Россин кинематографехь нохчийн лар

Кинематограф схьаяларан орамаш Францехь ду. Французаша оьрсашна а, иштта кхечу къаьмнашна а йовзийтина кино. Росси 1896-чу шарахь кхаьчна французхоша яьккхина кино. Дуккха а говза фотографаш болчу Россехь, ши шо далале гучуйовлу оьрсаша яьккхина фильм а.

Юьхьанца гуш долу суьрташ кинолентина тIедахар бен хийцалуш хIумма дацара кинематографехь. Коьртачу декъана операторша беш бара и болх, сов тIех говзалла я режиссура оьшуш хIума дацара иза.

Актераша дакъалоцуш дуьххьара исбаьхьаллин фильм «Понизовая вольница» режиссера Дранков Александра 1908-чу шарахь яьккхира. Оьрсийн халкъан турпалхочух Разин Степанах яра иза. Йоккха яцара. Цу хенахь пхеа минотал яхлуш, дукха хьолахь, хила а ца хилла фильмаш. Басаршца къагийна йоцуш, кIайн-Iаьржа хилла.

1910-чу шарахь режиссера Гардин Владимира йоккху «Дворянское гнездо» фильм. Цул тIаьхьа гучуволу Россин кинематографан бухбиллархо, режиссер Протазанов Яков, цо яьхна «Бахчисарайский фонтан», «Майская ночь или утопленница», «Первый винокур», «Песнь о вещем Олеге», «Песня каторжанина», иштта дIа кхин а фильмаш. Аз доцуш хиллехь а, боккхачу кхиамца тIеоьцу уьш хьовсархоша.

1910-чу шарахь дуьйна когаяха йолало оьрсийн кинематограф. Дукха хан ялале тIедеанчу Советийн Iедало а Iуналла, терго йо когаяха гIертачу кинематографана. Iедалан баьччанаш кхета шаьш дIакхоьхьучу идеологина йоккха гIортор хилла кино дIахIуттург хиларх, мелла а гIо-накъосталла деш, оьшучу хорша ерзийчахьана.

Цунна къеггина тоьшалла ду пачхьалкхан чоьтах режиссера Эзенштейн Сергейс 1925-чу шарахь яьккхина «Броненосец Потемкин», 1927-чу шарахь яьккхина «Октябрь» фильмаш. Уьш ерриге а аз доцуш яра.

1931-чу шарахь режиссера Экк Николайс «Путевка в жизнь» фильм яккхарца гучуйолу Россехь аз долу кино. ЦхьамоггIа похIме режиссераш билгалбовлу махкахь. Уьш «Чапаев» фильм яьккхина вежарий ВасильевгIар, «Ленин в Октябре» фильм яьккхина Ромм Михаил, «Великий гражданин» фильм яьккхина Эрмлер Фридрих, иштта кхи берш а бара.

Немцойн фашисташа ямартлонца СССР-на тIелетачу хенахь башхачу кхоллараллин ницкъашца кхиъна яьлла лара мегар долуш яра Россин кинематограф. ТIеман шарашкахь а ца сацабо цо шен болх. Цара йоху тIеман турпалхойх а, революцин баьччанех а лаьцна йолу фильмаш. Хьовсархойн дог-ойла айбар, уьш толамах тешор ю фильмийн коьрта Iалашо.

Нохчех йолу фильм 1962-чу шарахь яьккхина. Иза нохчийн къоман дозаллех, СССР-н халкъан артистах Эсамбаев Махьмудах лаьцна яьккхина «Я буду танцевать» фильм ю. Делахь а, нийса хир дацара ХХ-чу бIешеран 60-гIа шераш дуьйладаллалц нохчех лаьцна цхьа кино хилла яц, цхьанна а гина яц бохучу ойланехь газетдешархой вай битича.

Россин пачхьалкхан фильмофондехь бакъдолчунна тIера схьаэцна фильмаш ю, дуккха а сюжеташ ю 1914–
1916-чуй шерашкахь хиллачу тIемашкахь нохчаша гайтина майралла, доьналла дуьйцу кийсакаш юкъахь йолуш.

ГIараваьллачу гуьржийн яздархочун Казбеги Александран дукха дийцарш ду нохчех лаьцна яздина. Царах цхьаъ ю «Элисо» дийцар бухе диллина гуьржийн кинематографисташа яьккхина нохчех лаьцна йолу дуьххьарлера аз доцу кино.

Режиссера Шенгелая Николоса дийцаран цIе йитина фильмана. Шайн махкара тоьлла актераш юкъаозийна режиссера фильмана. Уьш бу Имедашвили Александр, Каралашвили Кохта, Андроникашвили Кира, иштта дIа кхи берш а.

ХIХ-гIа бIешо юкъал тIехдолуш оьрсийн паччахьо нохчашна йина ямартло ю фильмехь юьйцург.

1864-чу шарахь къоман мостагIаша зуламе питана даржадо Кишин воI Кунта-Хьаьжа Хонкарахь хилар декъазчу халкъана тардеш. Шайн устазана тIаьхьа дIагIоьртир миска халкъ. Некъан бохалла цара лайна Iазап-бала далхадо «Элисо» фильмехь. БIаьрхиш совца ца ло цуьнга хьожуш…

1929-чу шарахь «Грузияфильм» киностудехь режиссера Фрелих Олега вайн турпалчу махкахочух Хорачойн Зеламхах лаьцна йолу кино йоккху. Коьртачу ролехь хIирийн актер Бестаев Ладо вара. ХIирийн яздархочо Гатуев Дзахос обарг Зеламхах лаьцна язйинчу книги тIехь хIоттийна яра иза.

