Ансамблан Аминат цIе йолу зезаг

вайнах

Закриева Амнат йина 1988-чу шеран 1-чу сентябрехь Гуьмс гIалахь. Доьзалехь кхоалгIа бер ду Амнат. Вайн республикехь зама маьрша цахилар бахьана долуш, бераллин шераш ГIалгIайн махкахь дIадахна цуьнан, цигарчу Альтиеван цIарах йолчу юьртахь №14 йолчу школехь дешна цо. Уггаре хазахеташ  йолу урок дагахь доццург географи.

Бераллехь цкъа а ца моьттура цунна ша йоккха хилча артистка хир ю.  Амма дерриге а цхьана дийно хийцича санна хета шена, боху Амината. Иза йоьалгIачу классехь доьшуш йолуш, церан школехь берийн «Такбир»  ансамбле бераш гулдеш дара, ткъа  нохчийн йоьIан товш юьхь-сибат, куц тидам боцуш ца дисира. Нохч-ГIалгIайн АССР-н халкъан артист волчу Мухамедов Iабдуллас дукха ойла ца еш схьаийцира Аминат шен ансамбле. ХIара йоцург кхеран школера дукха бераш хиллера «Такбир» берийн ансамбле  лелаш, амма цхьа шо хан а ялале, цу школера Аминат йоцург кхин цхьа бер ца дисира  хелхаршка лела. Хан мел йолу шен хаарех самукъадуьйлуш, и хелхаран говзалла кхин а хазлуш хетара шена, боху йо1а. Ткъа наггахь жимчу кхуьнан ойла кхоллалора: «Хьажахь, ас сайн самукъа долург лелийча, ткъа цунах суна ахча а ло-кх», – олий.

Жимма хан яьлча  ГIалгIайн пачхьалкхан «Магас» ансамбле дехьайоккху Закриева Амнат, хье ца луш  ГIалгIайн пачхьалкхан «Эрзи»  ансамбле кхача рицкъ а хуьлу Аминатан.

Шо-шаре мел долу Кавказан къаьмнийн хелхаршка болу безам чIагIлуш бара йоь1ан, хIара кхийтира иза цхьана ханна долу самукъадалар доцийла. Шен дахар, цхьа а шекоа йоцуш,  хелхаран корматаллица  доьзна хила дезаш хиларх тийшира Амнат.

Нохчийчохь маьрша хан ян йолаелча, АмнатгIеран доьзал цIабирзира. Амма йоIа шен болх дIа ца тесира. Жимма шаьш дIатарделлачул тIаьхьа, 2004-чу шарахь  гIараяьлла евзаш йолчу нохчийн пачхьалкхан «Вайнах» ансамблан коллективе кхача Дала аьтто бира кхуьнан. ХIетахь дуьйна цу коллективехь болх беш а ю.

Тахана, хууш ма-хиллара, «Вайнах» ансамбль вайн республикехь а, дозанал арахьа а евзаш, езаш а ю. Цуьнан кхолларалла лаккхарчу тIегIанехь хилар гойту ансамблана «Кадыров Ахьмад-Хьаьжин орден а, Хашимитски королевствон орден» а елла хиларо. «Вайнах»  йийца шен истори а йолуш, шех эца масал а долуш ансамбль ю. ХIокху деношкахь 75 шо а кхочу цуьнан.

Шайн коллектив бертахь, цхьа доьзал санна хилар а, шайна массо хIуманна тIехь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, культурин министра Дааев Хож-Бауддис а гIо деш хилар а билгалдаьккхира Амната. Амма, нохчийн гIиллакхехь догIуш ца хеттехь а, шена 2004-чу шарахь Нохчийн Республикин хьакъйолу артистка цIе яларх лаьцна ца хьахадора цо. Ас шега цунах лаьцна хаттар дича, ела а елла элира: «Суна деллачу совгIаташалахь юккъехь уггаре а деза совгIат хета суна иза, ас цунах дозалла до, иза сан белхан  лаккхара мах хадор ду».

ЦIена нохчийн хелхарна а, тахана вайн ловзаршкахь, синкъерамашкахь  деш долчу хелхаршна а юккъехь башхалла гой хьуна, аьлла ас шега хаьттича цо элира: «КIайн а, Iаьржа а беснаш юккъехь санна башхалла-м ю. Хелхавала юккъе ма-веллинехь гуш хуьлу, бен а дац, йоI а, кIант а, цIена нохчийн хелхар деш верг. Амма, халахеташ делахь а, и санна дерггар наггахь бен ца нисло. И санна дерг нисделча чIогIа новкъадогIу суна.

Тахана Амнат цхьана неха нус, хIусамнана, доьзалан нана ю. Цунна тIехь дуккха а декхарш ду. Ткъа хелхарш, гастролаш, хан яллалц балхахь хье ялар, муха тIелоцу хьан марзхоша, аьлла ас шега хаттар дича, цо суна доцца жоп делира: «Сох уьш чIогIа дика кхета, сан балхана цхьа а новкъарло а ца йо цара, хIунда аьлча церан кIант а ву кху «Вайнахехь». Царна керла дац со ханъяллалц балхахь хьеялар а, тхан ансамбль кхечу пачхьалкхашка концерташ эцна гастролашка яхар а».

Арара стаг кхетар вац, амма ансамбль доггаха къахьоьгуш ю. И болх даггара безаш ца хилча бан а лур бац, ткъа Амнатан цу къахьегарх самукъадолу.

Дуккха а кхечу пачхьалкхийн ансамблашца гергарло леладо, церан культура йовза таро хуьлу, цкъа а гина йоцу меттигашка а кхочу.

Делахь х1ета «Вайнахан» дезде т1екхачарца декъалйо оха кху мог1анийн турпалхо Амнат а, цуьнан ц1арах цуьнан берриге а накъостий а, кху ансамблаца дахарш доьзна мел хилларг а, мел верг а. Дала х1инццалц санна нохчийн къоман культурин хилам а, кхиам а, жовх1ар а, юьхьк1ам а хилла «Вайнах» кхинд1а а д1акхехьа хьуьнар лойла шуна. Декъала хуьлда шун дахаран а, кхоллараллин а некъаш!

САГАЕВА Залина

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: