ДIадаханчу масех дийнахь республикин некъашкахь некъан-транспортан 3 бохам хилла.
Шелковски станицехь, 1970-чу шарахь вина волчу вахархочо «ВАЗ-21099» автомашен тIетоьхна дуьхьалйогIуш хиллачу 1997-чу шарахь вина волчу Шелковски кIоштан вахархочун мотоциклана. И некъан транспортан бохам бахьанехь мотоциклан водитель лазийна Шелковски кIоштан больнице вигна, иштта, транспортан гIирсаш бохийна.
Соьлжа-ГIала – Устрада-ГIала автомобилийн некъаца Грозненски кIоштахь хилла кхин цхьаъ некъан-транспортан бохам.
Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон пресс-службо хаам беш ма-хиллара, Устрада-ГIала йолчу агIор вогIуш хиллачу, 1985-чу шарахь вина волчу вахархочун «ВАЗ-217030» автомашен, водитель урхаллица ларацавар бахьанехь, хьалха йоьдучу Шелан кIоштан вахархочун «ВАЗ-2190» автомашенна тIекхетар нисделла.
Лазийна республикин клиникин больнице йигна «ВАЗ-2190» автомашенна тIехь хилла 1978-чуй, 1984-чуй шерашкахь йина ши зуда.
Соьлжа-ГIала – Оьрза-ГIала автомобилийн некъаца а хилла хIокху деношкахь некъан-транспортан бохам.
Оьрза-ГIала йолчу агIор йогIучу 1973-чу шарахь вина волчу вахархочун долахь йолу «Шевроле» автомашенан кхечу машенна, водитель, хьалхавала а воьлла, дуьхьалбогIучу новкъавалар бахьанехь, хьалха йоьдуш хиллачу 1968-чу шарахь вина волчу Грозненски кIоштан вахархочун «ВАЗ-21099» автомашенна тIекхетта.
Некъан-транспортан бохам бахьанехь «ВАЗ-21099» автомашенан водитель, лаза а вина, республикин клиникин больнице вигна.
Некъан-транспортан бохамийн бахьанаш а, дакъалацархойн бехкан барам а къастош бу.
I.ГАЙРБЕКОВ
№73, шинара, товбецан (сентябрь) беттан 19-гIа де, 2017 шо