Боккхачу кхиамца дуьненан массо а маьIIехула чекхъяьлла и фильм. Цу хенахь Дона-тIерачу Ростовехь хиллачу шуьйрачу хаамийн гIирсаша тIечIагIдарехь, фильме хьажа луучо цхьа бутт хьалха эца дезаш хилла билет.

Дуьйцийла йоццуш, йоккха рагI хIуттуш хилла кинотеатрашна хьалха. Газеташа дийцарехь шарахь гергга лаьттина и хьал. Хетарехь, цхьа а пачхьалкх а, гIала а, кIошт а ца йисина Фрелиха Олега яьккхина «Абрек Зелимхан Харачоевский» фильм кхачаза, цуьнан лаккхара мах хадоза.

Цул тIаьхьа дикка хан йолу нохчех лаьцна исбаьхьаллин фильм ца йоккхуш. Цунна бехке Советийн халкъашна тIехь Iазап хIоттош даьхкина ХХ-чу бIешеран 30-гIа шераш дара, цул тIаьхьа буьрса тIом белира, вайнах махках бехира. Дай баьхначу лаьттах хьегийра уьш 13 шарахь.

1962-чу шарахь, «Азербайджанфильм» киностудехь режиссера Таги-Заде Тофика хелхарчех Эсамбаев Махьмудах лаьцна «Я буду танцевать» цIе а йолу фильм йоккху. Нохч-ГIалгIайн Республикин халкъан артист Дениев Iальви ву фильмехь дакъалоцуш.

Дийца даьккхинчуьра аьлча, Эсамбаев Махьмуда дакъалаьцна исбаьхьаллин фильм ткъех ю. Уьш ю: «Зов предков», «Дорога в ад», «Увертюра», «Репортаж из бездны», «Приключения маленького мука», «Пока бьют часы», «Честное волшебное», «На край света», «Земля Санникова», «Вино из одуванчиков», иштта дуккха а кхиерш.

РСФСР-н хьакъволчу артиста Омаев Дагуна дакъалаьцна кинош тоьар ю вайга дозалла дайта. «Костры на башнях», «Хаджи-Мурат», «По следам Карабаира», «Кольцо старого шейха», «Женя, Женечка и Катюша», «Горец», «Прощаться не будем», «Земля обетованная», «Тайна рукописного Корана», «Когда отзовется эхо», «Вершины не спят», «Буйный Терек», «Требуются мужчины», иштта кхидIа мел дукха ю уьш.

Иштта дуккха а фильмашкахь дакъалаьцна вара РСФСР-н халкъан артист Дудаев Муса а: «Год однорогой коровы», «Пока вершины не спят», «Белое солнце пустыни», иштта дIа кхин а.

Россин кинематограф кхиорна шайн къинхьегаман хазна юкъайиллина бу вайн актераш: Гайтукаев Ахьяд, Марисултанов Iела, Азаев Хьамид, Алиева Тамара, Багалова Зулейхан, Муртазалиева Асет, Банкурова Роза кхиберш а.

Вайн махкахь кинорежиссер кхиаро таро хилийтира кхин а алссам актераш а йохучу фильмашна юкъаозо.

ДагайогIий шуна Татаев Ильяса яьхна хилла «Долгожители Чечено-Ингушетии», «Песня Малики», «Даймохк», «Горская новелла» фильмаш.

Царах массарах а вай дозалла а дора. Ткъа «Когда отзовется эхо» фильм гучуяларо вай тешийра нохчийн къоман кинематограф когайоьдуш хиларх. Хьалха театрехь бен гина воцу РСФСР-н халкъан артист Давлетмирзаев МутIелип вара «Горская новелла», «Когда отзовется эхо» фильмашкахь дакъалоцуш.

Амма ХХ–ХХI-гIий бIешераш хотталучу муьрехь вайн махка хьаьвзинчу бохамаша кино а, театр а йицйира вайна. Iаьржачу бодано хьулйира Нана-Нохчийчоь.

Амма 2002-чу шарахь режиссера Кончаловский Андрейс «Дом дураков» цIе йолуш яьккхинчу кинофильмехь гучувелира вайна театран а, кинон а актер Исламов Султан.

Цо ша кхоьллинчу вастаца дIахаийтира мел буьрса халонаш тIехIиттарх нохчий къарлург цахилар. Оьрсийн режиссера Сокуров Александра 2007-чу шарахь кхин цхьа фильм яьккхира РСФСР-н халкъан артистка, Нохчийн Республикин халкъан артистка Гичаева Раиса юкъахь йолуш.

Фильман цIе «Александра» яра. Иза Нохчийчохь, иттех шаре бахбелла, дIабоьдучу тIамах лаьцна яра. Цуьнан премьера хилира хIора шарахь Францерчу Каннехь дIахьочу Дуьненаюкъарчу кинофестивалехь.

Цигахь Гичаева Раиса, коьртачу турпалхочун васт кхоьллина гIараяьлла евза йишлакхархо Вишневская Галина. Каннехь 2007-чу шеран тоьлла фильм лерира «Александра». Оцу бакъдолчо кхин цкъа а тIечIагIдо Нохчийчохь дуккха а похIме актераш хилар, Россин кинематографи кхиорехь цара жигара дакъалаьцна хилар, цкъа а йовра йоцу лар цара оьрсийн кинохь йитина хилар.

А.ДАЧАЕВА

№70, пIераска, товбецан (сентябрь) беттан 8-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: