«Вайнах» пачхьалкхан хелхаран ансамбль дика евза Россихь а, генна цуьнан дозанел арахьа а. Нохчийн къоман ламасталлин культурин хилла ца Iаш, дийнна къоман а бIаьрла билгало хилла лаьтта иза. Нохчийн къоман иллеш, эшарш, хелхарш довзийтарца цо дуьненна а довзуьйту къам, цуьнан шатайпаналла.
Евзаш йолчу кхоллараллин коллективан истори дIайолало 1939-чу шарахь. Оцу шеран сентябрь баттахь вовшахтуху Нохч-ГIалгIайн иллин, хелхаран ансамбль. Ансамблан кхоллараллин дахаран юьххьехь билгалбовлу халкъалахь шуьйра бевзаш хилла хелхарчаш: Садыков Iандарбек, Дакашев Ваха, Юсупов Гилани. Йоккхачу искусстве шен хьалхара гIулчаш хIокху ансамблехь йоху, тIаьхьуо дуьненна а вевзинчу СССР-н халкъан артиста, Социалистически Къинхьегаман Турпалхочо, башхачу хелхарчас Эсамбаев Махьмуда, ткъа иштта, гоьяллачу йишлакхархочо, Россин Федерацин хьакъйолчу артисткас Айдамирова Марема. Кхиаме дIайолало къоначу кхоллараллин тобанан некъан юьхь. 1940-чу шарахь ансамбль Пятигорскехь гастролашкахь хуьлу, цул тIаьхьа – Москвахь а. Сийлахь-боккха Даймехкан тIом болабеллачул тIаьхьа артисташа концерташ ло тIеман аренашкахь бIаьхошна хьалха а, тылехь хьуьнаре къахьоьгучу белхалошна, ахархошна хьалха а. Амма 1944-чу шеран февралехь нохчийн къам махках даккхаро юкъахбаьккхира ансамблан болх. Дерриге а халкъаца цхьаьна лайра артисташа кхалхоран къахьо.
1957-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн автономи меттахIоттийча, адам цIа дерзаре а ца хьоьжуш, Алма-Атахь юха вовшахтуьйхира Нохч-ГIалгIайн иллин, хелхаран ансамбль. ТIаьхьа республикин культурин министр хиллачу Татаев Вахас а, драматурга Хамидов Iабдуллас а вовшахтохараллин боккха болх бира оцу декъехь (артисташ схьагулбеш а, конкурсашкахь похIме кегийрхой къастош а). Артисташна хьалхарчаьрца Даймахка цIа берза бакъо а яьккхира. Оццу шеран май баттахь Соьлжа-ГIалахь хьалхара концерт елира шен дахаран керла мур дIаболийначу кхоллараллин коллективо. Ансамбль когахIотторехь жигара дакъалецира 60-чу шерийн юьххьехь цуьнан исбаьхьаллин куьйгалхо хиллачу Халебский Александра, балетмейстерша Юсупов Гиланис, Дакашев Вахас, Дзыба Георгийс, хьехархочо Мунджишвили Отара. Ансамблан юьхь хилла дIахIиттира: Димаев Iумар, Дагаев Валид, Айдамирова Марем, Магомедов Султан, Эдисултанов ШитIа, Сардалова Зулай, Януркаев Сайд-Эми, иштта кхин дуккха а артисташ. Даймахка цIа дерзарх кхаъ хиллачу адамаша, къаьсттина яртийн бахархоша, дукха езаш тIеоьцура ансамблан концерташ. Кхойтта шарахь халкъан иллешка, эшаршка, хелхаршка лаьттина хьогалла яйъар хуьлура царех. И иштта дуй хууш, ансамблан артисташ сих-сиха хуьлура ламанан ярташкахь, арахь концерташ лора колхозашкахь, совхозашкахь.
Ансамблан дахарехь шатайпа зазадаккхаран мур хуьлий дIахIуьтту 1969–1994-гIй шераш. Оцу шерашкахь ансамблан исбаьхьаллин куьйгаллехь лаьтта Россин халкъан артист Элимбаев Тапа. ПохIме балетмейстер, иштта дика вовшахтохархо а хилар гайтира Тапас. Ансамблана «Вайнах» цIе тиллар а цуьнан дIадолорца хилира.
Оцу шерашкахь хилира ансамбль дерриге дуьненахь а йовзар. Аргентинин, Мексикин, Перун, Коста-Рикин, Панамин, Португалин, Германин, Чехословакин (хIетахь цхьа пачхьалкх яра иза), Кенин, Мозамбикан, Шемин, Иорданин, Хонкаран, иштта, кхечу а мехкийн бахархошна нохчийн хелхаран искусство йовзийтира ансамбло, кхиамца дакъалецира ерригсоюзни а, ерригроссийски а фестивалашкахь.
Царех яра «Оьрсийн Iа», «Майн седарчий», «КIайн буьйсанаш», «Къилбаседан лепар», иштта кхин а фестивалаш.
Ансамблан кхиамашкахь шайн дакъа дара К.Раисовн, М.Дидиговн, А.Мухамедовн, Т.Синявскаян, Г.Бетиеван, Д.Мальцаговн, Д.Музакаевн, Р.Ахмадовн, А.Дукалаевн, Я.Алиевн, Д.Кукишвилин, I.Межидовн, Т.Хасимиковн, Г.Темирхожиевн, Э.Хайдаровн, З.Цакаеван, Э.Алиеван, Л.Котиеван, дуккха а, дуккха а кхечеран. Хьовсархошна дагахь йисинчех ю хIетахь «Вайнахан» репертуарехь хилла «Вайнехан стигал кIел», «ЖаIуьнийн хелхар», «Ламанан шира дийцар», «Дошлойн хелхар», «Синкъерам», иштта кхийолу хореографин композицеш.
Т.Элимбаевл тIаьхьа тайп-тайпанчу шерашкахь ансамблан куьйгаллехь лаьттира Ахмадов Рамзан, Межидов 1адлан. Хала даьхкира евзаш йолчу кхоллараллин коллективан артисташна республикехь т1еман хьал лаьттина шераш. Х1етте а 1999-чу шеран сентябрь кхаччалц шайн болх, ца сацош, д1акхийхьира цара. Цул сов, 1998-чу шарахь Хонкарахь а, 1999-чу шарахь Италехь а д1аяьхьначу дуьненаюкъарчу фестивалашкахь толаман меттигаш а ехира.
Делахь а, 1999-чу шеран гурахь Нохчийчохь юха а т1еман хьал х1оттарца доьзна, цхьана ханна шен болх сацо дийзира «Вайнах» ансамблан. И «сада1ар» мел дахлур дара а ца хаьа, нагахь санна 2000-чу шарахь республикин куьйгалле х1оьттинчу Кадыров Ахьмад-Хьаьжас дешар, культура, спорт кхиор шен коьртачу тидаме эцна ца хиллехь. Цуьнан г1оьнца 2001-чу шеран февралехь Нальчикерчу «Нарт» пансионатехь кхоллараллин болх д1аболийра «Вайнах» ансамбло. Исбаьхьаллин куьйгале ч1аг1вира Музакаев Дикалу. 2002-чу шеран июнехь коллектив ц1а йирзира. Х1етахь хьелаш мел хала хиллехь, республикин куьйгаллин ницкъ кхечира «Вайнах» ансамблан кхоллараллин балхана оьшу хьашташ дуьззинчу барамехь кхочушдан. Цундела ларамаза дацара оццу шарахь Францехь д1аяьхьначу фольклоран дуьненаюкъарчу фестивалехь цо кхиамца дакъалацар. Шолг1ачу шарахь Италехь, Испанехь хиллачу дуьненаюкъарчу фестивалашкахь коьрта совг1аташ а дехира ансамбло. Иштта, Нохчийн Республикин хьалхарчу президента Кадыров Ахьмад-Хьаьжас г1уллакхца г1олацар бахьанехь кхоччуш когах1оьттира «Вайнах» ансамбль. Россин тоьллачу хореографин коллективех цхьаъ хилла д1ах1оьттина тахана «Вайнах» . Цо дакъа ца лоцуш чекх ца йолу вайн махкахь а, цуьнан дозанел арахьа а д1ахьош йолу хелхаран ансамблийн наггахь а фестиваль. Карарчу, хенахь шен исбаьхьаллин куьйгалхо Темирхожиев Г1апур ансамбло иштта жигара дакъалоцу республикехь вовшахдеттачу маь1нечу г1уллакхашкахь, Россин регионашкахь д1ахьочу Нохчийн Республикин культурин деношкахь. Оцу башхачу кхоллараллин коллективан кхиамийн лаккхара мах хадош, 2008-чу шарахь цунна совг1ат дира Россин Правительствон преми яларца. Кхин а лакхара совг1ат дира цунна 2009-чу шарахь – республикехь кхоллараллин коллективашлахь дуьххьара «»Вайнах» ансамбль билгаляьккхира А-Хь. Кадыровн орден яларца. Оцу кхиамийн закъалт хилла лаьттарг цхьаъ ду –къоман дахарехь культура доккхачу маь1не хиларх кхеташ, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана къоман культура кхиоран г1уллакхаш хаддаза шен тергонехь латтош хилар…
Хелхаран шовкъе вахча, олу вай «Х1орстоъ». Дуьненна а нохчийн хелхаран искусство йовзийта, Дала и шовкъ латтайойла «Вайнах» ансамблехь. Шен езачу ц1арна хьакъ йолуш, беркате а, юьхьк1оме а хуьлда цуьнан кхид1а болу некъ!
ХЬ.АБАЕВ