Тхан рузма

Товбецан беттан 18-гIа де, 1897 шо. Сиржа-Эвлахь вина Шерипов Асланбек, публицист, юкъараллин гIуллакххо.

Дешна Полтаверчу кадетийн корпусехь. И чекхъяккхале Соьлжа-ГIаларчу реальни училище сехьаволу.

1917-чу шеран мангалан (июль) баттахь дешна волу. Шен жималле хьаьжна доцуш, жигара дакъалоцу юкъараллин-политикин дахарехь.

1917-чу шеран асаран (июнь) баттахь дакъалоцу Нохчийн кегийрхойн Союз вовшахтохарехь. Оццу шеран товбецан–гIуран беттанашкахь Цхьаьнакхеттачу ламанхойн союзан Абхазехь волу векал.

1918-чу шеран юьххьехь Нохчийн къоман советан декъашхо. 1918-чу шеран чиллин (февраль) баттахь Пятигорскехь хиллачу Теркан халкъийн съездан делегат (Нохчийн къоман советан векал).

1918-чу шеран бекарг (март) баттахь дуьйна Нохчийн халкъан-къинхьегаман советан («ГIойтIара совет») куьйгалхойх цхьаъ. 1918-чу шеран аьхка дуьйна Нохчийн ЦIечу Эскаран командующи. Кхалхар хилла Чахкар-гIала уллехь деникинцашца хиллачу тIамехь.

Асланбек тешна вара большевикаша нохчашна бIешерашкахь сатийсина паргIато йохьург хиларх. Реальни училищехь волуш дуьйна а вара А.Шерипов халкъан фольклор гулъеш а, нохчийн иллеш оьрсийн матте гочдеш а.

1918-чу шарахь Буру-ГIалахь цо арахийцира «Нохчийн халкъан иллешкара» гулар.

Товбецан беттан 20-гIа де, 1920 шо. ГIойтIахь вина Сулаев Мохьмад, поэт, прозаик.

1941-чу шарахь чекхйоккху Бакура лоьрийн институт. ХIетахь дуьйна схьа лоьралла а, литературехь болх бар а цхьаьна дIакхийхьира цо.

Стихаш язъян волавелла 1935-чу шарахь, ша Бакухь доьшуш волчу хенахь. Кхоллараллин хьалхара мур чекхболу 1943-чу шарахь, «Малх тоьлур бу» поэма язъярца. Шен халкъаца цхьаьна махках ваккхар бахьанехь, литературехь жигара болх бан шовкъ йоцуш зама а еара.

1958-чу шарахь «Безаман эшарш» цIе йолу стихийн гулар араяларца дIаболало яздархочун кхоллараллин керла мур. ХIетахь дуьйна цо арахьоьцу поэзин а, прозин а дуккха а книгаш: «Велларг денвар», «Даймехкан зIаьнарш», «Товсолта ломара дIавоьду», «Даг чуьра суйнаш», «Йоврйоцу цIе», «Бакъдерг», «Адамалла», «Сирла суьйре», иштта кхин а.

«Товсолта ломара дIавоьду» роман (тIаьхьа иза тойина юха араелира «Лаьмнаша ца дицдо» цIе а йолуш) яздархочун шен кхоллараллехь хилла ца Iаш, нохчийн проза кхиарехь а хьалхахьа яьккхина гIулч яра.

Говза гочдархо а вара М.Сулаев. Цо нохчийн матте гочйина Рудакин, Г.Гейнен, Р.Гамзатовн, иштта кхечу а гоьбевллачу поэтийн стихаш.

Поэтан кхалхар хилла 1992-чу шарахь.

№72, пIераска, товбецан (сентябрь) беттан 15-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: