Хьомсара зударий!

Даггара декъалдо шу башхачу дезачу денца – Нохчийн зударийн денца! Шуна кхечарначул алсам, хьакъ а дара хиламийн рузманехь иштта де хилар.
Нохчийн Республикин, цуьнан халкъан дуьхьа аш гайтинчу хьуьнарийн мах хадийна вер а вац. Вайн дозаллица ала йиш ю: нохчийн зуда эхь-бехкенан, оьздангаллин, хазаллин масал ду. Царах Iама, царах тардала, цаьргара масал эца дукха хIума ду. Шу билгал ду са чIогIа хиларца, доьзална а, доьзалан ламасташна а тешаме хиларца, Исламан арканаш ларарца, лардарца.
ТIеман халачу шерашкахь аш шайх дозуш дерг дерриге а дира шайн гергарнаш, бевза-безарш бохамах ларбархьама, церан дог-ойла айархьама, гIолацархьама, доьзалан кхерчан йовхо, аьхналла ларъярхьама. Шайн ноналлин декхар диц ца деш, аш шайн берашкахь Даймахке безам кхиабора, царна къоман гIиллакхаш, Iадаташ, оьздангалла, культура йовзуьйтура, оцу мехаллашка марзо кхуллура. Шун декхарех цкъа девр дац тхо.
Хьомсара зударий! Оха даггара декъалдо шу. Оха, божарша, дерриге а дийр ду шун бIаьргех хи ца далийта, шу цкъа а гIайгIане ца хилийта, шун дегнашкахь цкъа а кхерам, сингаттам, лазам ца хилийта. Шун дегнаш даима а ирсе, самукъане, даккхийдеш хилийта. Юха а цкъа ала лаьа: Дала декъалдойла шу, тхан хьомсара зударий!
№72, пIераска, товбецан (сентябрь) беттан 15-гIа де, 2017 шо