ХIокху деношкахь Соьлжа-ГIаларчу Зорбанан цIийнан актови залехь дIадаьхьира Нохчийн Республикехь хиллачу шина тIамехь доьза байначеран гергарчарна генетикин паспорташ дIадалар.
Цигахь дакъалоцуш вара республикин Куьйгалхо волчохь йолчу Граждански юкъаралла кхиоран а, адамийн бакъонаш ларъяран а советан председатель Алиев Тимур, республикин Муфтин наиб Хабзиев Iаьрби, республикин Экономикин а, юкъараллин а кхерамазаллин советан аппаратан декъан хьаькам Алиев Даналбек, «Суьдан-медицинин экспертизин республикин бюро» пачхьалкхан учрежденин хьаькам Чумаков Масхьуд, Юкъараллин палатин председателан заместитель Каримов Iалу, инарлин Лебедан цIарах йолчу Машарбаран миссин куьйгалхо Мукомолов Александр, республикехьАдамийн бакъонаш ларъяран векалаллин векал Цахигов Лоьма, кхиберш.
Мукомолов Александра, маршалла хаьттинчул тIаьхьа, дийцира ша коьртехь волчу организацис Къилбаседа Кавказехь доь доцуш байна нах лахарехь дIахьош болчу балхах лаьцна, доьза байначеран гергарчу нехан цIий гулдаран буха тIехь ДНК-н экспертиза яр дIадахьарх лаьцна.
– Карарчу хенахь оха схьадеанарг 130 генетикин паспорт ду. Оцу юкъахь Товбулатов Хампаша валаран хьокъехь долу тоьшалла а ду. ДНК-н экспертиза яр дIадаьхьначул тIаьхьа идентификаци йира цунна. Москван областерчу Богородски кешнашкахь дIавоьллина ву Товбулатов Хампаша. Герггарчу хенахь Нохчийн Республикехь дIадолла схьадохьур ду цуьнан дакъа, – элира А.Мукомоловс.
Товбулатов Хампаша Гуьмсан кIоштарчу Шоьна юьртан вахархо вара. Нохчийн Республикехь тIом болчу хенахь доьза вайнера иза. А.Мукомоловс дийцарехь, организацис ДНК-экспертизаш дIаяхьаран болх дIаболийначу хенахь дуьйна иштта ДНК-н анализехула стаг вовзар Нохчийн Республикехь уьссалгIа нисделла.
Алиев Тимура а, Хабзиев Iаьрбис а баркалла элира Мукомолов Александрана а, Чумаков Масхьудана а ДНК-н экспертизаш яр дIадахьаран а, доь доцуш байна нах лахаран а декъехь цара собарца а, доггах а болх барна.
Цул тIаьхьа, «Доьза байна нах лахар» цIе йолчу нохчийн регионан юкъараллин организацин председатела Кагирова Тамарас доь доцуш байначеран гергарчаьрга генетикин паспорташ дIаделира.
Билгалдаккха деза цигахь «Грозный-Информ» хаамийн агентствон директоран заместительна Вараев Мовсарна а генетикин паспорт дIаделла хилар. Цуьнан ваша Вараев Iайнди доь доцуш вайна 1995-чу шеран кхолламан (январь) баттахь Соьлжа-ГIалин Андреевски Долина поселкехь.
Вараев Мовсара дийцарехь, Iайнди доьзалехь воккханиг а, дена-нанна дика накъост а вара.
– 1995-чу шеран кхолламан (январь) баттахь чуьра араваьлла иза, кхин цIа ца веара. ТIаьххьара Соьлжа ГIалин Андреевски Долина поселкехь гинера иза. Цул тIаьхьа цунах лаьцна цхьа а хаам бацара, – элира М.Вараевс.
Цхьаьнакхетар вовшахтоьхначарна баркалла элира цо чIогIа оьшуш болу и болх беш цара дIабахьарна.
Цхьаьнакхетар дерзош, Мукомолов Александра йовзийтира Соьлжа-ГIалахь доьза байначеран Мемориалан комплекс кхолларх йолу шен ойла, цунна тIетайра цхьаьнакхетаран дакъалацархой.
М.АДЛАНОВ
№70, пIераска, товбецан (сентябрь) беттан 8-гIа де, 2017 шо