Ледарло кхул тIаьхьа ялийта ца еза
Нохчийчоьнан прокуратуро бинчу талламо гайтира Нохчийн Республикин Iаламан тIаьхьалонийн а, гуонахара Iалам лардаран а министерствос къаьсттина ларъеш йолчу меттигийн хьокъехь долчу законодательствон лехамаш буьззинчу барамехь кхочушбеш цахилар.
Иза уггаре а хьалха хьакхалуш дара регионан маьIна лелош йолчу пачхьалкхан Iаламан «Советский» заказниках.
Ведомствос хьокъалла долу гIуллакхаш ца дар бахьанехь республикехь даьржина Iаламан къаьсттина ларбеш болчу хIолламийн меттигаш, пачхьалкхан биологин заказникаш ларъяран раж талхор. Масала, республикин маьIна лелош йолчу пачхьалкхан биологин «Соьлжа-ГIалин баьццара зона» заказникехь нехаш дIакхийсина меттигаш гучуевлла. Гуонаха йина керт а, хIиттийна хаамийн билгалонаш а яцара. Заказникана чуйогIуш йолчу хьаннашкахь кхачо ца йина цIе яларна дуьхьало яран гIирсашца.
Прокуратурина и тайпа талхораш карийра а Iаламан къаьсттина ларъеш йолчу кхин а 28 объектехь.
И дерриге хьесапе а эцна, законан лехамаш талхор дIадаккхар тIедожийна регионан Iаламан таронийн а, гуонахара Iалам лардаран а министрана.
Жоп дала дезар ду
Грозненски кIоштан прокуроран заместитела Пушкова Галинас чIагIйина РФ-н УК-н III-чу статьян 2-чу декъан «з» пунктаца (герзан меттана цхьана хIуманах пайда а оьцуш, стеган дахарна кхераме долу доккха зен дарна) билгалдина зулам дарна Цакалов Саламонна дуьхьал долийна хиллачу уголовни гIуллакхехула долу бехкеваран чIагIдар.
Талламхоша динчу хьесапашца, дов даьллачу хенахь цуьнга шен цабезам хилар гойтуш Цакаловс урс туьйхира шен вешина, могашаллина доккха зен а деш. Хьокъалла болу сацам байта Грозненски кIоштан суьде дIахьажийна уголовни гIуллакх.
И тайпа зулам дарна законаца билгалдина итта шаре кхаччалц чохь яккха хан тохар.
Нехан хIуманна тIекхевдича…
Шелковски станицехь къайлах нехан хIусамна чу а ваьлла, Перфилов Дениса 19 эзар соьман мах болуш йолу компьютер лачкъийра. Къу сихха гучувелира бакъонаш ларъяран органашна.
Уголовни гIуллакх толлучу хенахь дина зен меттахIоттийна хиллехь а, иза бехке лерира РФ-н УК-н 158-чу статьян 3-чу декъана тIе а доьгIна. Шелковски кIоштан прокуратуро тIечIагIбина бехкеваран сацам. ХIинца суьдана хьалха хIотта дезар ду Перфиловн.
Сацам къобал ца бина
РФ-н УК-н 159-чу статьян 1-чу декъана тIедоьгIна (Iехоран некъаца нехан хIуманаш шен дола ерзор) Назиров ИбрахIимана дуьхьал уголовни гIуллакх долоран хьокъехь болу дознавателан сацам къобал ца бина Соьлжа-ГIаларчу Ленинскин кIоштан прокуроран заместитела Джамбулатов Тамерлана.
Цуьнан бахьана дара талламхочо уголовно-процессуальни законодательствон лехамаш кхочушбина цахилар. Ша аьлча, уголовни гIуллакх долоран хьокъехь болчу сацамна тIехь нийса ца гайтинера билггал долуш дерг.
ГIуллакх кхитIе а таллийта талламхошка юхаделла.
Суьдера а долуш хилла гIалат
Шен жимачу йоьIаца доьзна Юсупова Зина ноналлин бакъонех яккхаран хьокъехь Шелан ГIалин суьдо тIеэцначу сацамна дуьхьал прокурора елла апелляци къастийра Нохчийн Республикин Лакхарчу суьдехь.
Талламо гайтина, РФ-н Доьзалан кодексан 70-чу статьян 3-чу декъо иза дар лоьхуш доллушехь, жоп луш волчуьнгара берана догIуш долу алименташ схьадахаран гIуллакх суьдо къастийна цахилар. Цу тIе жимачу беран бакъонаш талха а еш. И бахьана долуш прокурора елла апелляци бух болуш лерира суьдан коллегис, цунна жоп а делира.
ГIалин суьдан сацам законаца богIуш нисбина.
Машенна хьалха кеста хуурий-те?
Соьлжа-ГIаларчу А.-Хь.Кадыровн цIарахчу проспектехь тIех чехка хаьхкина «Мерседес Бенц 280 Е» маркех йолу шен машен гIашлошна Исраилова Белитина, цуьнан жимачу берашна МежидовгIарна Рамилна а, Риядина а тIетуьйхира Гантамиров Сергейс. И бахьанехь Рияд кхелхира, ткъа важа кIанттий, наний больнице охьадиллира.
