташ кечдархьама маца хIун дан деза, пенсионни фонде маца ваха веза. ХIунда аьлча, пенси хIоттадайтархьама дуккха а документаш, справкаш юкъахь йолу дийнна пакет вовшахтоха езаш, хила тарлуш йолу новкъарлонаш хьесапе а оьцуш, пенси ваха цхьа шо хьалха дуьйна кечам дIаболо безаш хиларна.

Нагахь хьалха и документаш гулдан ша гражданин декхарийлахь хиллехь, тахана и декхар законаца иза болх беш волчу организацин кадрийн службина тIедиллина. И бакъо елла волчу кадрийн отделан векала Пенсионни фондана лерина документаш хьалххе кечдо электронни кепехь, ткъа цул тIаьхьа пенсийн гIуллакхийн макеташ тIеэцарна-дIаяларна лерина йолчу лерринчу программни комплексашкахула цига дIадохьуьйту.

Хаамаш дIабохьуьйту, корматаллин электронни куьг яздарх пайда а оьцуш, леррина ларъеш йолчу зIенан телекоммуникационни каналашкахула. Иза дарца шен белхахочунна страховой пенси хIоттор доьхуш, болх луш волчо белхахочун белхан хан а кхоайо, страховани йинчунна шен хеннахь пенсица кхачойийриг хиларна тешам а ло.

ПФР-е муьлха документаш дIадала деза болх луш волчо? Пенси хIоттадайта цо дIаяла еза шегахь долчу документийн копеш: паспорт, СНИЛС, къинхьегаман книга, бIаьхочун билет, цхьамогIа справкаш. Оьшуш меттиг хилахь, цо кхобуш болчеран документаш (бераш даран хьокъехь тоьшаллаш, дешаран учрежденехь очни кепара доьшуш велахь, доьшуш хиларан хьокъехь справкаш), фамили, цIе, ден цIе хийцаран хьокъехь а, кхидолу а документаш.

Карахь дерш теллинчул тIаьхьа,ПФР-н говзанчаша билгалдоккхур ду муьлха документаш тIеоьшу, цунах дерг болх луш волчун векале дIа а хоуьйтур ду. Иштта тидам тIебохуьйтур бу Пенсионни фондана муьлха справкаш эша тарло бохучу гIуллакхна. Иза доьзна ду хинболчу пенсионераша дуккха а меттигашкахь Россин тайп-тайпанчу регионашкахь а, кIошташкахь а, ткъа иштта дозанал арахьа а (СНГ) къахьегна хиларца.

Шайн белхахойх болх луш болчара гIайгIа бечохь Iаламат кIеззиг хуьлу къастийна цхьалха даха дезаш долу гIуллакхаш. Цунна оьшуш долу хаарш долуш волчу организацин кадрийн отделан говзанчас кхачам боллуш кечдийр ду пенси хIотторна оьшу документаш.

ЗIе – кисанахь

Россин Пенсионни фондо 2017-чу шарахь юкъаялийна шен мобильни приложени. Цо таро хуьлуьйту планшетан, я смартфонан гIоьнца ПФР-хь тIеэцарна дIаязвала, геолокацин гIоьнца ПФР-н уггаре а юххехь йолу клиентски служба, я МФЦ каро.

И дерриге а дан йиш ю системина юкъа а ца воьдуш. Дуккха а бегIийлаш кхуллу мобильни приложени юкъаялоро. Масала, цуьнгахула хаа йиш ю шен лицевой счетан хьолах, пенсин баллийн дукхаллех дерг, шена пенси хIотторах, социальни ахча даларх болу хаамаш бовза, ноналлин капиталах мел ахча дисина хаа. ХIора гражданинах шех иза хьакхалуш хиларна билгалбина хаамаш бовза таро хир ю авторизаци йинчул тIаьхьа.

Приложеница болх болорхьама юкъаяло еза деа терахьах лаьтташ йолу пин-код (тIаьхьо цунах пайдаэца безар бу приложеница гIуллакх деш), тIаккха пачхьалкхан хьаштийн порталехь йолчу тIечIагIдинчу учетни йозанан гIоьнца авторизацех чекхвер ву.

Нагахь иза яцахь, www.gosuslugi.ru сайта тIехь регистраци ян еза, ПФР-н клиентски службехь я МФЦ-хь, Россин Почтин а, РосСтелекоман а офисашкахь, хьашташ кхочушдаран лерринчу кхечу туьшашкахь шен учетни йоза тIе а чIагIдеш.

ПФР-н мобильни приложенина тIекхача йиш ю Android и iOS платформашкахь, цунах пайдаэцар маьхза а ду.

Россин Пенсионни фондан Нохчийн Республикехь йолу отделени

№70, пIераска, товбецан (сентябрь) беттан 8-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: