Соьлжа-ГIалахь, товбецан (сентябрь) беттан 21–22-чуй деношкахь дуьненаюкъара Iилманан-практикин конференци хир ю «Кавказ – Европа а, Ази а хотталучохь: Къилбаседа Кавказан округан историн-культурин тIаьхьалонаш Iалашъяран а, башхачу объекташна реставраци яран а проблемаш» аьллачу темина.
Конференци вовшахтухуш ю Россин Федерицин культурин министерствос Нохчийн Республикин культурин министерствоца а, Органан историн-архитектурин а, Iаламан а музей-заповедникца а, Россин реставраторийн ассоциацица а цхьаьна.
Цигахь дакъалаца кхайкхина Россин Федерацин культурин министерствон а, иштта Гуьржийчоьнан, Эрмалойчоьнан, Къилба ХIирийчоьнан, Абхазин, Азербайджанан культурин министерствошкара а, Iилманан-талламан институташкара а, Проектан институташкара а, дешаран заведенешкара а векалш, Iилманчаш, реставраторш, архитекторш.
Конференци Iилманан–практикин хиларе терра, цигахь дуьненаюкъарчу тIегIанехь дийцаре дан лерина культурин объекташ Iалашъяран гIуллакх.
Кавказ туризман хьаьрма кхиоран дика, бегIийла меттиг хилар карла а доккхуш, цу тIехь кхиндIа а болх баран гIуллакхаш а дуьйцур ду конференцехь. Теманаш а дукха ю конференцин: Кавказ регионан историн-культурин тIаьхьалонийн шатайпаналла, историн, культурин, архитуктурин хIолламаш пачхьалкхан чоьте хIиттор, тIеман хенахь зенаш хиллачу культурин объекташна реставраци яр, «Iаьржа» археологи: законехь нийса ца догIу археолигийн коьчалш йохк-эцар, лаьттахь къайлаха талламаш бар дехкар.
Россин Федерацин регионаш а, Кавказ а туризмана бегIийла долчу агIор хьелаш тодеш, хазъяран белхаш дIабахьар, этнокультурин туризмах регионаш кхиоран керлачу гIирсах санна пайда эцарх лаьцна а дуьйцур ду.
Конференцис шина дийнахь болх бийр бу, ткъа цуьнан программехь пленарни кхеташо, тематикин секцеш, Соьлжа-ГIалахула экскурсеш яр, Нохчийн Республикин историн, культурин хIолламаш болчу меттигашка кхачар а ду.
А.Айдамировн цIарахчу республикин къоман библиотекехь а, Органан историн-архитектурин, Iаламан музей-заповедникехь а дIахьур ю дуьненаюкъара конференци.
Цигахь дакъалаца луучеран Россин рестовраторийн ассоциацин электронни хIокху адресца регистраци ян еза: anna.rosrest@gmail.com
№72, пIераска, товбецан (сентябрь) беттан 15-гIа де, 2017 шо