Цуьнца доьзна РФ-н УК-н 264-чу статьян 3-чу декъана тIе а доьгIна (стеган валар а хуьлуш, некъан боламан бакъенаш талхор), уголовни гIуллакх долоран хьокъехь Россин МВД-н Соьлжа-ГIалин урхаллин талламан урхалло сацам бар бух болуш лерина регионан прокуратурехь.
Суьдехь дакъалоцуш хиллачу прокурорана хетарг хьесапе а оьцуш, Соьлжа-ГIаларчу Ленинскин кIоштан суьдо некъан боламна бохамна бехке верг чувоьллина. Оцу гIуллакхана таллам бар республикин прокурора шен тергоне эцна.
Билгалдаккха догIу, и тайпа зулам дарна 5 шаре кхаччалц чохь яккха хан тоха йиш хилар.
Банкан белхахочунна хан тоьхна
РФ-н УК-н 201-чу статьян 1-чу декъаца билгалдина диъ зулам дарна бехкевинчу Минтуев Зауран уголовни гIуллакхехула бехкеваран кхиэл кхайкхийна Ленински кIоштана суьдо.
Суьдехь билгалдаьккхира коммерчески цхьана банкан отделан хьаькаман даржехь хиллачу Минтуевс 2016-чу шеран бекарг (март) баттахь дуьйна хутосург (май) бутт чекхбаллалц болчу муьрехь белхан алапин проектан гурашкахь дешаран учрежденийн белхахойн цIарах кечдина а, бина барт бохорца доьзна, хIаллакдан дезаш а хилла банкан 155 карта бевзаш боцчу нахана доьхкина хилар.
Цул сов, Минтуевс вовшахтуьйхира белхан алапин проектан бартаца банкан кхин а 104 карта кечдар. Уьш а билгалбовлаза бисинчу нахана дIаделлера.
ТIаьхьо оцу картех пайда а оьцуш, банкера ахчанаш схьаэцнера. Цо тIедиллира, и карташ шайн цIарах кечдинчу бахархойн бакъонаш талхорна, банкехь харц операцеш дIахьош а, банкан организацин гIуллаккхаш шеконна кIел хIиттош а болчу клиентийн тобанах уьш дIа а тухуш.
Суд реза хилира пачхьалкхан бехкевархочунна хеташ долчуьнца. Минтуевна колонехь-поселенехь яккха ши шо хан туьйхира.
Кхиэл шен бакъоне йирзина.
Харц документ кечдарна…
Прокурора дакъа а лоцуш дIаяьхьначу кхеташонехь Гуьмсан гIалин суьдо кхиэл кхайкхийра РФ-н УК-н 327-чу статьян 1-чу декъаца билгалдина зулам дарна Устрада-ГIалин вахархочунна Гаибов Джабраилна дуьхьал лелийна хиллачу уголовни гIуллакхехула.
Суьдехь гучуделира 2017-чу шеран чиллин (февраль) баттахь Гаибовс шен компьютерх а, принтерах а пайда а оьцуш, кхерамазаллин федеральни службин белхахочун харц тоьшалла кечдина хилар. Цо кху шеран хIутосург (май) баттахь цунах пайдаийцира Гуьмсан кIоштахь йолчу полицин белхахошца къамел деш. Цара иза цуьнгара схьа а даьккхира.
Пачхьалкхан бехкевархочунна хетарг хьесапе а эцна, суьдо Гаибовна таIзар дира 1 шарна цуьнан паргIатонна доза тохарца.
Къийсам чIагIлуш бу
2017-чу шеран мангалан (июль) беттан 29-чу дийнахь арадаьллачу Федеральни законо РФ-н КоАП-на цхьамогIа хийцамаш юкъабалийна. Уьш боьзна бу бакъо йоцуш вахош долу малар дохкарна долу жоьпалла чIагIдарца.
Иштта, хьокъала йоллу лицензи цахиларна санкци чIагIйина. Цуьнца цхьаьна хIора юридически адамна административни гIуда тохаран керла кеп билгалйина – бакъонаш талхийначунна хиллачу пайдане хьаьжжина.
Даржехь болчу белхахойх дерг аьлча, оцу статьяца 500 эзарна тIера 1 миллион соьме кхаччалц гIуда тоха я 2 шарна тIера 3 шаре кхаччалц шен корматаллех вохо бакъо ло.
Ша къаьсттина статья юкъаялийна физически адамаша, шайн гIуллакх деш болчу предпринимательша, юьртабахаман сурсаташ кечдеш болчара бакъо йоцуш вахош долу малар а, шайца спирт долу сурсаташ а дохкарна. Малар, сурсаташ схьа а дохуш, 30-нна тIера 50 эзар соьме кхаччалц гIуданаш тухур ду бахархошна.
Федеральни закон шен бакъоне дирзина 2017-чу шеран мангалан (июль) беттан 30-чу дийнахь дуьйна.
Ведомствон сайта тIера хаамаш кечбинарг – Д.ХАНУКАЕВА
№73, шинара, товбецан (сентябрь) беттан 19-гIа де, 2017 шо