Соьлжа-ГIалахь зезагийн беш схьайиллина

Товбецан (сентябрь) беттан 17-чу дийнахь Соьлжа-ГIаларчу яккхийчу гIишлойн «Грозный Сити» комплексана уллерчу майданахь Нохчийн зудчун денна лерина зезагийн беш схьайиллира.

Оцу гIуллакхехь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана, Россин Пачхьалкхан Думин депутата Делимханов Адама, Нохчийчоьнан Парламентан Председатела Даудов Мохьмада, Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочо Усмаев ВахIита, Нохчийчоьнан Куьгалхочун гIоьнчас, Соьлжа-ГIалин мэра Хучиев Муслима, кхечара.

Кадыров Рамзана уггаре а хьалха декьалбира Нохчийн зударий.

– Вайн дайша лоруш ма-хиллара, зударий лара а лоруш, церан сий-пусар а деш, даима а леррина церан терго еш дехар ду вай, Дала мукъ лахь. Вайн зударийн а, иштта кхуза богIучу кхечу къаьмнех болчу зударийн а, зезагийн бешахь садаIа аьтто хилийта дика хьелаш а кхоьллина. Вайн зударшна хьакъ ма-хиллара, хаза нисъелла хIара беш. Таханлерчу зударийн дийнахь вай церан сий деш хилар гойтуш, царна совгIатана схьайоьллур ю хIара, Дала мукъ лахь, – элира Р.Кадыровс.

Нохчийчоьнан Куьйгалхочун гIоьнчас Дулаева Хадижата Нохчийчуьрчу зударийн цIарах баркалла элира иштта хаза, хIора зудчунна а хазахетар долу совгIат дарна.

Цул тIаьхьа, Кадыров Рамзана Дулаева Хадижатца цхьаьна цIен аса хадийра, зезагийн беш схьайиллина хилар хоуьйтуш.

Цигахь вайн ширачу бIаьвнех тера 18 метр локхалла а йолуш бIаьвнашца кечйина чухчари ю йиллина, аьчкан 467 конструкцеш ю хIиттийна, пальма олу дитташ а, иштта кхидолу тайп-тайпана 500 дитт а, 18 эзар орамат а, 150 эзар бес-бесара зезаг а дийна цигахь.

Иштта, бецах йина акхаройн скульптураш а ю бешахь. Ча, пилла, сай, жираф, иштта кхийолчу акхароша хазйина зезагийн беш.

Кхузаманан хитохаран система ю бешахь хIоттийна. Ораматашна хи цатоарна кхерам бац. ХIинцале дуккха а нах оьху цига садаIа а, суьрташ даха а.

И гIуллакх дерзийначул тIаьхьа Нохчийчоьнан Куьйгалхо Кадыров Рамзан шен уллерчаьрца цхьаьна Соьлжа-ГIалахь дIахьош хиллачу фольклоран «Синкъераме» вахара.

Нохчийн зударийн хьакъдолччу кепара сий-ларам беш хилар гайтира цара. Цигахь мел хиллачу зудчунна яккхий зезагийн курсаш елира. Де чаккхене лестича, Соьлжа-ГIалин стигал шатлакхо серлаяьккхира.

Хь.БАХТАЕВА

№73, шинара, товбецан (сентябрь) беттан 19-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: