Дуьненахь а, махкахь а долчу хьолах

Шемин Iедалан эскарша «Иблисан пачхьалкх» террористийн организацин декъашхошна ондда тохарш а деш, уьш арабаьхна Дейр-эз-Зор шахьарарчу шина кIоштара. БIе гергга террорист йийсар вина, иттаннаш хIаллакбина. Цхьаберш бевдда кIелхьарабевлла. Iедалан эскарша шайн Iуналле эцна террористашна герзаш тIекхоьхьуш хилла коьрта некъ. Тахана а дIахьош ду оцу шахьарарчу зуламхошна дуьхьал тIемаш бар.
***
Иракъан эскарша а кхиамца дIахьош ду террористех а, экстремистех а шайн мохк цIанбар. Иштта, кIирандийнахь (товбецан 17-гIа де) террористашкара схьаяьккхина Акашат шахьар. Иза минех а, лелхаш болчу кхечу гIирсех а цIанъеш бу сапераш. Шайн хIусамашка юхабоьрзуш бу маьрша нах.
***
ОвгIанан малхбалерчу цхьана гIалин базарахь эккхийтар дина. Цигахь 4 стаг кхелхина, 14 стагана чевнаш йина. Уьш берриге а маьрша нах бу. Бакъонаш ларъяран органаша цуьнца доьзна дIахьош талламаш бу. Махкарчу террористийн цхьана а гIерано шена тIе ца лаьцна и зулам дарх долу жоьпалла.
***
Баварехь (Германи) вевзаш воцчу зуламхочо гIали юккъехь герз диттина. И бахьана долуш 2 стаг кхелхина. Чевнаш хилларш а бу. Церан хьокъехь хаам ца бо. Полицин белхахоша схьалаьцна куьгбехкениг. ДIадолийна таллам бар. Цкъачунна хууш дац зуламхочо герз хIунда диттина. Бакъонаш ларъяран органаша теракт ца лерина зулам.
***
Хонкарарчу Анталья гIалахь туристаш тIехь болу автобус басах яхана. Цу тIехь хиллачу туристех 4 кхелхина, 27 лазийна. Хонкарахь йолчу Россин генкольсунствера бинчу хаамаша чIагIдарехь, автобуса тIехь вайн махкара туристаш а хилла. Делахь а, царах цхьанна а зен-зулам ца хилла.
***
«Ирма» ураган хиллачу хенахь даккхий зенаш хилла Куберчу эзарнаш бахархошна. Цуьнца доьзна ООН-н куьйгалло сацам бина оцу пачхьалкхерчу бахархошна 7,2 миллион долларна кхачанан сурсаташ дахьийта. Тахана а шайн хIусамашка берза йиш йоцуш, четаршкахь а, юкъарIойлашкахь а, спортзалашкахь а хан йоккхуш бу эзарнаш бахархой.
***
Желтойчоьнан коьртачу шахьарахь – Афинехь хIокху деношкахь авиашоу дIаяьхьира. Цигахь дакъалоцуш бара иттаннаш пачхьалкхашкара тоьлла пилоташ. Шайга хьовса баьхкинчу эзарнаш желтойхошна а, туристашна а шайн говзалла гайтира цара.
***
2004-чу шарахь дуьйна Иракъера Россе а, Россера Иракъе а лелаш пассажирийн кеманаш дацара. Стомара, 13 шо даьллачул тIаьхьа дуьххьара БагIдадера пассажирийн хIаваакема охьадоьссина Москварчу «Домодедово» аэропортехь. Цу тIехь яра Иракъан транспортан министр коьртехь волу делегаци. ХIинца дуьйна иштта кеманаш, денна бохург санна, дIасалелар ду.
***
Россин Президента В.Путина ГIиргIизойчоьнан Президентаца А.Атамбаевца телефонехула хиллачу къамелехь дIахаийтира «Газпромо» оцу пачхьалкхан энергетика кхиорна юкъа 100 миллиард сом ахча дуьллург хилар. Цо иза иштта декъалвира винчу денца. Билгалдаьккхира А.Атамбаевс шина пачхьалкхан зIенаш чIагIъяран декъехь дуккха а гIуллакхаш дина хилар.
***
Стомара дIаболабелла Россин а, Беларусин а эскарийн «Малхбузе–2017» тIеман Iаморийн шолгIа мур. Цигахь дакъалоцуш ду дерриге а тайпа эскарш: авиаци, артиллери, бронетехника, и. дI. кх. Iаморашкахь тайп-тайпана декхарш кхочушдарца цхьаьна дIахьош ду тIеман керла герзаш а, техника а зер. Iаморашка хьовсуш бу 7 пачхьалкхера тергамхой.
***
Россин Федеральни Гуламан Федерацин Советан спикер В.Матвиенко хIокху деношкахь официальни визитаца Туркменистанехь хилира. Цуьнан цхьаьнакхетарш хилира оцу пачхьалкхан цхьамогIа куьйгалхошца а, ткъа иштта Молдовин Президентаца И.Додонца а.

№73, шинара, товбецан (сентябрь) беттан 19-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: