Нохчийчохь гIишлошъяран лаккхара мах хадийра

ХIокху деношкахь белхан гIуллакхца Соьлжа-ГIала веанера Россин Федерацин гIишлошъяран а, хIусамийн-коммунальни бахаман а министр Мень Михаил.

Цо, Нохчийн Республикин Куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца цхьаьна, Къилбаседа Кавказехь сейсмотулгIенаш хилча а лаьттар йолу гIишлошъяран коьртачу проблемашна лерина йоккха кхеташо дIаяьхьира, иза чекхъяьллачул тIаьхьа журналистийн хаттаршна жоьпаш а делира цара.

Федеральни министра Кадыров Рамзанна а, цуьнан тобанна а баркалла элира гIишлошъярехь баккхий кхиамаш бахарна.

«Кхузахь школа муха йина хиъча, цецваьллера со – пхеа баттахь. Наггахь йолу регион а яц оцу кепарчу кхиамашца дозалла дан йиш йолуш. Цигахь бинчу белхийн дикаллах а цецваьллера со. 360 меттигана лерина вуно хаза школа ю иза. ЧIогIа сирла ю. Дийнахь а, буса а аьлча санна, болх беш спортзал ю цигахь. Иза чIогIа мехала ду, хIунда аьлча, республикин Куьйгалхочун тIедилларца, спортаца гергарло лелош болчу кхиболчу кегийрхойн а бакъо ю школийн спортзалашка лела», – элира М.Мена.

Министра билгалдаккхарехь, гIишлошъяран дакъа кхиорехь чIогIа мехала ду республикехь меттигера (гIишлошъяран) коьчалш яр жигарадаккхар а. Герггарчу хенахь цу кепара масех завод схьайоьллур ю. Иштта, цо билгалдаьккхира «Къона доьзал», «ХIусам» (федеральни Iалашонан программа) программаш кхочушъярехь а, социальни объекташ ярехь а, гIалин хьал тодарехь, кхиорехь а Россин гIишлошъяран министерствоца цхьаьнагIуллакхашдарехь Нохчийн Республика тоьллачех цхьаъ хилар. Россин Федерацин сейсмокхераме йолчу меттигашкахь болхбаран некъан карта кхолларехула болх бечу тобанна юкъа Нохчийчуьра говзанчаш кхайкха шаьш дагахь хилар а хаийтира Мень Михаила.

Кадыров Рамзана билгалдаьккхира республикехь гIишлошъярехь уггаре а хьалха белхан дикалла, тIаккха хан ларъеш хилар.

«ГIишлошъярх дика кхеташ ду тхо. Со суо а хIокху темица экономикин Iилманийн кандидат хилла ву. Цундела, гIишлошъяран къепе хийца Iама деза аьлла хета суна вай. Сиха а, дика а, кIезиг харжаш еш а болх бан беза вай», – элира Р.Кадыровс.

А.ВАХАЕВА

№73, шинара, товбецан (сентябрь) беттан 19-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: