Товбецан (сентябрь) беттан 13-чу дийнахь, Соьлжа-ГIаларчу Нохчийн пачхьалкхан университетехь «Прокурораца къамел» проектан гурашкахь студенташца цхьаьнакхийтира Нохчийн Республикин прокурор Абдул-Кадыров Шарпудди.
Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра Умаров Джамбулата, республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула волчу министра Ибрагимов Iийсас, республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторан департаментан директора Абазов Рустама, Нохчийн пачхьалкхан университетан ректора Саидов Заурбека.
Цигахь йийцаре ян лерина коьрта тема «Экстремизман декъехь долу зулам даран тIаьхьало а, профилактика а» яра.
Ш.Абдул-Кадыровс билгалдаьккхира хIара тайпа цхьаьнакхетар дIадахьаран коьрта Iалашо кегийрхой зен-зуламах ларбалийтар а, царна бакъо а, харцо а къасто Iамор а хилар.
Иштта, царна хаа луучу муьлххачу а гIуллакхан хьокъехь ша а, шена юххехь Iачу накъосташа а дуьйцург хилар хаийтира цо.
Цул тIаьхьа ша йинчу докладехь регионехь экстремизмана дуьхьало яран декъехь долу хьал довзийтира цо.
– Нохчийн Республикехь терроризмана а, экстремизмана а дуьхьало яран декъехь дIахьош дуккха а гIуллакхаш ду. И бахьана долуш баккхий кхиамаш а баьхна вай оцу декъехь. Бакъду, дуккха а зенаш хилла. Хийла нана йисина шен кIантана елха. Кхул тIаьхьа, и зенаш ца хилийта дийнахь а, буса а къахьоьгуш ву вайн республикин Куьйгалхо, Россин Турпалхо Кадыров Рамзан. Дийцина ца валлал дукха ду цо цу декъехь дина гIуллакхаш, – элира прокурора.
Ш.Абдул-Кадыровс дийцарехь уггаре а доккха зулам долу интернет-сайтех. Цаьрца къийсам латтош дуккха а гIуллакхаш дIа а даьхьна, таханлерчу дийнахь жигара дIахьош а ду.
Цо дийцарехь, экстремистки ларалуш йолу 2 сайт дIакъевлина, иштта 490 харц хаамаш дIабаьхна интернетан «машанера». Оцу декъехь 4 уголовни гIуллакх долийна, царах 2 прокурорийн талламца гучудаьлла ду.
Вайн кегийрхойх шен дог лазарх лаьцна дийцира Ночийчоьнан къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра Умаров Джамбулата.
– Халахеташ делахь а, таханлерчу дийнахь кегийрхой интернетехула шайга кхочуш болчу харц-хаамех теша. Церан хьежамаш хуьйцу и сайташ лелочу галбевллачу наха. Цара дийцинарг бен кхин хаамаш боцуш, «бIаьрзе» а болуш дIабоьлху шайга кхойккхуче. Цундела сан дехар ду шуьга, кегийрхой, шайн хаарш тIедузахьара аш. Тхоьга хатта шайна хаа луург, оцу декъехь кхетам болчу нахе а хатта. Ма хила «бIаьрзе», ма хIаллакде шаьш а, шайн гергарнаш а, – элира цо.
Цул тIаьхьа, студенташа шайна довза луучух лаьцна хаьттарш дира Iедалан белхахошка. Царна дуьззина жоьпаш а делира.
Ш.Абдул-Кадыровс хIора хаттарна а, шен балхахь нисделлачу масалех пайда а оьцуш, лора жоьпаш.
Хь.ДАУДОВА
№73, шинара, товбецан (сентябрь) беттан 19-гIа де, 2017 шо