Нохчийн зудчун де билгалдаьккхира

ХIокху деношкахь Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствехь Нохчийн зудчун денна лерина даздарш дIадаьхьира.

Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр Умаров Джамбулат а, министерствон белхахой а.

Уггаре хьалха, зударий декъалбеш, вистхилира Умаров Джамбулат. Цо билгалдаьккхира нохчийн зуда массо а заманахь майра а, халонашна къар ца луш а хилла хилар.

– Истори юкъара кийсакаш йоьшуш а, вайн баккхийчу нехан дийцаршка ладугIуш а дегIе хорша йогIу. Оцу дийцарша тахана нуьцкъала а, майра, къонахалла йолуш а, вайн зударшна а, дерриге а халкъана а хьалха жоьпалле до вай, – билгалдаьккхира министра.

Д.Умаровс гулбеллачарна дагаяийтира шен заманахь мурдийн тобанан коьртехь а йолуш, паччахьан эскарш хIаллакдеш, божаршца нийсса тIом бина хилла Гиххойн Таймасха.

– Иза вай сий а деш, вай дагахь латтош йолу вайн къоман истори ю. Тахана вайн декхар ду историн и васташ дагахь а латтош, вайн хиндерг кхоллар. Министерствон берриге божарийн цIарах а, сайн цIарах а декъалдо ас шу тхан йижарий, наной, йоIарий. Юкъараллехь нохчийн зудчо дIалоцуш долу доккха маьIна билгалдаккхаран Iалашонца Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIакхайкхийначу дезачу денца, – элица цо.

КхидIа Нохчийн зудчун денца зударий декъалбира ОвгIанехь хиллачу тIеман ветерана Дугаева Сацитас а, Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствон къоман политикин отделан хьаькама Мускеева Марета а.

Ведомстверчу тоьллачу белхахошна совгIаташ дира Сийлаллин грамоташца.

Гулбеллачеран самукъадаьккхира Соьлжа-ГIалин мэрин культурин департаментан солисташа.

Цхьаьнакхетар дерзош берриге а зударшна совгIаташ а, зезагаш а делира.

Иштта, Нохчийн Республикин Юкъараллин палатехь а даздира Нохчийн зудчун де.

Зударий декъал а беш, вистхилира Нохчийн Республикин Юкъараллин палатин председатель Батаев ГIайрсолт.

Дезачу дийнан бухе диллинарг историн бакъдерг ду – Кавказан тIамехь, 1819-чу шеран товбецан (сентябрь) беттан 14-чу дийнахь нохчийн мехкарша гайтина турпалалла. Шайн коьртехь инарла Ермолов а волуш, паччахьан эскарша Терк хин бердаца йолу нохчийн Дади-Юрт ягийначул тIаьхьа, йийсар йина хилла нохчийн 46 йоI. Терк хих буромца дехьайоккхучу хенахь, мостагIчун кара ца яха, шайца цхьацца салти хи чу а такхош, Терка чу иккхина, кхелхина.

ГI.Батаевс дийцира коллективерчу зударийн вовшахтохараллин а, корматаллин а хьуьнарш бахьанехь баьхначу кхиамех лаьцна. Берриге а зударийн могашалла а, балха тIехь кхиамаш а, шаьш лелочух беркат а хилар шена лууш хилар хаийтира цо.

Цул тIаьхьа Нохчийн Республикин Юкъараллин палатин декъашхочо Базаев ИбрахIима билгалдаьккхира: – Шу дерриге а оха цхьатерра лоруш а, тхуна дезаш а ду. ХIокху дезачу дийно дуккха а, хазахетарш а зезагаш
а лойла шуна, шун дегнаш безамах, дузийла. Оха, божарша, тхайга далург дерриге а дийр ду хIара исбаьхьа дезде шун дахаран хIора а дийнахь хилийта, – элира И.Базаевс.

– Зударий – уьш тхан хьомсара наной а, дахаран накъостий болу хIусамнаной а бу. Цара бIаьстенан хазачу зезаго санна, хазалла а, йовхо а йохьу вайн дахаре. Халкъан бартакхоллараллехь доьзалан кхерч ларбархо, къоман тоьлла гIиллакхаш а, ламасташ а лардархо санна гайтина зуда. Даггара лаьа шу ирсе, маьрша, диканца, лелочух беркат хуьлуш дехийла, – элира Граждански гIолацаран институтан председатела Джабраилов Сайд-Эмина.

Нохчийн Республикин Юкъараллин палатин коллективан берриге а божарийн цIарах зударий декъалбира Юкъараллин палатин декъашхочо Дадуев Мохьмада.

Коллективерчу берриге а зударшна совгIаташ дира зезагийн курсашца.

I.МУРТАЗОВ

М.ВЕГИЕВА

№73, шинара, товбецан (сентябрь) беттан 19-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: