Нохчийн пачхьалкхан хелхаран, иллин «Вайнах» ансамблан юбилейна леринчу даздаршкахь (70 шо кхочучу хенахь) ансамблан ветеранаш сцени тIе бевлча, массо хьовсархой цхьамогIа хьалагIевттира. Иштта, кхи охьа ца ховшуш, хелхаран номер чекхъяллалц, куьйгаш детташ лаьттира уьш. Ансамблан истори, дахар, массо халонаш, чолхенаш шайца доьзна болу хелхарчаш цу дийнахь юха а къонбеллера. Хьовсархоша гайтира хьалха санна, тахана а уьш дукхабезаш, лоруш буйла. Церан могIарехь юкъахь вара Джабраилов Султан.
Иза вина 1953-чу шарахь Курчалан районан Коьран-Бенера схьаваьллачу Iамарбекан а, чIинхойн тайпанах йолчу Зинин а доьзалехь. Султанан да шайн юьртахь ткъа шарахь туркх хилла, масийттаза ХьаьжацIа вахана, чIогIа доьналла долуш а, нийсо езаш а къонах вара. Дукха луьйш Iедал дацара цуьнан. Бакъдерг, мел хала делахь, юьхь-дуьхьал дIа а олура цо. Адамаша чIогIа лорура иза. Ткъа доьзалехь кIеда-мерза йолу Султанан нана, дахаран халонаш тIенисъелча болатах чIагIлой, доьналлица чекхйолура. Иза нана-турпалхо яра. Итте а доьзалхо (пхи кIант, пхи йоI) хьакъ ма-дду кхиийра цо.
1968-чу шарахь дуьххьара, школехь доьшуш а волуш, Хьалха-МартантIерчу иллин а, хелхаран а халкъан ансамблан репетицешка веара Султан. ХIетахь, кхин цкъа а дицлур доцуш, цуьнан дагчу дижира къоман хелхар. Цу хенахь ансамблан куьйгалхо вара республикехь дика вевзаш волу хореограф, Нохчийн Республикин культурин хьакъволу белхахо Кагиров Докка. Москвахь а, Ростовехь а хуьлучу тайп-тайпанчу телевизионни фестивалашкахь дакъалоцура ансамбло. 1972-чу шарахь СССР-н Халкъан бахаман кхиамийн гайтамехь боккхачу кхиамца дакъалецира кхоллараллин коллективо. Эхасохьтехь йолу ансамблан программа Коьртачу телевиденехула мехкан массо шахьаршкахь, ярташкахь гайтира. Вевзачу кинорежиссеран Татаев Илесан цхьайолчу фильмашкахь а дакъалецира ансамблан артисташа. Бакъду, Султанан ансамблехь дакъалацар юкъахдаккха дийзира, СССР-н эскаре гIуллакх дан хьажор бахьанехь. ТIеман-хIаваан ницкъашкахь тIеман-транспортан авиацин лакхара стрелок-радист вара Джабраилов Султан. Цкъа, Эпсарийн цIийнехь вовшахтоьхначу концертехь, къоман духар дуьйхина, нохчийн хелхар дира Султана. Иза тIехьхазахеттачу куьйгалло полкан командованин цIарах Баркаллин кехат кхачийра хелхарчина. Ткъа Балашовскан тIеман-авиацин лаккхарчу училищен командира, СССР-н хьакъволчу тIеман летчика Вертель Николайс Даймахке отпуске ваха бакъо елира Султанна совгIатна.
Эскарера цIавеанчул тIаьхьа, Соьлжа-ГIалин мехкадаьттан институтан механикин факультете деша вахара С.Джабраилов. Амма, хелхаре болчу безамо дог паргIат ца дуьтура цуьнан. Занятеш дIа ма-евллина, ансамбле репетицешка воьдура къона артист. ХIетахь шайн институтехь хиллачу «Лезгинка» ансамблана куьйгалла а дира Султана цхьана ханна. Кхеран дакъалацар доцуш цхьа а концерт дIа ца йоьдура институтехь. Къилбаседа ХIирийчохь, Москвахь, кхийолчу регионашкахь а, шахьаршкахь а мехкадаьттан институтийн гулдаларшкахь шайн программица дакъалоцура ансамбло. Цул тIаьхьа, Хьалха-Мартан ансамблан декъехь Сочехь хиллачу Ерригсоюзан фестивалехь дакъалецира Джабраилов Султана. Цигахь лауреаташ а бевлла, Сийлаллин дипломаш а, билгалонаш а ехира ансамблан артисташа. Бакъду, массо хьехархой бацара къоначу хелхарчин кхиамех баккхийбеш. Султана мехкадаьттан институтехь дешарх ца кхетарш а хуьлура. «…Амма суна инженер хила а лаьара, хелхарш дукха а дезара. Билггал цхьаъ къаста ца лора соьга», – дагалоьцу артиста. Делахь а, харжам бан дийзира.
ХIетахь «Орга» ансамблан (цу юкъахь а хиллера С.Джабраилов) куьйгалхо хиллачу Ахметов Iалун магорца, «Вайнах» ансамблан исбаьхьаллин куьйгалхочо, коьртачу балетмейстера Элимбаев Тапас шайн коллективе схьаийцира Султан. Цу хенахь ансамблехь хелхабуьйлуш республикехь дика бевзаш болу РСФСР-н хьакъболу артисташ Ахмадов Рамзан, Идрисов Сулумбек, ЧИАССР-н хьакъболу артисташ Раисов Куьйра, Гугиев Аслан, ЧИАССР-н халкъан артистка Бухарова Галина, кхиберш а бара. Нохчийн, гIалгIайн, оьрсийн, кхарачойн, суьлийн, украинхойн къаьмнех артисташ бара ансамблехь. КIеда-мерза юкъаметтигаш йолуш, вовшашна дика накъостий хилла, бертахь чекхбевлира уьш берриге а. Султан коллективехь массарна догцIена хиларца вевзаш вара. Иза харцо ца магош, оьшучунна шен ницкъ кхочу накъосталла дийр долуш а вуйла хаьара царна. Цундела хир дара иза бархI шарахь тIекIел (юх-юха хоьржуш) ансамблан профкоман председатель хержар. Профсоюзан гIуллакхашкахь кхиамаш бахарна Россин культурин а, искусствон а белхахойн профсоюзан Коьртачу Комитетан Сийллалин грамотица совгIат а динера цунна.
Дуккха а баьхна Джабраилов Султана «Вайнах» ансамблан декъехь кхиамаш. Дуьненан массо маьIIехь аьлча санна, концерташ хилла церан. Къаьсттина дагахь йисина Хонкарахь, Шемахь, Иорданехь хилла гастролаш. Цигарчу нохчаша хазахетаран бIаьрхишца хIоразза а тIелоцура шайн махкахой. Кхоллараллин кхиамашца цхьаьна, дуккха халонаш лан а дезна ансамблан коллективан. Хийла лайна уьш Джабраилов Султана а. ТIеман шерашкахь ваша а, йиша а, жимма тIаьхьуо нана а, да а дIакхелхира цуьнан… (дала гечдойла царна!)
Цкъа, Султан гастролашкара цIа веача, забар ешха, кхуьнан дас хIусамнене элира: «Мел хала болх бу цуьнан! Самукъадаьлла велахь, гIайгIане велахь, хелхавийла деза-кх цуьнан дог дагIахь а, ца дагIахь а хьовсархошна вела а къежаш…». Иза бакъ а хиллера. Хелхарчан говзалла атта яц. Кхоллараллин хазахетарш, кхиамаш ца хилча, оццул халонаш лан а лур яцара аьлла хета. Бакъду, Джабраилов Султана, «Вайнах» ансамблан кхиболчу ветеранаша санна, хьакъ ма-дду лайна кхолламо мел кечдинарг. Таханлерчу дийнахь а ансамблан ветеранаш республикин ерриге ансамблашкахь балетмейстеран, репетиторан, кхиболу а белхаш беш, къахьоьгуш бу . Шайн похIма а, зеделларг а тIекхуьучу къоначу тIаьхьенна дIакхачадо цара. Тахана вайна уьш сцени тIехь гуш бац. Амма, цара даима а санна, нохчийн хелхарна, искусствона шаьш ца кхоош, къахьоьгу. Вайн самукъадаккха, нохчийн халкъан кхолларалла яржо, хьакъдолу чкъор кхиош бу уьш. Цу тIехь церан Дала аьтто бойла.
А.МУСАЕВА

