Товбецан (сентябрь) беттан 13-чу дийнахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана Нохчийн зудчун де билгалдаккхарна кечамбаран вовшахтохараллин комитетан декъашхошца кхеташо дIаяьхьира. Цунах лаьцна хаам бо Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а пресс-службо.
Нохчийн зудчун де республикехь билгалдоккху хIора шарахь товбецан (сентябрь) беттан кхоалгIачу кIирандийнахь. Дезде дIакхайкхийна Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана 2009-чу шарахь.
Кхеташонехь Кадыров Рамзана билгалдаьккхира оцу денна лерина ерриге а даздаран мероприятеш лаккхарчу тIегIанехь дIаяхьа езаш хилар. Цо дийцарехь, цхьа а зуда йиса йиш яц ян ма-йоггIу терго ца еш.
– Къаьсстина тидаме эца беза шайн белхан декхарш кхочушдеш кхелхинчу бакъонашларъяран органийн белхахойн наной. Терроризмаца дIахьочу къийсамехь масех кIант кхелхина наной бу вайн. Царна хаийта деза, вай уьш бицбина цахилар а, шайн лазамца, сингаттамца вай уьш шаьш буьтург цахилар а, – элира цо.
Р.Кадыровс иштта билгалдаьккхира тIедогIуш долчу дезачу дийно наношца а, йижаршца а, хIусамнаношца а, йоIаршца а хила беза лаккхара сий-ларам гойтуш хилар. Цуьнца доьзна шуьйрачу хаамийн гIирсашна цо тIедиллира Нохчийн зудчун дийнан маьIна а, оцу денца болу ларам а гойтуш йолу материалаш зорбане яхар а, тематикин программаш дIаяхьар а.
– Иза кхин а цхьа бахьана ду вайн зударшна хазахетийта а, доьзалан кхерчан йовхо латтош а, массо а хIуманан гIайгIа йолуш а болчу церан къинхьегаман мах хадо а, – элира Р.Кадыровс.
Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана вовшахтохараллин комитетан декъашхошна тIедиллира Нохчийн зудчун денна лерина даздарш лаккхарчу жоьпаллица дIадахьар.
I.МУРТАЗОВ
№72, пIераска, товбецан (сентябрь) беттан 15-гIа де, 2017 шо