Премьер-лигин командашна юкъахь Россин чемпионатан 9-гIа тур чекхъяьлла.

Шен цIахь Москварчу «Локомотиваца» ловзуш яра «Ахмат» клуб. Турниран таблицехь шолгIачу меттехь йолчу командица ловзар атта хир доцийла хаьара хьовсархошна, делахь а, кхул хьалхарчу турехь ЦСКА-ца хьошалгIахь толам баккхаро дегайовхо кхуллура хIара цхьаьнакхетар а толамца доьрзург хиларх.
Амма спортехь тахана дерг кхана ца хуьлу. Тоьлларг ца къаьсташ, жамI 1:1 долуш дирзира вайн клубан «Локомотиваца» хилла цхьаьнакхетар.
9-гIа тур чекхъяьллачул тIаьхьа, шен чоьтехь 13 очко а йолуш, турниран таблицехь 7-чу меттехь ю «Ахмат», ткъа рогIерчу турехь иза ловзур ю генарчу Хабаровскехь меттигерчу СКА командица.
Хь.АБАЕВ
№72, пIераска, товбецан (сентябрь) беттан 15-гIа де, 2017 шо