«Доьзалш вовшахтохар а, къастар а. Доьзал а, кхерамазалла а»

Оцу темашна лерина «горга стол» хилира Нохчийн Республикин Юкъараллин палатехь.

Иза вовшахтоьхнера Нохчийн Республикехь берийн бакъонаш ларъяран векала а, юкъараллин «Зударий кхиарехьа» организацис а.

«Горгачу стоьлан» болх дIахьош Нохчийн Республикехь берийн бакъонаш ларъяран векалан гIуллакхна кхачояран отделан хьаькам Гайрбеков Турпал а, «Зударий кхиарехьа» организацин председатель Базаева Либхан а дара.

Цигахь дакъалоцуш бара дIасакъаьстина доьзалш вовшахтохаран гIуллакхан комиссин декъашхой республикин Муфтин наиба Хабзиев Iаьрби-Хьаьжа, республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторан департаментан говзанча Кимаев Юсуп, республикин Дешархойн дай-нанойн союзан исполкоман председатель Агаева Яха.

Хабзиев Iаьрби-Хьаьжас билгалдаьккхира дIасакъаьстина доьзалш вовшахтохаран гIуллакх Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана тIедилларца республикин хIора кIоштахь дIахьош хилар.

Доьзал кхоллар Далла дукхадезачу гIуллакхех цхьаъ хилар дагадоуьйтуш, цо дийцира, дIасакъаьстина доьзалш цхьаьнатохарехь муфтиято дIахьочу боккхачу балхах лаьцна.

«Нанас я дас суьде деллачу гIуллакхана юкъагIерта бакъо яц тхан, амма кхечу агIор мел долу гIуллакх дийцаре до оха. ХIора кIоштарчу къеданна а, администрацин куьйгалхочунна а, берийн гIуллакхашкахула йолчу кIоштан отделан хьаькаман а, тIедиллина ду лакхахь хьахийна проблемаш дIаяхарехь жигара дакъалацар. Зудчо а, стага а шайн юкъаметтиг нахала йоккху, хийрачу наха кхин тIе а кIаргдо церан дов. Уггаре а новкъадерг церан доьзалхо дIасакхийса ваккхар ду. «Бер шен ненах хьегийнарг кхана догIу долчу Къематан дийнахь шена дукхабезначарех хьегор ву Дала» аьлла (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) вайн Пайхамара. Цхьаболчу наха вуно атта лоцу шайна тIе къа. Иштта дерг дан мегардац», – элира Iаьрби-Хьаьжас.

Кимаев Юсупа а дийцира шаьш доьзалийн проблемаш дIаяхарехь бечу балхах лаьцна.

«Республикехь дIасакъаьстина доьзал 4 303 бу, царех 987 доьзал вовшахтоьхна. Атта болх бац ярташкарчу маьждигийн имамаша беш берг. Цкъа дехарш дан дезаш хуьлу уьш, юха и нах кхето гIерташ хьехамаш бан безаш нисло. Дов даьлла, дIасакъаьстинчу нахана юкъа хаза, маслаIате хабар дийца деза. Зама сиха йоьду, да-нана дIасакъаьстина гергарчара кхиош долчу берера ледарлонаш алссам юьйлу, амма и бераш даккхий хилча, тIаккха дика го цу доьзална дас-нанас делларг я ца делларг. Вайна юкъахь а бу хьажа стаг воцуш къанделла кIелбисина дай-наной. Зудчо аьлларг а дой шен нахах волий лела цхьаверг. Цул а атта дуьненахь а, эхартахь а юьхькIоме дара Дала бохург деш хилча. Бер жимачохь дуьйна кхион деза бусалба динан бехкамашца. ХIораннан хIусамехь исламан литература хила езара берана жимачохь дуьйна гуш, наггахь ешна а цуьнга ешийтархьама», – бохура Юсупа.

Соьлжа-ГIалин мэрин социальни белхан отделан коьртачу говзанчас Успанов Расула дийцира Соьлжа-ГIалин кIошташкахь доьзалш вовшахтохаран гIуллакхна тIехь шайна девзинчу хьолах лаьцна: «Соьлжа-ГIалахула оха таллам бича тхуна хиира дIасакъаьстина 586 доьзал хилар, царах 210 доьзал вовшахтоьхна. Наноша я дайша шайца Россин дозанал арахьа дигна бераш а ду, я нанна, я дена ца гойтуш. Цу тIехь а беш болх бу».

Дешархойн дай-нанойн Союзан председатела Агаева Яхас элира: организацин хьокъехь. ДIасакъаьстинчу ден-ненан бер школехь болчу хьехархошна а, классехь цхьаьна доьшучу берашна а къаьсташ хуьлу. Царна го церан къа-бала. Цундела Дай-нанойн союз ю доьзалш вовшахтохаран комиссин балхана юкъаозийна хила езаш. Школерчу собранешка ца богIучу дай-наношна меллалц магийта деза шайн берийн леларца, дешарца церан бала цакхачар?

Дуккха хаттарш, лазамаш, дагадийларш хилира «горгачу стоьле» гулбеллачеран.

Доьзалш цхьаьнатохаран болх сацон йиш яц. Ирс дайна я иза лардан ца хиънарш дукха бу вайна юкъахь.

З.ЭЛЬДАРХАНОВА

Авторан суьрта тIехь «Горга стоьлан» дакъалацархой

№70, пIераска, товбецан (сентябрь) беттан 8-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: