Сингапурехь Президентан харжамаш дIабаьхьна. Дуьххьара оцу дарже зуда хаьржина. Иза Якоб Халима ю. Кхул хьалха цо болх бина мехкан Парламентан спикер йолуш. Оцу даржехь цо ша дика куьйгалхо а, вовшахтохархо а, хьекъале политик а хилар гайтина. Цундела дукхах болчу харжамхоша цуьнгахьа кхаьжнаш тесна.
***
США-рчу Флорида штатехь долчу къанойн цIийнехь 5 стаг кхелхина. Говзанчашна хетарехь, уьш йовхонна белла. ЧIогIачу мехашца догIанаш даьхкинчул тIаьхьа йовхо Iаьткъина оцу штатехь. Иза ца лаеллачух тера ду, гергарчарна сов бевлла, къанойн цIийне дIабеллачу пекъаршка.
***
Еврокомиссин Куьйгалхочо Жан-Клод Юнкера чIагIдарехь, герггарчу хенахь Евросоюзана юкъахь гур яц Хонкара. Цо дийцарехь, цунна оьшуш долу хьелаш дац оцу пачхьалкхехь. Цул сов, Евросоюзан лехамаш кхочушбан лууш а бац, шайн лаамехь а бу Хонкаран куьйгалхой. Еврокомисси къаьсттина реза яц Президентан Р.Эрдоганан политикина.
***
ООН-н говзанчаша динчу хьесапашца Евросоюзана хIора баттахь лаххара а 3,2 миллиард долларна зен хуьлу Россина дуьхьал йина санкцеш бахьанехь. Ткъа Россина и санкцеш бахьанехь тIаьхьарчу кхаа шарахь хилла зен 55 миллиард долларан барамехь ду. Оцу бакъдолчо къеггина гойту санкцеша Россиначул алсам эшам Евросоюзана юкъайогIучу пачхьалкхийн экономикина беш хилар.
***
Брент марканех долчу мехкадаьттан цхьана баррелан мах хIокху деношкахь 55 долларал алсам баьлла. Кху шеран оханан (апрель) баттахь дуьйна оцу дозане кхаьчна бацара мехкадаьттан мах. Говзанчашна хетарехь, иза доьзна ду мехкадаьтта даккхаран барамна тIехь терго латтош хиларца а, цу декъехь бина барт пачхьалкхаша ларбеш хиларца а.
***
Казахстанан Президент Н.Назарбаев кхана официальни визитаца Узбекистане а, Туркменистане а ваха дагахь ву. Билгалдеш ду цигахь оцу пачхьалкхийн куьйгалхошца цхьаьнакхетарш дIадахьа а, пачхьалкхийн зIенаш чIагIъяран хьокъехь къамелаш дан а.
***
Россис 700 миллион доллар кредит лур ду Беларусина. Итт шарна луш ду иза. Цу хьокъехь болчу бартана куьйгаш яздина хIокху деношкахь. А.Лукашенкос дийцарехь, и ахча мехкан экономика кхиорна юкъадуьллур ду.
***
Россин Президент В.Путин хIокху деношкахь цхьаьнакхийтира Ливанан юьртабахаман министраца С.Харирица а, ГIиргIизойчоьнан Президентаца А.Атабаевца а. Цара дийцаре дира пачхьалкхийн вовшашца йолу юкъаметтигаш чIагIъяран а, дуьненаюкъарчу терроризманана дуьхьал цхьаьна къийсам дIабахьаран а хьокъехь долу гIуллакхаш.
***
Вайн мехкан Премьер-министра Д.Медведевс чIагIдарехь, хIокху шарахь Россин экономика кхиарехьа гIулчаш йохуш ю, алсамдолуш ду налогаш лахьор тодар бахьанехь федеральни бюджете догIуш долу ахча. Хьал кхин а дика хир ду аьлла хета цунна шеран жамIашца.
***
«Союз МС–06» космосан кораблан экипаж МКС-е дIакхаьчна. Керла экипаж хIинцале болх бан йолаелла. 164 де-буьйса доккхур ду цо космосехь. Оцу муьрехь лаххара а 46 зер дIахьур ду. Цу хьокъехь хаам бина космосе бахийтарна тIехь урхалла дечу туьшан говзанчаша.
***
Россин арахьарчу мехкийн гIуллакхашкахула волу министр С.Лавров хIокху деношкахь цхьаьнакхийтира ГIажарийчоьнан МИД-н куьйгалхочуьнца М.Зарифаца. Цара дийцаре дира оцу пачхьалкхан ядерни программа кхочушъяран хьелийн хьокъехь долу гIуллакхаш.
***
2018-чу шарахь Россехь дIахьон йолчу футболах ловзаран дуьненан чемпионатан матчашна селхана дуьйна билеташ дохка долийна. Уьш эца аьтто хир бу Москвахь а, Санкт-Петербургехь а, чемпионатан матчаш дIахьон йолчу кхечу гIаланашкахь а.
№72, пIераска, товбецан (сентябрь) беттан 15-гIа де, 2017 шо